ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москварчу прокуратуро тIедиллина Нохчийчуьра гей лачкъор таллар


Гайтаман сурт

Москварчу кIоштийн юккъерчу прокуратуро декхаре йира "Новогиреево" ОМВД Дагестанера 21 шо долу вахархо лачкъор талла. Жимачу стеган гергарчеран цуьнан ориентацица болу цабезам бахьана долуш Селимханов цIера ведира, тIаьхьо Нохчийчу дIавигира иза. Ткъа хIинца кхерамазаллехь ву иза.

ТIечIагIдо, Селимханов Дагестанехь вина хилар, амма кхиъна иза Нохчийчоьхь.

Хьалхо ЛГБТ+ нахана гIо дечу "СК SOS" тобанан адвокаташа масийттаза аьрзнаш хьийсийнера МВД-га, Талламан комитете а и стаг лачкъоран хьокъехь таллам болор доьхуш, амма и латкъам урхаллашна юкъехула дIайсакхуьйсура. ТIаккха юристаш Москван Перовскан кIоштан кхеле боьвлира, Талламан комитета доьазза тидам боцуш дитира таллам хилале гулйина материалаш схьаялар тIедожош кхело бина сацам.

ТIаьххьара жамIехь прокуратуро тIечIагIдира, "Новогиреево" ОМВД-но стаг лачкъор ца таллар низамца догIуш ца хилар а, бух боцуш хилар а. ТIехьоьжучу урхалло тешаш лебан декъаре бира полисхой, иштта кхин тоьшаллаш тидаме а эций, шайн жамI довзийтар а.

"Селимханов зIене велира тхоьца 2020-чу шеран Лахьан-баттахь, гергарчара еттарна а, кхерамаш тийсарна а, цуьнан ориентаци бахьанехь. Цунна Москва дIавоьдуш гIо дира", - дийцина "СК SOS" тобан декъашхочо Розанов Мирона.

Билгалдоккху, жима стаг Москвахь дийнахь метрона уллохь нохчийн мотт буьйцучу рогIерчу вахархочун бедарш йоьхначу бевзаш боцчу наха лачкъа а вина, нуьцкъаха машена чу а тоьхна, "Внуково" аэропорте дIавигира, цултIаьхьа Соьлжа-ГIала йоьдучу рейсаца дIа а хьажийра. Цхьахволчунгахь тапча хиллера, амма иза цхьа а дуьхьало йоцуш аэропортера контролах чеквелира. Соьлжа-ГIалахь лачкъийнарг левира, бакъоларъярхойх лаьцна дийца бохуш, тIаккха гергарчеран кара дIавелира. Шена вада меттиг а лехна, новкъахь кхетачу машенашца Нохчийчуьра дIавахара иза.

  • "Чолхе хьал: нохчийн шиъ жима стаг валарна кхерам бу" цIарца дуьненаюкъарчу ЛГБТ-н бакъонаш ларъяран All Out платформи тIехь арахецначу петицина кIел вазвелла I00 эзар сов стаг. Тайп-тайпана мехкашкара бахархоша доьху Американ Iедалхошка глобалан дипломатих а, дуьненаюкъарчу зIенех а пайда а оьцуш, Соьлжа-ГIалахь чохь латтон ши ваша, 20 шо долу Магомадов Салахь а, I7 шо долу Исаев ИсмаьIил а кIелхьараваккхар.
  • Кавказ.Реалиис арахийцира Леоца интервью: иза Нью-Йоркехь Iаш ву, оьрсийн мотт хуучеран дуьххьара прайд кхоьллина цо цигахь, ЛГБТ+-нахехьа хIитточу акцешка а лела иза, стелаIодан бесашца кечбина черкесан куй а туьллий. Леос шен батт хьулйо, телевиденина а, радиона интервьюш цало, амма цуьнан аьтто болу баккхийра гей-синкъерамаш хIиттон, цига Оьрсийчуьра артисташ а богIу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG