ТIекхочийла долу линкаш

Иракъан полицин тобанаша Мосулехь дIалаьцна ДАIИШ-ан могIаршкахь тIом бечу нохчийн тобанашна урхалла деш хилла штаб. Цунах лаьцна хаам бина Иракъан полицин декъан командиро Раид Шакер Джаудата.

Sputnik интернет сайтана тIе а тевжаш, дIасадаржийна зорбанан гIирсаша Раид Шакер Джаудата дина дIахьедар. Цо билгалдаккхарехь, цу штабехь царна карийна «Исламан пачхьалкх» тобано тIелатарш дан билгалъяьхна меттигаш тIехь йолу картанаш а, лелхийта кечдина доьхканаш а, герз а.

Штабехь а, цунна гонаха а нохчий гина, я царах цхьаъ лаьцна аьлла хаам бина бац. Далош цхьа а тоьшалла дац Нохчийчура тIемалойн торбанашна билггала цу штабера куьйгалла деш хилла хиларан.

Нохчех дисина бохуш схьагойту хIара карта а ду ала хала ду нохчочуьнан куьйго тIе кIолам хьекхна. Дукха нийса ду кху тIе

Мосулерчу "нохчийн тIемалойн штабехь" карийна карта.
Мосулерчу "нохчийн тIемалойн штабехь" карийна карта.

Иракъан эскархоша яьккхинчу видео тIехь гойтуш чоь ю, чохь танканашна туху герз а долуш, ткъа иштта чохь худар долу яй а болуш.

Мосул маьрша яьккхаран операци йолийна Иракъерчу ницкъаллин структураша а, Иракъера курдаша а, Iамерко куьйгалла дечу коалицино а ГIадужу-баттахь. Цу хенахь дуьйна церан аьтто баьлла Мосулан малхбалерчу декъан масийтта квартал дIалаца.

Мосулан йистошкахь хьуьлург гойтуш ю, масала, хIара видео.

Цундела, гарехь, рогIера кхиам а баш дIоггара тIе тидам а ца боьдуш биса мегаш бара, нагахь цу юкъахь нохчий хьахийна ца хиллехь. Иштта нислао тIаьхьарчу хенахь, тIемаш а, цхьацца тIелетарш а дечу меттигашкахь нохчий цIе сих-сиха яккхар.

ББС корреспондент Шишани Мурад Къилбаседа Кавказехь а, Гергарчу Малхбалехь а йолчу тIеман тобанашкахула эксперт ву. Мосулана гергахь нохчий тIемалой бу, амма билггала уьш вай хьехочу кIоштIахь хилла аьлла, чIагIда хала ду бохуш дуьйцу цо.

Шишаши Мурад: "Цигахь нохчий бац аьлча нийса хир дац. Нохчийн кегийрхой цига бахана а бу, цхьаберш ДАIИШ (Исламан пачхьалкх) олучу тобанна юкъабахана а бу.

Цигахь нохчий бац аьлча нийса хир дац. Нохчийн кегийрхой цига бахана а бу, цхьаберш ДАIИШ (Исламан пачхьалкх) олучу тобанна юкъабахана а бу.

Амма Иракъехь билггала шена тIе тидам бохуьйтуш цхьа хIума ду. Иза хаа дезаш ду вайна. Даима Iаьрбийн мотт буьйцуш воцу стаг вича а, лаьцча а иза нохчо ву олий дIакхайкхадо. Иштта цхьа цIе яхана-кх нохчийн".

Кхузахь цхьа хIума ду. Кху тIаьхьару 10-15 шарахь ОфхIанистанехь а, Пакистанехь а, Иракъехь а, Шемахь а луьра тIеман тасадалар хилча, я шайн дараш хилча, я юьхьарлаьцначу Iалашоне кхача хала хилча тIеман буьйранчаша шаьш гIорасиз хилар бакъдеш Iедал ду шайна дуьхьал лаьтташ тIом барехь говзаболу нохчий бара олий.

Уьш хилла хила а там бу цигахь, амма дIоггара тоьшаллаш далийна меттигаш ца хилара иштта дIахьедар деш. Шишани Мурата билгалдоккху нохчийн тIемалой хьехо болийна хилар, Мосул схьаяккхаран тIеман операци дукха яхйелла а йолуш.

Шишани Мурат: "Иракъхой Мосул чубаха дуккха а тIаьхьабисина. Кхо бутт хуьлуш лаьтта (цара иза дан гIерто). Хаттарш алсамдовла дуьйладелла, уьш чубахалуш буй я чубахалур болуш а буй бохуш

Кхо бутт хуьлуш лаьтта (цара иза дан гIерто). Хаттарш алсамдовла дуьйладелла, уьш чубахалуш буй я чубахалур болуш а буй бохуш.

Иштта (цуьнца доьзна ду аьлла) кхето дезаш хIума ду-кх иза".

Иракъехь ДАIИШ-ан тIеххьара чIагIо лоруш ю Мосул. Цу гIалана го бина лаьтташ ду Иракъан эскарш. ТIемалой бу аьлла хетачу меттигашка яккхийн тоьпаш а, ракеташ а, бомбанаш а етташ ду коалицин эскарш.

ТIемаш чIагIлуш а болуш, цу гIалара дIаоьхуш бу маьрша бахархой.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан векло Дюжаррик Стефана дийцарехь, операци дIайолийчхьана хIора денна Мосулера араволура 1500 вахархо. Амма тIаьхьарчу деношкахь и терахь хаъала алсамдаьлла. Иза доьзна ду Мосул маьрша яккхаран операцин шолагIа мур болорца.

Карарчу хенахь тIемалойх цIанйина Мосулан малхбалехьара масийтта кIошта. Цхьаmнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло дийцарехь, цига хIинцале а дIакхачо долийна гуманитаран гIо.

ДАIИШ-ан тобанашца тIом болийначхьана Мосулера араваьлла 130 эзар маьрша стаг. 2011-чу шарахь лаьрча цигахь вехаш вара 1 475 000 стаг.

ДАIИШ-ан тобанашца тIом болийначхьана Мосулера араваьлла 130 эзар маьрша стаг. 2011-чу шарахь лаьрча цигахь вехаш вара 1 475 000 стаг.

Iамеркан эксператаш билгалдоккху Мосул дIалаьцначу тIемалоша луьра дуьхьало еш хилар. Ткъа Иракъан эскаран буьйранчаша латкъамаш бо, шайна тIом бан новкъарло йо чолхе хенахIоттам латтаро бохуш.

Хьомсара “Маршо Радион”доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьатаса: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG