ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мусаева Зарема дарбанан цIийне могушалла талла охьайиллийта реза ца хилла Нохчийчуьра кхел


Мусаева Зарема а, цуьнан адвокаташ а Нохчийчохь кхелехь бу. Архивера сурт
Мусаева Зарема а, цуьнан адвокаташ а Нохчийчохь кхелехь бу. Архивера сурт

Ахматан-кIоштан (Ленинскан хилла) кхелан суьдхочо Эдиев Мусас дуьхьало йина Мусаева Заремин могушалла толлуш лоьрашка экспертиза йайта. Полисхочунна тIелатар дина аьлла, бехке йечу нохчийн жигархойн ЯнгулбаевгIеран вежарийн Абубакаран а, ИбрехIиман а, Байсангуран а ненан адвокаташа хьалхо хаамбинера, Мусаеван могушалла эшна йогIу аьлла. Кхелахочо дIахьедина, таIзаре хIоттийначун могушаллех шеконаш йац аьлла.

Стационарехь дарба оьшуш хиларх Мусаеван адвокаташа кехаташ чу ца делла аьлла, цунах бахьана а дина дуьхьало йина, дуьйцу "Iазапашна дуьхьал Командин" белхахоша. Бакъонашларйархоша билгалдоккху – кхеле хIоттийнарг шолгIачу кепехь йолчу диабет цамгарца йу, гипертонин кризаш йолчу заманчохь са малделлера цуьнан аьлла.

Чиллин-баттахь Мусаева Заремас элира шен бIаьрса лахдаларх – 2022-чу шеран дечкен-баттахь дуьйна йу иза лаьцна латтош СИЗО-хь. Цул совнах цо билгалдаьккхира, глюкоза хьала-охьа идарна а, дегIехь гIора ца латтарна а "дика хьал дац" шегахь аьлла. Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь тоххара цуьнан кIанта Янгулбаев Абубакара а бакъдира, СИЗО-хь латточу шен нанна кхечу наха латтош ду инсулин, цигарчу лоьраша луш дац аьлла. Цундела, масала, чохь латтош йолчу цуьнан аьтто ца хуьлу арахула йолайала.

Адвокато Немов Александра а дийцира иштта, СИЗО-хь Мусаеван могушалла мел а телхина – инсулинах кхин а чIогIа йоьзна йу иза, цамгар чIагIлуш йу аьлла.

  • Дечкен-беттан 20-хь Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахой Мусаева Заремин а, кхелахо лаьттиначу Янгулбаев Сайдин а Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира. Лоцучу юкъанна Мусаевана йиттинера, кхетамчуьра а йоккхуш, иза дIайуьгуш хиллачу нохчийн ницкъахоша тIе бедарш ца йохийтира цуьнга, диабетах бала хьоьгуш хиларна цунна оьшу инсулин а схьа ца эцийтира.
  • Мусаева Заремина полисхо сийсазварна, лазорна бехкейина, чохь даккха 15 де-буьйсий туьйхира кхело. Цул тIаьхьа цунна дуьхьала бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелеттера иза. Кадыров Рамзана бахарехь, "цхьана мIаьргонна цуьнан бIаьрг боккхуш" хиллера цо. ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна бехке а йира и. Дуьххьара, теше санна хеттарш дан, цу бахьанца Нохчийчу дIайигна а йара.
  • Кавказ.Реалиис ма-дарра дийцира Мусаева Заремин гIуллакхех лаьцна а, оцу гIуллакхех дуккха а цхьаьна цадогIурш хиларх а.
  • Бакъоларйаран "Поддержка политзеков. Мемориал" проекто политикан тутмакх лерина Мусаева Зарема.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG