ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

“Сан Нохчийчоь – сан нохчийн маттахь.”


Нохчийчоь -- Нохчийн мотт даздеш, 2016
Нохчийчоь -- Нохчийн мотт даздеш, 2016

Нохчийн меттан де тIекхача бут сов хан бен ца йисна. Цу денна лерина 6-9-чу классийн дешархошлахь къовсам дIакхайкхийна “Даймохк” газетано. Цу къовсамца а догIуш, дешархойн нохчийн маттахь язъяран говзалла толлур ю. И талла цу зорбанан гIирсано дIакхайкхийна ‘Сан Нохчийчоь – сан нохчийн маттахь’, аьлла дийцар яздаран къовсам. Нохчийн меттан хаарехь толамхо мила ву а гучедер ду Оханан-беттан 24-чу дийнахь. 6 призан меттиг а къовсамехь билгалъяьккхинарг. Толламхочунна а, дика дийцар яздинчарна а мехала совгIаташ а дийр ду.

Къовсам вовшахтоьхначара доьхура шайн дийцарш кху имеле cхьатасар: daimoxk@bk.ru

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG