ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мусаева Заремин гIуллакх кхеле хьажийна


Мусаева Зарема
Мусаева Зарема

Полисхочунна тIелатар дина аьлла бехке еш йолчу Мусаева Заремин гIуллакх Соьлжа-ГIалин Ленинскан кIоштан кхеле кхаьчна. Цунах лаьцна дийцина цуьнан кIанта, бакъоларъярхочо Янгулбаев Абубакара, адвокатана Добронравова Натальяна тIе а тевжаш.

Полисхо сийсазвина, аьлла бехкаца цунна чохь яккха 15 дей-буьйсий тоьхна волчу кхелахочо Башуев Ахьмада толлур ду цуьнан гIуллакх, билгалдоккху Абубакара, ший а гIуллакх харц бух тIехь кхоьллина ду, боху цо. Кхел хилале ден ладегIарш билгалдаьхна дац.

  • Дечкен беттан 20-хь Нохчийчоьнан Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин (МВД) белхахой Мусаева Заремин а, кхелахо лаьттина волчу Янгулбаев Сайдин а Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира, теше санна хеттарш дан. ДIалоцучу юкъанна Мусаевана йиттинера, кхетам чуьра а йоккхуш, иза дIаюьгуш хиллачу нохчийн ницкъахоша тIе бедарш ца йохийтира, диабетах бала хьоьгуш хиларна цунна оьшу инсулин а схьа ца эцийтира.
  • Цкъа дуьххара Мусаевана кхело 15 дей-буьйсий туьйхира чохь даккха, полисхо сийсазварна бехкейина, цул тIехьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх диллира - протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIекхетта аьлла, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бахарехь, "цуьнан бIаьрг боккхуш лаьттара цо".
  • Лачкъийна ши кIира даьлча бен дуьххьара Мусаева Заремина тIекхача аьтто ца белира адвокатан. Чохь латто сацам беш кхел йоьдучу юкъанна Мусаева кхетамчуьра яьлла яра. Стигалкъекъа-беттан 10-хь кхело цунна чохь яккха тоьхна хан Товбецан-беттан 12-чу дийне кхачалц дIаяхйина.
  • 1ADAT телеграмерчу каналаца цуьнан важа кIант Янгулбаев ИбрахIим воьзна хиларна тIаьхьбевлла кадыровхой ЯнгулбаевгIеран доьзална.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG