ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мусаева Заремин гIуллакхехь керла кхачамбацарш карийна "Iазапашна дуьхьалояран Комитетна"


Мусаева Зарема
Мусаева Зарема

Курхалла лелорца доьзначу гIуллакхехь тешашка санна хеттарш дан ЯнгулбаевгIеран доьзал Соьлжа-ГIала тIекхойкхуш даийтина кехат, хетарехь, дIадаьллачу терахьца кечдина хиллачух тера ду. Цуьнца а догIуш, оцу кехаташца тIе ца бахкар формалехь бахьана хилла Нижний Новгородера Мусаева Зарема бертаза Нохчийчу дIайигаран.

"Новая газето" яздо, "Iазапашна дуьхьалояран Комитетана" тIетевжина, Мусаева Заремин а, цуьнан цIийнден Янгулбаев Сайдин а цIарах кхаьчна тIекхайкхамна бухахь хIоттийна терахь ду Дечкен-беттан 11-гIа де. Оцу кехаташца уьш хеттарш дан кхайкхинера Дечкен-беттан 13-чу денна: Нохчийчуьра Нижегородскан кIошта шина дийнахь почта кхочийла дац. Ма-дарра аьлча, Соьлжа-ГIаларчу почтин штемпельца а догIуш, тIекхойкхуш кехаташ дIадахьийтина хилла Дечкен-беттан 26-чохь, аьлча а, Мусаева нуьцкъаша Соьлж-ГIала дIакхачийначул тIаьхьа.

Цул совнах, конверта тIера адрес а нийса дац - "Городецкий гIала" аьлла язддина ду, ишта гIала ян а яц. ЯнгулбевгIар беха адрес — Заволжье гIала, Городецкийн кIошт ю.

"Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" куьйгалхочунна Бабинец Сергейна хетарехь, Мусаева дIайигар низамехь цахилар бакъдан - бух бу и кхачамбацарш. Оцу дIахьедарца Талламан комитете бовла лерина бу бакъонашларъярхой.

  • Дечкен-беттан 20-чохь, шаьш Нохчийчуьра полисхой ду аьлла нах, Нижний Новгородерчу ЯнгулбаевгIеран хIусамчу лилхира. Курхалла лелорца доьзначу гIуллакхна тIехула тешашка санна, цаьрга хеттарш дан деза аьлла, бертаза Янгулбаев Сайди а, цуьнан хIусамнана Мусаева Зарема а Нохчийчу схьадаладе аьлла, девзина доцу кехаташ дара цаьргахь. Янгулбаев Сайдин оцу хеначохь суьдхочун статус хиларна, цуьнан зуда бен ца йигина дIа – иза шен петар чуьра тIе бедарш ца йохуьйтуш, йа молханаш схьа ца оьцуйтуш нуьцкъаха дIайигира (зуда диабетах бала хьоьгуш ю).
  • Соьлжа-ГIала схьа ма кхаччара Мусаева I5 денна-буьйсанна дIалецира, полисхо сийсазварна бехке а йина. ТIаьхьо цунна доьхьал бехктакхаман гIуллакх даьккхира – цара дийцарехь, иза нуьцкъахочунна тIелетта. Таллам боьдучу юкъанна кхело шина баттана СИЗО чу йоьллина зуда.
  • Мусаева Зарема лачкъийна ши кIира даьлча бен цунна тIекхача аьтто ца белира адвокатан.
  • Кадыровс а, цуьнан гонара наха ЯнгулбаевгIарна биллина кхерамаш тийсира, ткъа Соьлжа-ГIалахь царна дуьхьал митинг хIоттийра, хаамийн гIирсаша бахарехь, цига схьагулбинера бюджетан белхалой. Кремл реза ца хилира оцу гIуллакхна юкъа гIорта, амма регионан куьйгалхо Оьрчийчоьнан президентаца Чиллан-беттан 3-хь цхьанакхеттачул тIаьхьа Кадыров Рамзан а, цуьнан гонера нах а ца хIутту ЯнгулбаевгIеран цIераш яха.
  • Чиллан-беттан 7-чохь оппозицин политико Яшин Ильяс Кадыров Рамзан даржера мукъаваккхар президентан Путин Владимирна тIе а дожош онлайн-петици хIоттийра. Цхьана дийнахь петицина бух вазвелла I00 эзар сов Change.org платформан пайдаэцархой. Кремлехь дIахьедира, шайна иза дош ца хета, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG