ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муцураевн иллеш интернетехь даржийначу гIалмакхочунна гIуда тоьхна


Элиста, ГIалмакхойчоь

ГIалмакхойчуьрчу Яшалтинскан кIоштарчу вахархочунна административан жоьпалла тIедожийна, интернетехь нохчийн бардан Муцураев Тимуран иллеш даржорна. Муцураевн репертуарера ткъе итт сов илли ду экстремистийн материалш лерина федералан тептара юкъадахийтина.

Прокуроро бинчу сацамца бардан иллеш даржийнарг бехкевина экстремистийн материалаш кечъеш, уьш яржорна. "Московский комсомолец" гIирсо яздарехь, административан гIуда хьарчийна бехкевинчух.

Бард Муцураев Тимур гоьвелира Нохчийчохь къаьсттина тIемаш болчу шерашкахь. Оьрсийн маттахь дIаолура цо шен тIамах лаьцна, тIаьхьо джихIаде кхойкху иллеш. Ша Муцураев а ву федералан эскаршна дуьхьал тIемаш бина, цул тIаьхьа Азербайджане дIавахара иза, ткъа 2008-чу шарахь даймахка юхавеара. Карарчу хенахь бизнес лелош ву иза, иллеш алар дитина цо.

Кест-кеста кхелаш йо Оьрсийчохь социалан машанашкахь Муцураевн иллешка ладугIучарна, ишта Нохчийчохь а. Масех эзар сом гIуда а тухий, дерзадо дуьхьалдоху гIуллакхаш.

  • Экстремистийн материалаш яржорна бехкевира Къилба ХIирийчуьра студент. Социалан машанерчу цуьнан агIон тIехь нохчийн бардан Муцураев Тимуран 2014-чу шарахь Оьрсийчохь дихкинчех "Сады нас ждут" илли хааделлера полисхошна.
  • Оьрсийн зуламан кодексан 20.20 артикл йохийна аьлла, тIечIагIдинчу кхело тидаме эцна оцу кIентан цу деношкхаь бен 18 шо кхаьчна цахилар. Оцу бахьанашца 1000 эзар сом гIуда а текхна, валийтинера иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG