Бакъоларъярхочунна, оппозицин ютуб-блогеран Абдурахманов Тумсон вешина Абдурахманов Мухьаммадна аьтто боцуш тIелатар кечдаран гIуллакхехула теше санна хеттарш дина цуьнга Мюнхенан Лаккхарчу латтанан кхелехь. Бехкевийриг 47 шо долу Дадакаев Валид ву – талламна хетарехь, 2020-чу шарахь Нохчийчоьнан леринчу сервисаша Абдурахманов вер тIедиллина цунна, республикан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан ражна цо критика ярна.
Ша Абдурахмановс дийцарехь, цуьнан политикан гIуллакхех, тховкIело лехарх, иштта оцу бехктакхаман гIуллакхех а лаьцна хеттарш дина кхелахочо. Цул тIаьхьа хеттарш бехкевечун адвокаташа дина – тешо бахарехь, кхелана хьалха шена а, "йозуш йоцчу республика Ичкерин идейна" а дискредитаци ярца йоьзна ю оцу адвокатийн позици.
"Соьга хоьттура, нохчийн къам маршоне а, дозуш ца хиларе а стенна гIерта, Ичкерин тIемалоша оьрсийн салтешна тIехь ницкъ беш гиний суна? Аса диллина бакъдерг дийцира оцу хеттаршна жоьпаш луш", - дIахьедина Абдурахмановс.
Дагадоуьйту, ФРГ-н прокуратуран хаамашца, Абдурахмановн Германера веха меттиг бехкевечуьнга дIайийцина, ФРГ-н конституци ларъяран Хьукматан цхьаволчу белхахочо – низам лардаран органша таллам болийна, къайлах болу хаамаш даржорна тIехула.
Deutsche Welle гIирсо хаамбо, кIелоярх гIуллакх вовшаххоьттина иштта, иза вен дезаш хиллачу коьртачу тешо – нохчочо А.Тамерлана динчу мукIарлонна тIехь. 2020-чу шеран ГIуран-баттахь тешо ша дийцина хиллера цунах лаьцна шегга Абдурахмановга. Бехкевечун цIа чохь талламаш бира – цуьнгахь карийра, тата ца долуьйту гIирс тIебоьллина тапча. Д.Валидна кхел йийр ю шога зулам вовшахтохарна а, герзах долу низам дохорна а.
- Хьалхо Абдурахманов Мухьаммада ма-дийццара, цунна вен Iалашонца кIело вовшахтохар тIедиллина хиллера Нохчийчоьнан куьйгалхочун шичина Эдильгириев Пахруддина. Германехь веха юкъалеларг карийра Эдильгиревна – Дадакаев Валид – цуьнга ахча а дIаделлера. Вен Макаровн тапча Дадакаевс эцнера шен гергарчу стагера, Цакаев Романера. Иза вевзаш ву, 2019-чу шарахь Абдурахманов Тумсо сийсазвеш, видео дIаязъярца. Герз къайлах Германи кхачийнера Дадакаевс.
- Стохка Германин Iедалхой реза хилира, Абдурахманов Мухьаммадна тховкIело яла дуьхьалояр юхалиста. Хьалхо кхел тIетевжинера, цуьнан дехарехь "керла бух" бац статус луш сацам тIеэца аьлла.