ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Сайн исторехь тIаьххьара тIадам хIотто гIерта со.."


Муртазалиева Зараан дов юхалуьстуш ду Европан кхелехь

Итт шо хьлаха Москохарчу йоккхачу йохка-эцаран туьканахь теракт дан гIоьртина хилла аьлла, бехке а йина 8,5 шо хан а кахйкхийна, харцонца набахте хьажийначу Муртазалиева Зараан гIуллакх цуьнан адвокаташа Страсбургерчу Европан адамийн бакъонийн кхеле деллера, Оьрсийчоьнан Iедална латкъам беш.

Адвокаташа а, бакъонашларъярхоша а дIахьедийриг дара, Муртазалиеван гIуллакх луьстучу хенахь оьрсийн суьдхоша Европан адамийн бакъонашкахула йолчу конвенцино ларъян кхачийна 6-гIа артикл тIехтесна хилар кхел дIахьочу заманчохь.

Бехкеечу йоьIан агIончаша дехнера Европан кхеле, Оьрсйчоьно цунна хан кхайкхош тIеэцна сацам юхабаккхаре а, Муртазалиевана нийсонан компенсаци хIоттор а.

Нийса 12 шарахь я «хIаъ» я «хIан-хIа» а доцуш дIадахдира кхелахоша цуьнан гIуллакх листина ца бовлуш.

Оцу юкъанна шена тоьхна хан набахтехь яккха а кхиира Зараъ, маьрша а елира, Франце дехьаяьлла, керлачу дахаре гIулч яккха а ларийра.

Эххар а, кхо бутт хьалха кхечира цуьнга 12 шарахь сатийсина Страсбургера жоп.

Доцца аьлча, маIар дIатассал а бахьана ца карийра Европан кхелахошна Оьрсийчоь жоьпе оза.

Оьрсийчоьнан ямартлонца къовсаме яьллачу йоIа кхелан кхечу сацаме сатийсина хиларе терра, догдиллира юьхьанца доллучух а.

Амма Зараан кхоллам юьхьанца дуьйна шайн тергонехь латтийначу цуьнан аIгончаша: адвокаташа а, бакъонашларъярхоша а дегайовхо гIаттийра, цуьнан сецна ойла карча а еш.

Суьдхошкара Стиглакъекъа-баттахь деанчу жоьпана реза яцахь, низамаша ма хьоьхху, цуьнан бакъо яра шолгIа а латкъам бан.

Цундела кху деношкахь нийсо лоьхуш, юха а неI етта Зараа Европан кхелан.

Цунна-м хаьа, Оьрсийчоьно шен бухдаьхна жималлин уггар а хаза шераш юхадогIур доцийла а, лайна хало, бала а дIабайлур боцийла а, телхина могушалла а хьалха санна меттаIуттур йоцийла а.

Делахь хIун ду-те Зараа юьхьарлаьцнарг? Иэшалур юй-те цуьнга Оьрсийчоь?

Маршо Радион оцу хетттаршна кхачо йоллуш жоьпаш ло Парижехь политикан тховкIело а елла ехачу Муртазалиева Зараа.

"ГIазакхашна чIогIа кхаъ хиллера, суна дуьхьало йина Еврокхело!

- Зараъ, Европан кхело, тоъал тоьшаллаш дац аьлла, юхатеттинера ахь шайга бина латкъам. Юха а Страсбурган кхелан ахь неI еттаран хIун бахьана ду?

- Бахьана аьлча, сайн гIуллакх ма дай ас айдинарг, цкъа делахь. ШолгIа аьлча, сан латкъамна дуьхьало йинера Страсбурган кхело, гIазакхашна чIогIа хаза а хеттера и. Сан хьалха хилла адвокат велла. Цо кечдинера сан кехаташ, со набахтехь йолчу хенахь. Со хIинца а тIехьакхуьуш яц, цо уьш муха кечдина хилла оццул кхачамбоцурш дуьтуш?

- Хьуна гина, ахь куьгяздина дацара кехаташна буха?

Со набахтичохь яра, ткъа сан адвокат хIетахь цомгуш вара, цундела ледарло йинчух тера дар-кх цо царна тIехь. ТIаьхьа цхьа девнаш хиллера адвокатийн гуонехь со бахьанехь. Суна дукха хан йоццуш бен хиина а дац иза.

ХIинца керла авдокат ву сан - Коротеев Кирилл. Цо дийцича бен тIаьхьа кхиина яц со дерригенна а. Шайн къамел хиллера хIетахь, ша и кехаташ нийса кечдина дац а аьллера, оцу йоIана аш бийриг вуон болх бу а баьхнера, дийцира цо суна.

Кечдина кехаташ хIетахь чукхаьчнера Страсбургерчу кхеле, хIуммаъ а хийца йиш яцара. Цара хIун дина аьлча, хIоккхул долчу хеттаршна юкъахь цхьа пайда боццу ши-кхо хаттар айдина, уггар коьртаниг дIа а теттина. Пайда боццург тIе а яздина чуделла хиллера сан кехаташ.

И папка сайн кара а беана, дешча, со суо а чIогIа цецъяьллера. Со набахтехь йолчу хенахь тхан колонин хьаькамо лачкъийна хиллера и кехаташ сох.

Бакъонашларъярхой катоьхна баьхкина сихаллехь куьгяздайтина, дIадаьхьнера и кехаташ, со деша а ца ларош. ХIинцца I2 шо даьллчаул тIаьхьа бен ас дешна дац цу тIехь дерг. Шайна юкъахь цхьа юкъаметтигаш хилла-кх церан. Суна хаа-м ца хаьа.

Кхо бутт хьалха Еврокхелера жоп деара суна, цара хьуна нийса хан тоьхна а ца боху, я ахь харц хан текхна а ца боху. Оцу шина-кхаа хаттарна деллачу жоьпашлахь хьан бакъонаш талхийна хиларх тоьшаллаш дац аьлла, жоп даийтинера. Виъ суьдхо дуьхьал а волуш, кхоъ тIе а товш, сацам бина-кх цара. I2 шо даьлла хIетахь дуьйна.

"Кехаташ юхалиста чуоьцур ду аьлча, со тешаш а яцара"

- 12 шаре стенна дахдина аьлла хета хьуна жоп?

- Цара оццул дах хIунда дина, Коротеевс ма-баххара, кху Европехь хилла теракташ бахьанехь а хьедина.

Дукхахболу гIазакхий чIогIа гIадбаханера, суна дуьхьало йина. ХIунда аьлча, мичча а уьш дIабахча а, конференцехь, политикийн, лидерийн бакъонашларъярхойн цхьанакхетаршкахь а царна уггар хьалха дуьхьалтухург со хиллера. Нохчийн зударшна а, божаршна а тIехь набахтешкахь харцо лелайо бохуш, дуьхьалдетташ хилла царна. Цундела чIогIа кхаъ хиллера царна, сан латкъам дIататтарна кхело.

Сан а цкъа дог даьллера, дIадуьтур-кх ас и гIуллакх аьлла. Юха а, сан адвокато а, бакъонашларъярхочо Светова Зояс а, цара массара а хьо гIелъеллехь а, дита мегар дац, дукха нахана хаза а хетта иштта дирзина, хIокху гIуллакхна юкъахь кIезиг нах а бац, кхи цкъа а хьовсийтахьа вай аьлла, дехар дича, реза хилира со.

Бакъдерг аьлча, кехаташ хIинца чулучу хенахь а, башха тешаш а яцара со, цара чуоьцур ду аьлла. Делахь а, хIинца кечйинчу досье тIехь, со хьалха набахтехь йолуш вовшахтоьхначу кехаташна тIехь дерг сайна гина цахилар а тIе а яздеш, юха листахьара аьлла, дехар дина-кх оха.

Кехаташ юха чуэцар, уьш листар наггахь бен хуьлуш дац оцу Европан кхелехь. Ткъа ша шен цIарах оцу стага чуделла кехаташ тергал данне а ца до.

Ма дарра аьлча, сан гIуллакх дуьххьара ду-кх кхело юха кего тIелаьцна.

Суна дуьхьал бекхтакхаман гIуллакх хIетахь даьккхинарш а, оцу гIуллакхах хьакха мел велларг а тахана набахтехь ву, Делан къинхетамца.

Ши стаг юкъараваьккхича, берриш а бу набахтехь - колонин хьаькам а тIехь, суна тIехь харцо мел йинарг.

Иза а тIеяздина оха чулучу кехаташна. Шуна ма хеттара атта гIуллакх а дац хIара, цхьацца йолу мIаьргонаш аш тидамза йитина, оха а йитина аьлла. ХIинца хуур ду-кх, жоп муха хир ду.

"Еврокхелан жоп мухха хилахь а, сан дахарехь хIуммаъ хийцалур дац"

- Кхо бутт хьалха Еврокхело даийтинчу жоьпо дукха дог дохийнераий хьан?

- Цхьа гарам со йоьхна яцара. Вуьшта, цара мухха жоп лахь а, 8 шо ах шо хан ма текхний ас набахтехь, сан дахарера бархI шо а, ах шо а цара дIа ма эцний. Церан сацам мухха хилахь а, цара хIуъ а лелийча а, и хан соьга юха а ерзалур яц, сан цхьа а хIума я хийца а лур дац. Я сан могушалла метта а хIуттур яц.

Цара латтийна Iазап а дицлур дац, хIуммаъ а хийцалур дац-кх сан, доцца аьлча. ХIун ду аьлча, со цхьаъ хилла ма ца Iай цу набахтехь хан текхнарг, цу чохь сан хенара а, сол кегий а, теттина нохчийн кIентий, зудабераш хIаллакбина цара. Хенаш етташ, данне а доцчу бахьанашца вайн нах хIаллакбина цара.

Сан гIуллакх, цхьа Делан къинхетамца, нахала а даьлла, иштта дирзина. Сан яхь ю-кх ма дарра аьлча, оцу гIазакхашца, цара ма аллара, дело принципа ду-кх сан и, бакъдерг аьлча. Ас юха а боху, сан хIуммаъ хийцалур дац, цара тоьхна хан ерриг а набахтехь а яьккхина араяьлла ма ю со.

- Хьоьца цхьана набахтехь хиллачех кхи цхьа а ваьллий Страсбургерчу кхеле?

- Гой хьуна, дукха вайнах бара набахтешкахь, зударий, зудабераш. Хала ма ду, хIуъа а аьлча а, хьо нохчо хилча-м муххале а, дийца а, хьайниг тIедаккха а, баха а. Массо а кхета а ца кхета, сох лаьцна а яз ца деш хIума а ца дитира. Хала ду, дийца а атта дац, юха а, тIаккха а, айда а хала ду, и гIуллакх дIатекхо а ду хала.

Цхьаверг ца ваьхьа, вукхунна дерриг дицдан лаьа, ша Iадвита лаьа. Нахана билла бехк бац тIакха. Божарий буй хаьа суна, шаьш набахтера ара ма бевлли Европе дIабахана. Досьеш чуелларш а бан-м бу, церан цунах хIун йист яьлла-м ца хаьа суна. Цхьаболчийн наношца зIе латтайо ас, вуьшта сан аьтто бац царна тIехь само латто. Со набахтехь йолчу хенахь дуьйна а бара дуккха а Еврокхеле бевлларш.

"Массо а бохург санна набахтешкахула чекхъяьккхира со"

- Зараъ, хьан кхел йоьдучу хенахь, ахь бехк хьайна тIе а лаьцнехь, хьуо къера хилар а дIахаийтинехь бехкалара йолуьйтуш яра хьо. Набахтехь айхьа шераш токхучу заманчохь а, тахана ойланашка яьлча а, байттамал яI, хIетахь цара боххучунна куьйг таIийна, делара ас аьлла, дагахьбаллам бисиний хьуна?

- Цхьа а дагахьбаллам ца бисина сан. Цкъа делахь, Дала язйинчух вала йиш яц. ХIаъ, хала а дара, бала а беана, кхидерг хилла, хIетте а.

Оцу кхелахошна юкъахь берш дукъахберш Нохчийчохь тIемаш бина нах бара. Нохчийн шина а тIамехь дакъалаьцна нах бара цаьрца. Юха со набахте кхаьчча цигахь бухахь а карийра суна вайн долчахь тIемаш боьлхучу заманчохь тIаме хьийсийна нах.

Вай схьагича, бIагор богIура царна. Цара ца дуьйцуш хIума дита а ца дуьтура, хьашт мел доцург. Вай церан мостагIий хилла девллер-кх.

Цундела, ахь тIелацахь а хан тухур ю хьуна цара, тIе ца лаьцча а хан кхайкхор ю. Петровкех чекхъелира со, изоляторчохь Iийна со, Лефортовохь латтийна, массо а бохург санна набахтешкахула чекхъяьккхина со цара. Цхьа Делан къинхетам хилла, нах орцахбевлира суна.

Адам орца ца даьллехь, суна ца хаьа, царна хIун дага догIур дара а.

Бакъонашларъярхой, журналисташ орцахбевлча, жимма озабеллера уьш. Адвокаташа массао а набахтешкахула лоьхуш хиллера со, "хIан-хIа, кхузахь яц иза" цара а бохуш. Дагахьбаллам, цхьа а дагахьбаллам ца бисина суна. ТIе ма догIийла, тахана юха а и хан хьо такха езаш ю, амма 8,5 шо доккхур дац ахь, 4,5 доккхур ду, куьгяздай араяла сайга аьлча, яздийр дацар-кх ас. Тахана а реза яр-кх со и ерриг а хан такха.

Боцу бехк хала бу тIелаца. Набахтичохь ала а олура, цхьа бехк болуш хьо цу чу кхаьчнехь, хьуна хьайна а ма хаьий, цхьаъ дина хьо чу кхаьчнийла.

Хьайн болх а беш, деша а доьшуш, хьайн цхьа Iалашонаш йолуш, лела адам, цхьа а бахьана а доцуш, набахте кхосар, хала хIума ду.

Хьайн дахарехь гур боцу нах ган дезча, цу чохь боцуш нах бацара, адамаш дуу нах а цхьана, и нах ган а гуш, дIалелар - чIогIа хала ду.

"Сан кхолламах дерг хиича лаам хилира шайн боху, суна преми кхачо"

- КарабогIучу баттахь Италино совгIатдан кхойкхуш ю хьо. Стенца доьзна ду и?

- Италехь луш преми ду иза. Кхача-м журналисташна а, бакъонашларъярхошна а кхачош ду и. Италин журналисташа соьх лаьцна яздйинарг гича, оцу организацино кехат даийтинера соьга, шайн къоман веллачу бакъонашларъярхочун цIарх дукха хенахь дуьйна шаьш юкъадаьккхина совгIат а ду и, шен дахар а ца кхоош, журналистикехь къахьоьгучу нахана а, бакъонашларъярхошна а шаьш луш ду, аьлла.

Хьан истори хиинчул тIаьхьа тхан комиссионо сацам бира, хьо а оцу юкъа яхийта. Хьо реза елахь карабогIучу беттан 5-чу дийнахь совгIаташ доькъучу церемони ягIахьара аьлла дара цу кехат тIехь. Яха кечамаш беш ю-кх со.

- Оьрсийчохь ца карийна нийсо Страсбургерчу Еврокхелехь хьайна карор ю аьлла мел тешам бу хьан?

- ДIадийцича цхьа а тешар вац. Тахана сайн ненаца къамел дечу хенахь, хIинца ахь делла хаттар цо а дира соьга. ХIакхара цхьа нийсо яхьара, нийсо оьшур-кх суна аьлла, араяьлла яц со. Ас къуьйсуш дерг хIун ду аьлча, юха а олу ас, принципан гIуллакх ду.

ФСБ-н структурана а, кхечарна а дIагайтархьама, со кхера ца еллий а, кхералур йоцийла а. Суна "хIан-хIа" аьлча, уьш гIадбоьлхуш, цунделла хIокху сайн исторехь тIаьххьара тIадам хIотто гIерта-кх со.

Нагахь санна, оцу кхелахоша, шаьш цхьаннах а бозуш боцуш хиларе терра, сан кехаташ дерриг листахь, бухера дуьйнна, айса сатуьйсу жоп цара лур дуйла хаьа суна.

Дала диннарг хир ду-кх!

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG