ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мусаев Мурад: Харц нехан мостагI ван а ву со


Оьрсийчоь -- Мусаев Мурад, Москох.
Оьрсийчоь -- Мусаев Мурад, Москох.

Москох Преображенски кIоштан кхело сацийна адвокатана Мусаев Мурадана дуьхьал схьадиллина хилла бехктакхаман гIуллакх таллар. Цунна бехке дуьллуш дара Буданов Юрийн вер хьокъехь кхел йоьдуш бехккъасторхой эца гIортар.

Вевзаш волу адвокат Мусаев Мурад кху тIаьхьарчу лаххара а иттех шарахь дакъалаьцна ву Оьрсийчохь массара а аьлча санна тидам тIебахийтина хиллачу бехктакхаман гIуллакхашкахь. 2006-чу шарахь иза тIехIоьттина вара оьрсийн эскархочо Ульмана а, цуьнан цIуьхIарша а зулам дарна эшам хилачу агIонна. Коьртачу декъана Мусаев Мурадан хаарш а, лаам а бахьана долуш маьрша нохчий байарна хенаш туьйхира Оьрсийчоьнан лерринчу эскаран тобанан декъашхошна.

Кадыров Рамзан ве гIоьртина аьлла лаьцна волу Батукаев Iумар дIахецийта а аьтто белира Мусаев Мурада. Нохчийчура кегийра нах бехказа а бохуш йирзира Политковская Анна йийна аьлла лаьцначу царна тIехь йина кхел.

Буданов Юрий вер хьокъехь хиллачу кхелехь бехккъасторхой эца гIортина адвокат Мусаев Мурад аьлла бехк-такхаман гIуллакх долийнера цунна дуьхьал прокуратуро. Ткъа хIинца и гIуллакх дIакъевлина. Дуьйцу Мусаев Мурада.

Маршо Радион хаттаршна жоьпаш делларг вара вевзаш волу Оьрсийчура адвокат Мусаев Мурад.

XS
SM
MD
LG