ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мусаева Заремин гIуллакхна юкъараваьлла Нохчийчоьнан Лакхарчу кхелан суьдхо


Мусаева Зарема а, Янгулбаев Сайди а
Мусаева Зарема а, Янгулбаев Сайди а

Полисхочунна тIелеттера аьлла, бехкейинчу бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран ненан Мусаева Заремин гIуллакх листа дуьхьалваьлла Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхелан суьдхо Горбовцов Дмитрий, хIунда аьлча, хьалхо Мусаеван хIусамда, кхелахо лаьттина Янгулбаев Сайди, цуьнан белхан накъост хилла, шаьшиъ "накъостийн а, белхан а юкъаметтигашца" вара аьлла.

Оцу буха тIехь Горбовцовс гIуллакхна юкъараволуш кехат яздина, хаамбо "Iазапашна дуьхьалояран Комитето", Мусаеван интересаш йовзуьйтуш, Соьлжа-ГIалахь болх беш бара цуьнан адвокаташ.

Иштта "Iазапашна дуьхьалояран Комитетана" къаьстина, диабет токхуш йолчу Мусаева Заремин могушаллех лаьцна шен-шен рожехь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхелана информаци кхачон Коьрта прокуратура дуьхьал хиларх, цара и дан дезара ЕСПЧ-но тIеэцначу барамийн гурашкахь.

  • Дечкен беттан 20-хь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин (МВД) белхалоша ЯнгулбаевгIеран петар чу а лилхина, нуьцкъаха, тIе йовха бедарш а ца йохуьйтуш, бакъонашларъярхочун нана Мусаева Зарема Соьлжа-ГIала дIайигира, теше санна хеттарш дан. Дуьххьара Мусаевана кхело 15 дей-буьйсий туьйхира чохь даккха, полисхочунна тIелатарна а, иза сийсазварна а аьлла, цултIаьхьа бехктакхаман гIуллакх долийра цунна дуьхьала – дийцарехь, протокол хIотточу полисхочунна тIелетта, аьлла бехкейина.
  • Мусаева Зарема лачкъийна ши кIира даьллачул тIаьхьа бен адвокат тIе ца витира цунна.
  • ДIасаялар доьхкуш, кхело сацам бечу юкъанна кхетамчохь ца хиллера Мусаева.
  • Янгулбаев Сайдин а, Мусаева Заремин а кIентий бехкебо нохчийн ницкъахоша, оппозицин IАДАТ телеграм-канал кхолларна а, цуьнан модераци лелорна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG