ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мусаева Заремин гIуллакхехула лелийначу харцонех дийцина тешаша кхелехь


Мусаева Зарема
Мусаева Зарема

Полисхочунна тIелатарна а, хьарамлонаш лелорна а бехкейинчу бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран а, оппозиционеран Янгулбаев ИбрехIиман а ненан Мусаева Заремин гIуллакх ду толлуш Соьлжа-ГIаларчу Ленинск-кIоштан кхелехь. Мусаева СИЗО-хь йовзуьйтучу хенахь тешхIиттийначаьрга ладоьгIна.

Царех цхьаммо дийцина, стаг фигурантаца цхьана вовзуьйтучу хенахь луш болу статисташ – иза йовзийтале хьалха а шена гина бара аьлла, яздо "Iазапашна дуьхьал Комитето", адвокатна Караваев Александрна тIетевжина.

Кхечо дIахьедина, статисташ Мусаевах тера бацара, цул совнах, иза йовзуьйтучу заманчохь лаьтташ ерг Мусаева цхьаъ яра, берш хевшина бара аьлла.

"Оцу факташа йовзийтар хилла бохург тIедуьтийла яц", - чIагIдо Караваевс.

  • Дечкен беттан 20-хь Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин (МВД) белхахой Мусаева Заремин а, кхелахо лаьттина волчу Янгулбаев Сайдин а Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира, теше санна хеттарш дан. ДIалоцучу юкъанна Мусаевана йиттинера, кхетам чуьра а йоккхуш, иза дIаюьгуш хиллачу нохчийн ницкъахоша тIе бедарш ца йохийтира, диабетах бала хьоьгуш хиларна цунна оьшу инсулин а схьа ца эцийтира.
  • Цкъа дуьххара Мусаевана кхело 15 дей-буьйсий туьйхира чохь даккха, полисхо сийсазварна бехке а йина, цул тIаьхьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх диллира – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелетта хилла аьлла, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бахарехь, "цуьнан бIаьрг баккхаза яьлла иза". ТIахьо хьарамлонаш лелорна бехк биллира цунна. Дуьххьара Нохчийчу дIайигира иза оцу гIуллакхехула, амма теше санна хеттарш дан. Делахь а Мусаевас чIагIдо, шен ю боху гIоьнча цкъа а гина яц шена.
  • Мусаевана дуьхьал гIаттийна гIуллакх толлуш ду Соьлжа-ГIаларчу Ленинск-кIоштан кхело. ГIуллакхан материалаш мангал-баттахь кхеле дIакхачийра, хьалхара кхеташо хилира товбеца-баттахь, ткъа марсхьокху-баттахь кхелахочо дуьхьало йира процесс кхечу регионехь листа дехьаяккхарна.
  • Мусаева Зарема лачкъийна йигина ши кIира даьллачул тIаьхьа бен ца витира цунна тIе адвокат. ДIасаялар доьхкуш хIоттийначу кхелехь Мусаева кхетамчохь ца хиллера. Товбеца-баттахь юха а лазар деана, охьайоьжнера иза.
  • Кадыров Рамзана кхерамаш тийсира ЯнгулбаевгIеран доьзална телеграм-каналехь динчу йозанехь Мусаева лачкъийна шолгIачу дийнахь. ТIаьхьо юха кхерамаш карлабехира цо видео дIаязъеш. Чиллан-беттан юьххьехь Делимханов Адама инстаграмехь эфир хIоттийра, ЯнгулбаевгIарна а, шен къамел оьрсийн матте гочдиначарна а кхерамаш туьйсуш. Кхерамаш тийса буьйлабелира иштта нохчийн лакхарчу даржашкара ницкъахой а. Чиллан-беттан 2-чохь Соьлжа-ГIалин юккъехь митинг дIаяьхьира ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал. Митингехь ЯнгулбаевгIеран доьзалан суьрташ дагийра, тIе мийраш биттира, этIийра, иштта дуьххьал дIа кхерамаш а тийсира.
  • Бакъоларяъарн "Поддержка политзеков. Мемориал" проекто политикан тутмакх лерина Мусаева Зарема.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG