ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муцураевн илллина тIехула гIуда тоьхна Нохчийчоьнан вахархочунна


Гуьмсе

"Одноклассники" социалан машанахь экстремистийн материалаш яржорна - нохчийн бардан Муцураев Тимуран "ДжихIадан доьхкина тIемаш" илли хIоттийнера цо шен агIонехь - бехкевина Гуьмса гIалин кхело Нохчийчуьра вахархо Дускуев Ахьмад.
Кавказ.Реалии портало яздарехь, Дускуевс илли зорбане даьккхина хиллера 2017-чу шарахь. Оцу хенахь ши шо а хиллера Муцураевн "ДжихIадан доьхкина тIемаш" илли кхечу иллешца цхьаьна кхелан сацамца экстремистийн материалаш лерина. Йихкинчу контентах Дускуевна аккаунтехь тергойинера Нохчийчуьрчу ФСБ-н белхахочо. Федералан суьдхочо Дускуев Ахьмадна лаххара таIзар дина - эзар сом гIуда а тухуш.

  • Бард Муцураев Тимур гоьвелира Нохчийчохь къаьсттина тIемаш болчу шерашкахь. Оьрсийн маттахь дIаолура цо шен тIамах лаьцна, тIаьхьо джихIаде кхойкху иллеш. Ша Муцураев а ву федералан эскаршна дуьхьал тIемаш бина, цул тIаьхьа Азербайджане дIавахара иза, ткъа 2008-чу шарахь даймахка юхавеара. Карарчу хенахь бизнес лелош ву иза, иллеш алар дитина цо.
  • Кест-кеста кхелаш йо Оьрсийчохь социалан машанашкахь Муцураевн иллешка ладугIучарна, ишта Нохчийчохь а. Масех эзар сом гIуда а тухий, дерзадо дуьхьалдоху гIуллакхаш.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG