ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муцураевн "Нохчийчоь цIергахь" иллина тIехула дагестанхочунна гIуда тоьхна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дагестанера Дербент гIалин кхело гIуда хьарчийна меттигерчу вахархочух Таибов Артурах, нохчийн бардан Муцураев Тимуран "Нохчийчоь цIергахь" илли цо зорбане хIоттийна аьлла. "Экстремистийн материалаш йаржор" лерина и кхело.

Бинчу сацамехь (Кавказ.Реалии сайтан карахь бу) билгалдаккхарца, Таибовс шен "ВКонтактерчу" агIоне даьккхина хиллачу иллин тергойина полицин белхахоша. Административан протокол хIоттийна бехкзуламан гIуллакхаш толлучу Дербентера чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин декъан белхахочо, майоро Керимовс. Кхелехь Таибов къера хилла шегара даьллачунна, таIзар дайдар дехнера цо. Оцу бехкана гIуда кхачадо цхьа эзар соьма тIера кхаа эзаре кхаччалц, йа чохь даккхийта 15 дей-буьйсий. Кхело уггар а дайн таIзар дина цунна.

2013-чу шарахь кхелан сацамца "Нохчийчоь цIергахь", иштта "Уьш дIабахна", "Тавхьид", "Шаьлтанан тохар", "ШахIид" иллеш экстремистийн лерира, уьш дихкира Оьрсийчохь маьрша даржор а.

  • Нохчийн бардан Муцураев Тимуран "Доьхкина джихIадан тIемаш" илли бахьана долуш Теркайистан кIоштан кхело экстремистийн материалаш йаржорна бехке лерира меттигера вахархо. "Одноклассники" сайтехь пост йарна цхьа эзар сом гIуда тIедожийра Атуев Висханна. Пост ФСБ-н белхахошна карийнера.
  • Муцураев Тимуран "Иерусалим", "Уьш дIабахна" иллешца яьхна видеоклипаш социалан машане хIитторна меттигера йахархо Эскиева Хьалимат бехкейинера Нохчийчуьра Веданан кIоштан кхело экстремистийн материалаш йаржийна аьлла.
  • Муцураевн эшаршка социалан машанашкахь ладегIарна Оьрсийчохь гуттар а кхелаш йо, Нохчийчохь а нисло иштта. Чиллин-баттахь Кавказ.Реалиин сайто йаздира, Нохчийчуьрчу Веданан кIоштан кхело гIуда тохарх Сиржа-Эвларчу Магамадов Асланна, бардан Муцураев Тимуран "Исламан умма" илли бахьана долуш.
  • Ставрополь -махкарчу Трутновскан кIоштара Деряженцева Викторияна административан протокол хIоттийра полицино, экстремистийн материалаш йаржийна аьлла бехкейина - Муцураев Тимуран "Гелагаевн спецназ", "ШахIидаш" иллешна тIехь йаьхна клипаш йаржийнера цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG