ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Композитор, илланча Келоев Iиса (Швеци): Нохчийчоь яцахь, со а вац...


Швеци -- Iиса Келоев, композитор, илланча, дуккха а иллийн автор, 03Ман2013

Декъастанарчуй, дуьненан цхьацца маьIашкахулий бехачу нохчий вовшашка йолу марзо совъяккха, уьш бовзийта ойла йолуш, «Шун оьзда гIиллакхаш – даймехкан безам бу» цIе тиллина рубрика юкъаяккха сацам бина «Маршо Радионо». Духьара дийцар хир ду Швецехь вехачу композиторх Келоев Ιисах лаьцна.

please wait

No media source currently available

0:00 0:04:49 0:00
Линкана тIе


12 шо даьлла, дог дерриг а Нохчийчохь а лаьтташ, Келоев Iиса Швецехь веха. Цигахь цо кхуллу иллеш тов цΙерачу иллиалархошна. Масала, иштта локху Ιисас Германехь вехачу нохчийн поэтан Бисултанов Аптин дешнаш тΙехь кхоьллина вай ладоьгΙна «ΙиндагΙаш» илли Соьлж-ГΙаларчу Ахмадова Хьавас.

please wait

No media source currently available

0:00 0:04:12 0:00
Линкана тIе

Iисага вай доьхур ду шен кхолларалла маца, муха, стенгахь кхиа йолаелла.

please wait

No media source currently available

0:00 0:03:15 0:00
Линкана тIе


Поэташца алссам гергарлонаш латтадо Келоев Ιисас интернетехула а, телефонехула а. Туркойчохь вехачу байтанчин Амагов Доккин дешнашца иштта илли кхоьллина цо, масала.

please wait

No media source currently available

0:00 0:04:52 0:00
Линкана тIе


Туркойчуьрчу поэта Амагов Доккас дозалла до шен композиторца Келоев Ιисаца тасаделлачу гергарлонах.

please wait

No media source currently available

0:00 0:01:06 0:00
Линкана тIе


Иштта мах хадабо вайн децΙахь, Веданахь, вехачу, шен дешнаш а эшаре дерзийначу Келоев Ιисан а, цуьнан похΙман а поэта Яралиев Юсупа.

please wait

No media source currently available

0:00 0:01:27 0:00
Линкана тIе


Иштта довха дош ала лиира Келоев Ιисах лаьцна, и санна, тΙаьххьара 8 шо ша Швецехь доккхуш, меттигерчу а, ингалсан а меттанашкахь шен тептарш арадохуш вехачу поэтна Юсупов Ιилманна а.

please wait

No media source currently available

0:00 0:00:11 0:00
Линкана тIе


Дешан говзалле кхиинчу поэташа шех лаьцна мухха а дийцахь а, цхьа а куралла яц композиторан, иллиалархочун Келоев Ιисан шеца, цо тΙех доккха хΙума а ца лору ша дийриг. Иза нохчалла шегара ца дожийтархьама а, иза кхечеран амалшка кховдорхьама а веха.

please wait

No media source currently available

0:00 0:01:51 0:00
Линкана тIе


please wait

No media source currently available

0:00 0:06:39 0:00
Линкана тIе

Хьажа комменташка (9)

ХIара форум дIакъевлина ю.

Комментареш

New Comments Available

Кадыров а, Закаев а вуьйцу кху деношкахь махкарчу къизаллашца доьзна. Цу шиннах мила хуьлуьйтур вара аш республикан коьртехь?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG