ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн муфтий дагахь вац Израилна джихIад кхайкхо


Межиев Салахь.
Межиев Салахь.

Къудс гIалахь дIакъевлинчу Ал-Акса маьждиган хьокъехь Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа аьлларг дукхачу наха тидинера ша-тайпа. Израиль пачхьалкхан джихIад кхайкхо гIерта аьлла моьттинера цхьаболчарна.

И дIахьедар даржийначу хаамийн гIирсаша а шайна моьттучу агIор дуьйцура цунах лаьцна. Цундела делахь а муфтиятан векалшна дIахьедар дина муфтийс аьлларг машаран некъ лаха бохуш болу кхайкхам бара аьлла.

Муфтийс Межиевс аьллачу дешнех нийса ца кхетта. Цо Ал-Акса маьждиг дIакъовларх къамел дина, амма, цигахь тIаме кхайкхам бацара, мелхо а дуьххьара цо доьхург дара машарца и гIуллакх дIадерзор, аьлла билгалдаьккхина Нохчийчоьнан муфтиятан векало.

Къудсехь маьждиг дIакъовларх Межиевс шена хетарг алале цунах лаьцна дIахьедар динера республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Iаьрбийн пачхьалкхашна тоьхна тIара ду иза, царах цхьайолчу пачхьалкхаша цунна терго ца яхь а. Терроризмаца къийсам дIахьош бу аьлла, маьждиг дIакъовлар а, иза цуьнца дузар а бух болуш дац", - аьллера Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Къудсехь дIакъевлинчу Ал-Акса маьждигах Нохчийчоьнан Iедалша динчу дIахьедаршна тIетайра меттигерчу жуьгтийн юкъараллан векал Юнаев Моисей. Цо масале ялийра Нохчийчоь, бертахь а, машарехь а беха мохк санна.

Юнаев: «Сан бусулба вежарий! Нохчийчуьра жуьгтийн бахархойн цIарах ас къобал до республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Ал-Акса маьждигехь хиллачух аьлларг. Цхьа а хIума хила ца деза новкъарло еш нахана ламаз дан. Тхо боккъала а теша гергарчу хенахь оцу деза латтанаш тIехь машар а, токхо а хIуттур ю, тхо дехачу махкахь санна бохучух. Дала декъал дойла шу!»

Юнаев Моисейс цхьа дIахьедар дина ца Iийра цуьнах лаьцна. Масех де даьлча ша мила ву а, Нохчийчу муха кхаьчна а дийца дийзира цуьнан. Жуьгтийн тайп-тайпана кхеташонаш: Оьрсийчура а, Израилера а емал дира цуьнан дIахьедар. Амма ша Нохчийчу жуьгтийн юкъараллан кхеташоно ваийтина ву цигара шайн къоман диаспора юхаметтаахIотто элира цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG