ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москварчу метрохь пассажирна дагестанхой тIелатарх лаьцна ша йинчу забарх кхетийна Нурмагомедовс


Нурмагомедов Хьабиб
Нурмагомедов Хьабиб

Москвахь метро чохь Дагестанерчу кхаа вахархочо йиттинчунна Оьрсийчоьнан Талламан комитето мидал яларх лаьцна ша йинчу забарх кхетийна ийначу кепехь латарийн экс-чемпионо Нурмагомедов Хьабиба.

"ХIордал дехьа болчарна йина Iоттар яра иза. Забар санна и тIелаьцнарш а бу, оцу берашкахьа ас гIо даьккхина аьлла хетарш а бу. Цомгашчу кхаа стеган къизаллина тIетовр вац кхетам чохь волу стаг", - аьллачу Нурмагомедовн дешнаш далийна "Спорт-экспрессо".

ГIадужу-беттан 12-чохь ирландхойн шозза чемпион лаьттинчу UFC-н латархочун Макгрегор Коноран сурт шен инстаграме хIоттийнера спортхочо: "Бастрыкинера сан мидал стенгахь ю? Дагестанхойн жIугано ма йиттинера суна а" аьлла, яздина.

Нурмагомедовс дагадаийтинера цуьнца, 2018-чу шарахь Макгрегорца UFC-н чемпиоанан титул къовсуш леттачул тIаьхьа хилла летарш. ХIетахь дагестанхойн спортхо, хаамийн гIирсашкахь яздарца, Макгергоран командан декъашхошна тIелеттера рингал а арахьа.

  • Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра "Сийлалла, майралла" аьлла мидал елира Москварчу метро чохь Дагестанерчу кхаа вахархочо йиттинчу Ковалев Романна.
  • Талламан версица, ГIадужу-беттан 4-чохь Ханмагомедов Магамалис а, Мусалаев ИбрахIима а, Залибеков Гасана а маьттаза къамелаш а деш, кхерамаш тийсинера метрополитенан цIерпоштахь хиллачу зударшна. Царна уллохь нисвеллачу жимчу стага бехк баьккхинера цаьргара. Цул тIаьхьа, цуьнан коча а бахна, йиттинера оцу кхааммо.
  • "Стаг вен гIортарна" а, "Iедалан векалшна дуьхьал ницкъбаккхарна" а аьллачу шина артиклехь бехкаш кховдийна цаьрга.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG