ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Белла бала хьо, нохчийн мотт...


Нохчийн яздархо Бексултанов Муса
Нохчийн яздархо Бексултанов Муса

Нохчийн тоьллачех волчу яздархочуьнца Бексуланов Мусаца тхан хилла къамел нохчийн маттана тIера доладелира. Аьлча а, матто вайн дахарехь лаца езачу меттигах.

Масех шо хьалха тхан хиллачу рогIерчу къамелехь, Мусас дийцинера, нохчийн республикера школийн юьхьанцара классашкахь хьехар ненан матте даккха деза бохучу нахана юкъахь вара ша, бохуш. Цунах хIун хилира аьлла, аса деллачу хаттарна жоп луш, нохчийн къоман интеллигенци гуттар а ледара хиларан бахьана го шена цигахь аьлла, Мусас дийцира.

Бексултанов Муса: "Юьхьанцара классаш ненанн матте яхаран хьокъехь Москох кехаташ яздеш вара со а, Абдуллаев Лечи а, Ахмадов Муса а, кхин цхьаболу накъостий а.
Цкъа а, шозза а президентана Кадыров Рамзанна тIе а дахара. Барт а бой, тхо дIадолхара, чукхаьчча, Тимаевн мохь болу... (Ваха, Апти олу цунах. Шуьтара ву иза, Борзера) "Тхо кийча дац, вай кийча дац 4 класс нохчийн матте яккха!" олий.

ТIаьххьара тхо дахана долуш Рамзана тхоьга элира "шайна юкъахь барт бе цкъа. Шун барт ца хилча гIуллакх хир дац," аьлла.

Дукха хан ялале телевизион чохь эли цо (Рамзана) "Iилманчаш-м ца боху хIумма а, и яздархой бу-кх гIовгIа еш."

Ледара пал, нохчийн интеллигенци...
"Вайн къоман доьхнарг хIун ду хьуна аьлча, вай интеллигенци хилла а яц, хир яц. ХIунда хир яц аьлча, вайн интеллигенци цхьана сагIане сатесна хуьлу. Квартира лой, болх лой, машен лой, кхин лой, важа лой... доьналла долуш ца хуьлу.

Сан цхьа ойла кхоллаелла, хIокху махкахь ахархой бу, белхалой бу, даьхнилелорхой бу, гIишлошъярхой бу, дукха бу нах. Нохчийчохь уггара ледара нах - интеллигенци ю. ХIунда аьлча церан цхьа а доьналла дац. Царгахь Iилма доцун дела. Уьш полу-интеллигенци ю. Полу-хаарш долу, полу-майралла йолуш, полу-, полу-, полу-...

ДIабаханчехь къамел дан а, бистхила а "Со" боху хIума дац церан. Цундела ца доьду вайн цхьа а хIума дIа.

Ша санна шера хаьа, 4 класс ненан матте яьккхича бер Iилманах дика кхетар дуйла а, церан хаарш дукха хуьлийла а. Оха ца бохура массо предмет нохчийн матте яккха. ХIора дийнахь оьрсийн мотт-литература а хуьлуьйтуш, ненан мотт-литература а хилийтахьара, Iалам а, математика а хьехар хилийтахьара 4 класс чекхяллалц. ХIунда хилийта?

Оцу берашна йозанан мотт Iамийта, шен да висарг! Вай кухни чохь, базарахь буьйцуш берг нохчийн мотт бу. Амма, йозанан мотт хууш хIокху махкахь бIе стаг а вац! Куръан тIехь дуй баа йиш йолуш хIокху махкахь бIе стаг вац-кх, гIалаташ доцуш, нохчийн маттахь цхьа могIа язбан хууш. ХIунда бац? Вай и мотт Iамош боцун дера, йозанан мотт. Вайн бала боцун дера. Вайн меттан бала болуш цхьа да вац кху махкахь. Хилла а вац. Тахана санна дIадодахь хир а вац."

Маршо радио: Мотт тохар бизнесс ю, ФСБе балха вахар – нохчашна юкъахь доккха дозалла ду таханлерчу дийнахь. Цунах пайда болу, ахча даккхало. Нохчийн маттаца боьзначу балхо ца кхобу.

Бексултанов Муса: "СССР боху пачхьалкх дагайогIу-кх хьуна. Оцу пачхьалкхехь Iаламат чIогIа дика конституци яра. Цу тIехь мотт бара, кхин а дара, важа дара. Массо къаьмнаш шайн мохк кхолла йиш йолуш дара оцу Конституцин тIехь. Вуьшта дацара.

Кхузахь я конституци яц, я хIумма дац. Шена дIакъаста луучу къоман дIакъаста бакъо яц ерриг Оьрсийчоьно референдумехь къаста ца дича. Иза чIогIа ирча низам ду.

ШолгIа, я СССР йолчу хенахь я хIинца а вай нохчийн мотт Iаморах лаьцна хIумма а дац. Школашкахь со доьшуш волчу хенахь а, хIинца а, дешархошна уггар ца лоруш йолу предмет ю нохчийн мотт, нохчийн литературий ю. Хилла ю, хIинца а ю.

ХIокху шерашкахь хIун хилла хьуна аьлча, вайн Iедал долуш, вайн нохчийн президент волуш, вай нохчийн министр волуш, массо-массо а волчу хенахь, школашкахь нохчийн меттан сахьташ дIадаьхна.

Университетехь аса доьшучу хенахь, дIадаханчу бIешеран 72-73-77 шерашкахь нохчийн факультетехь ъкоман отделенехь доьшуш 75 студент вара. Тахана цу факультетехь 7 хуьлу, 8-9 хуьлу я 12 хуьлу... Ткъа лоьрийн дешар Iамош 350 студент ву. Ишта низамаш Iамочехь ву, финансаш Iамочехь ву...

Цигахь уьш хIунда бу оццул дукха? Царгара кхаъ эцало уьш деша дIаоьцуш. 8 эзар долларна тIера I4 эзар долларна тIекхаччалц. Нохчийн факультетехь 8-9 студент ву. Цу матто вай кхобуш доцун дера ца воьду цхьа а.

Вайн матто кхобуш берш муьлаш бу? Ишколехь нохчийн мотт хьоьхуш болу хьехархой а бу, эцца нохчийн меттан цхьа газета ду "Даймохк", цхьа ши журнал а ду. Кхин вайн матто кхобуш кху махкахь цхьаъа хIума дац.

Ткъа оьрсийн мотт цкъа а дIабер бац оьрсийн пачхьалкх мел ю, хIунда аьлча, Оьрсийчохь мел дехаш долу къам оьрсийн матто кхобуш ду, вай а цхьаьна. Вайн мел долу хIума оьрсийн маттахь ду. И мотт боцуш вай цхьа хIума дIа ца доьду - кехат ца доьду, телеграмма ца йоьду, план дIа ца йоьду."


Мотт бацахь - къам дац


Мотт ца хилча, къам дIадолуш хиларх ца кхета дуккха а Нохчийчура нах. Стенца боьзна бу и цакхетам?

Бексултанов: "Вай къам доцун дера. Вай кхиина даьлла меттан а, мехкан а, къоман а кхетам болу къам дац вай. Вай тайпанашкий, районашкий, тукхамашкий, хьаларий-охьарий декъа а делла, цхьа акха хIуманаш юй, шен-шен гу лакхара хеташ йолу, и тайпа хIуманаш (вай) йолун дера.

Вай къам хилча вай - вайн мотт хир бара, вайн ишколаш хир яра, чохь хазза доьналла долу интеллигенци а хир яра. И ду-кх вайн галдаьлларг. Вай къам ца хилар ду дериге а.

Со машенахь воьдуш цхьаммо машен чуьра корехула сигаьркийн ботт аракхоьссича и сийна цIе лета-кх сох. Деллахь ма стаг вац хьо, аьлла хета суна. Ма къонах вац хьо, хIокху махкахца бала бац-кх хьан. ХIумма ян а яц хьо, олий хета."

Маршо радио: Ненан маттах цавашар стенгара даьлла нохчашна?

Бексултанов: "Ца вашар дац иза, Iовдалалла ю. Царна и мотт коьрта буй ца хаьа. Мотт дIабаьлча бен дIадолуш дац къам. Къаьмнаш дIадовлуш ма дац. Мотт бу бовш берг. Дайначу къаьмнаша шайн мотт бицбина. Кхечу къаьмнех дIа а ийна, къам долчуьра дIабевлла уьш.

Масала вайн нохчех цхьа 100 эзар стаг Инде охьаховшийча, мотт биц ца беш, вай цунах Даймохк бо. Вайн маттера цIераш тохку, топоними йо, кхин дерг до. Вай къам хуьлу.ю Амма вайна мотт бицло-кх, вай индийцех дIаоь. Вай къам ца хуьлу.

Израил бохуш ю-кх цхьа пачхьалкх. ХIокху шина эзар шарахь иштта къуьйсуш-къуьйсуш-къуьйсуш, шайн мотт ца бицбар бахьана долуш, пачхьалкх кхоьллина цара оцу Iаьрбийн деган юккъехь. И латта шайн доццушехь.

Иврит маттахь яздеш волчу жуьгтичо Нобелан совгIат эцна. Кхетий хьо? Ишта бу яхь йолуш болу нах.

Кху дуьненчохь Дала кхоьллинчу стеган коьртаниг хIун хила деза? Дала шена делла долу динний, шен моттий, шен мохккий - и кхо хIума хила деза. Оцу маттаца къам ду, махкаца къам ду."

Маршо радио: Лакхара хьаькамо омар охьа ца доссийча, ненан мотт лараран кхин агIо яц? Я нах кхеташ бу, Оьрсийчоьно нохчийн мотт чIагI ца балийта новкъарло йийриг хиларх?

Бексултанов: "4 класс юкъаяккха аьлла тхо дуьйладелча вай дешаран министраллера ара а бевлла, цхьа Асланбек вара иза, мила вара иза - цIе йицъелла суна цуьнан - цхьаъ хьалха а ваьлла, и мел болу хьехархой говтта а бина, телевизион чухула цара яьхна йолу роликаш схьагойтуш...

И 4 класс нохчийн матте яккха алахь оха митингаш йийр ю бохуш, вайнехан оцу зударша, цара. "Тхан бераш Iовдала даха гIерта уьш", бохуш.

Дуьненахь (лелаш дерг схьаэцча) яздархочо яздинарг шен ненан маттахь дацахь, шен къоман яздархо лоруш вац. Аса гIазакхийн маттахь яздахь, со нохчийн яздархо лоруш вац цхьана меттехь.

ЮНЕСКОс 100 шо даьлча дIабер бу аьлла билгалбаьккхина бу вайн мотт. Нийса язбина а бу.

Цхьана меттехь хIокху республикехь нохчийн яздина йоза гур дац хьуна. Лакхарчу цхьана хьаькамо "и хIун ду аша дийриг, нохчийн маттахь язде" аьлча, чекхдолуш дара иза. Амма вай иза ца олу. Вайна иза оьшуш дац.

Зорбанан цIа чохь болх беш ду тхо. 7-8 шо дIадели-кх оха Зорбанан ЦIа язде боху. Дийцина-дийцина, стохка халла Делан балийца яздина оха иза (нохчийн маттахь). Цхьана агIора Дом Печати ду, вукху агIора - Зорбанан ЦIа ду.

Кху махкахь бан а боцуш урам бац - Степной, Рабочий, ва Гаражный а, дукха бу уьш... Хьо ГIалгIай махка гIо хьо, ерриг и цIераш дIа а яьхна, шайн яздархойн, суртдиллархойн, композерийн, лоьрийн а, шайн эвлаяийна а цIераш елла цара. ТIекхуьучу чкъуро цунна тидам бо."


Хьенехов Минехан министралла


Хьекъалца, дешна хиларца ца хадабо Нохчийчохь балха оьцучу стеган мах. Тайпа-тукхамера велахь бен, белхан меттиге сатуьйсийла яц боху сурт ду тахана боху сурт ду тахана Нохчийчохь.

Бексултанов: "Вай къам дац. Къам ца хиларан билгало хIун ю алий аса?

Масала, со министр вахча аса сайн тайпана мел волу стаг дIа а вуьгий, сайн стунцахойх мел верг а дIавуьгу аса, сайн вежарий дIабуьгу... Министралла сох лаьтташ хуьлу-кх. Масех доьзалх лаьтташ хуьлу, Iовдала мел хуьлу а, гIолехь долуш.

Хьекъал долчу къомо Iилма долу стаг валаво. Цхьана декъан хьаьакам хуьлу-кх, цигахь мел верг цуьнан фамили йолуш хуьлу. Хир бац уьш хьекъална гIоли болуш-м.

Вайн мотт вай ца лелоран бахьана, хьала ца айаран бахьана кхин цхьа а дац, вай кхетам ца хилар бен. Вай Iовдала хилар ду."

Маршо радио: И ненан мотт школехь юкъабаккхарна нохчийн наной дуьхьала хиларан бахьана иза Iаморан кеп ледара хиларца доьзна-м дац те? Советан заманахь тIехь болх бан беза школин книгаш чIогIа сингаттаме яра. Суна а дагайогIу уьш. Тахана хIун хийцаделла?

Бексултанов: "Цу хенахь рабочий (къинхьегаман), коммунистийн тема хила езаш яра. И теманаш леррина хоржуш яра. Оьрсийн маттахь ерш а яра уьш-м. Горькийн "Мать", "На дне", хIунех-минех бохуш, дагайогIий хьуна? Вай маттахь диканиш кхолла йиш йолуш ду, амма вай цу тIера ца довлу юха а.

ВаллахIи-биллахIи со чIогIа цецваьлла ву хIокху нахах. Ахьа ишколашна кхуллуш йолу Iаморан книга, хаза гIарчI-аьлла дIахIиттийна яздархой болуш, Iилманчаш болуш (кхоьллина) комисси яц цхьа а.
Эцца шайн блат йолуш, "хIа, хIара чекхяккхахь, схьаделча аса ах дIалур ду хьуна" бохуш (хуьлу)... Цундела иштта ду-кх вайн дешар. Вайн хаарш ишта ду, вайн кхетарш ишта ду... Вай кхета а кхетта, вай хIаллак хуьлуш ду аьлла, орца даккхахь хIаллак хир долуш ду вай.

Оха и мотт дIаболуш бу боху, телевизионехь вовшах кхетий "цара хабар юьйцу, вайн мотт дIаболуш бац, массо меттахь буьйцуш бу" олу.

Бийцар бац... Оха буьйцуш берг йозанан мотт бу. Шен маттахь кехат яздан, хьесапдан, (чукховдош долу) дIахьедар дан хууш цхьа да вац хIокху махкахь.

Телевизион ю гочдеш, мах луш нах а лаьцна. Цхьа ши-кхо стаг ву. Нохчийн маттахь нийса яздан хууш цхьа стаг вац хIокху республикехь.

Цул сов вайн нохчий маттахь вайн меттан низамашца йогIуш кхоьллина цхьа бакъо яц. Ерриг а оьрсийн бакъонашна тIера копи йина ю. ХIора меттан шен низам ма ду. Шен Iилма доцуш мотт хуьлуш ма бац цкъа а. Шен меттан низамашца бакъонаш кхолла Iилманчаш хилла."

Маршо радио: Таханлерчу школин программина муьлха яздархой юкъабахийтина?

Бексултанов: "Аса дуьйцу ду хьоьга. Хьажал. Франци бохуш пачхьаьлкх ю, юй Европехь? Оцу Францехь школан программина юкъавахана волу стаг вуй, уггар лакхарчу лакхене кхаьчна, лакхара ларам болуш стагву. Иза классик ву.

Вайн нохчийн школан программина юкъахь мила ву хаьий хьуна? Цхьа байт язъйинарг, ши байт язъйинарг, 3 язъйинарг ву. Цхьа книга ара ца яьлларг ву.

Цундела вайн нохчийн литературехь (хьоьхучу литературехь) гIурт бу-кх. Цигахь хила везаш мила ву, соьга хаьттича? Яздархойх - ши Мамакаев - Мохьмад, Iаьрбий; Кибиеввий, Дикаев, Хазбулатов, Арсанукаев (Шайхи), Гацаев СаьIид, Абдуллаев Лечий, Бисултанов Аптий. Кхин цхьа вац. 50 поэтах 7-8 бен поэт вац кху махкахь школан программина юкъаваха бакъо йолуш."


Экаме оьрсийн-нохчийн доттагIалла


Бексултановн цхьа дийцар ду ШолгIа Дуьненан ТIамера майра фашисташна дуьхьал летта нохчо схьа а лаьцна, инзаре шийлачу набахтешкахула чекхваьллачу Париев Алхастах лаьцна. Иза а ца магадо школин программина юкъатоха?

Бексултанов: "Иза Москох ара ца ялийтина сан. Иза а ца ялийтина, кхин а цхьа дийцарш дара сан. Уьш ца довлийтина.

Цул а сайна даийтина жоп дийца аса хьуна. "Если выйдет ваш рассказ, нарушатся налаживающиеся вот-вот отношения между чеченским и русским народом." Сан дийцарш Москох арадевлча, нохчашний, гIазакхашний юкъара доттагIалла духуш хилла-кх. Кхетий хьо? Ишта ду-кх кхузара хьал. Деллахь ду-кх.

Литературехь изза хьал ду хьуна. I00 сов нах бу Москох дIа а оьхуш, яздархой бу аьлла, кехаташ долуш. Тахана, хIара ву-кх яздархо ала 3-4 стаг вац кху республикехь.

Iаламат чIогIа дика прозаик Яхъяев Хьасамби вара, хьо марша. ДIаваьлла иза. Цо кIезга а яздинера.
Дикачех дика поэт Бисултанов Аптий, Абдуллаев Лечий ву. Сан могIарехь берш буьйцу аса.

Яздеш, прозехь дикка хIума чудуьллуш Ахмадов Муса ву. Яздеш-м шортта бу, ба-м. Амма боккъалла дика яздар - Iаламат чIогIа хала хIума ду. Дика яздархо хила боху аса. Охьаяздарх, яздархо хуьлуш вац.

Шен нахана, шен доьзална, шен цIенна а пайде воцуш, хуьлуш ву. Ишта ца хила, дика яздархо хуьлийла дац.
Хьо, ишта коча галстук оьллина, волаварах, цхьаъ Iехош, вукхуьнга сагIа доьхуш, цунах бахам бан гIерташ хуьлу-кх. Яздархочун цIарах хьо цIа, машен, йоI маре йохуьйтуш, кIантана зуда ялош, цунна дакъа-петар эца лууш вуй хьо? Хьо яздархо хила йиш яц тIаккха.
Школан программаш ишта хIаллак йина ю-кх вайн."

Маршо радио: ХIокху шина тIамехь хьалакхиина кегийчу нехан чкъор чIогIа тамашийна хьалакхиина лору. Эхь-бехк, гIиллак-гIуллакх, я дешаршна тIехь гена бевлла а ца лору уьш. Царна тIедоьгIна хIун деш ду республикехь?

Бексултанов: Тахана санна тамашийна кегий нах, бераш - церан бехк бац иза, хIокху шина тIамна юкъа нисбелла, хилла чкъор ду иза - я гIазакхийн мотт ца хууш, я нохчийн мотт ца хууш, я гIиллакх хIун ду ца хаьа, хIун дац ца хаьа. Цхьа даьхний санна хьалакхоьллина нах бу-кх.

Я Дала хьала, охьа кхоьллина вайн цхьана ВУЗехь (Лакхарчу доьшийлехь) луш цхьа а дешар дац. ГIаьххьачул дика I0 класс даьккхина долу бер дуй, вай университет яьккхинчул а тоьлуш ду-кх. Ишта ду-кх тхан хьал.

Маршо радио: ХIа, хIинца ненан маттах гIуллакх ца хилла дели. Кхеченхьа стенгахь бу кхиамаш?

Бексултанов: "Кху чохь, ванах хIокху декъехь - дешар хила иза, култура хила иза, медицина хила иза - ванах, хIара меттиг ю-кх, хила ма-еззара болх беш цхьа меттиг яц кху Нохчийчохь. Ерриг цхьа самодеятельность (фолклор) ю. Юьртахь хуьлий и дIо ца балалайка оьций, ансамбл ю, бохуш, цхьа тамашийн нах - оцу тайппа самодеятельность ю-кх массо меттехь. Iилман бух болуш цхьаа меттиг яц. Хьалха а дацара иза, хIинца а дац. Хьалха цхьа моттаргIанаш яра. ХIинца моттаргIанаш яц, иштта ду-кх дерриг а."

Маршо радиоца телефонехула Соьлж-гIалара къамел динарг вара вевзаш волу нохчийн яздархо Бексултанов Муса.
XS
SM
MD
LG