ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мовлаев Оьрсийчоьне дIалахь Казахстанна хинйолчу тIаьхьалонах дIахьедина ООН-н лерринчу докладхочо

Кацарова Марина
Кацарова Марина

Оьрсийчуьра адамийн бакъонийн хьал тергал дечу ООН-н лерринчу докладхочо Кацарова Маринас Казахстане кхайкхам бина, лаьцна латтош волу Нохчийчуьра Мовлаев Мансур кхоалгIачу пачхьалкхе дIахьажаве, цигахь цунна кхерам хир бац аьлла. Мовлаев Оьрсийчоьне дIавала хьийзош ву. Цо бахарехь, цхьайолчу пачхьалкхо хIинцале а дехар дина оцу хьокъехь Астанага.

"Эхо" радион эфирехь Кацаровас Мовлаевн гIуллакх "Оьрсийчоьнан Iедалша лелош йолу транснационалан репрессийн кеп йу" аьлла. Цунна Оьрсийчу экстрадици йахь, билгалдаьккхина ООН-н лерринчу докладхочо, дохош ду кхерам лаьттачу пачхьалкхе стаг дIавалар дехкар. Кацаровас дагадаийтина, ООН-н адамийн бакъонашкахула йолчу Комитето Мовлаевна экстрадици йар дихкина хилар. Цо билгалдаьккхира, и сацам Казахстано кхочуш бан безаш хилар.

"Сан дегайовхо йу, Казахстанан Iедалхой кхеташ хир бу аьлла, хIокху гIуллакхан чулацамах. Уьш кхета, мел кхерам лаьтта Мансурна. Уьш кахеташ бу, дуьне цаьрга хьаьжжинчохь дуйла, сан мандат хьежна ца Iаш, йоллу урхалла а йу. Цуьнан гIуллакхах лаьцна аса кIорггера дийцина масех куьйгалхочуьнца, уьш берриш а саготта бу. Со тешна йу, хIара гIуллакх царна тIаьхьало йоцуш доьрзур дац", - дIахьедина Кацаровас.

Берлинера Карнегин центран Iилманан белхахочо Умаров Темура кхетийна "Эхо" радиостанци, Американ хьалха хиллачу администрацино Йуккъерчу Азин пачхьалкхашна магадора политикан жигархой дIабалар, ткъа Трамп Доналдан куьйгаллехь и хьал хийцаделла: "ХIинца кхеташ дац, стенна оьшу Казахстанна Оьрсийчоьнна луург а дина, и нах дIабала, шена цаьргара дуьхьал хIуммаъ а хуьлуш ца хилча?"

  • Кху деношкахь дийца даьккхира, Казахстанехь Мовлаев Мансурна дуьхьал бехкзуламан гIуллах даккхарх лаьцна. Иза бехкевина СИЗО-хь цхьацца болу чуьра гIирс бохорна. Бахьана ду, цо йохийна видеокамера. Бакъоларйархочо Руднев Максима чIагIдо, Нохчийчуьра вахархчо ца ваьаллчу денна дина хIума ду и, шена дуьхьал гIуллакх а доладайтина, и хан йоккхуш Казахстанехь висархьама.
  • Гезгамашин-баттахь шозза ша шена тIе куьйгаш дахьа гIоьртира Мовлаев Мансур- цкъа хьалха талламан изоляторехь, шолгIа дарбан цIийнехь. 2025-чу шеран стигалкъекъа-баттера схьа дуьйна лаьцна латтош ву иза Оьрсийчоьнан дехарца. Меттигера Iедалхой лерина бу иза даймахка йухаверзон. Цул а хьалха Мовлаевс масех бутт баьккхира ГIиргIазойчохь лаьцна а. 3I шо долу Нохчийчуьра вахархочо дIахьедо, шена даймахка экстрадици йахь, кхел йоцуш хIаллаквийр ву ша бохуш. Цунна тховкIело стенна ца ло, йа кхечу кхоалгIачу пачхьалкхе дIа хIунда ца вохуьйту, листира тхан редакцино.
​
XS
SM
MD
LG