ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтехь даккха 11 шо тоьхна Нохчийчуьрчу "криминалан къуьнна"


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчуьра схьаваьллачу 64 шо долчу Бекаев Iумарна набахтехь таккха 11 шо хан кхайкхийна Удмуртехь. Криминалан гонашкахь иза дика вевзаш ву Уфимский Омар аьлча.

Кхело сацам бовзуьйтучу хенахь, бехк малбен хьелаш билгалдаьхна, Нохчийчохь закъалтхой кIелхьарбохуш контртерроран барамаш дIахьочу заманчохь Бекаевс гIо дар а, цунна чевнаш яр а, яздо "Коммерсанто".

Талламан зерашца, 1999-чу шарера схьа дуьйна зуламхойн иерархехь лаккхара дарж дIалаьцна хилла цо, ткъа иза 2019-чу шарера схьа Оьрсийчохь низамашца магош дац.

Бекаевн бехк тIечIагIбина, "тутмакхийн иерархехь латтарна" а, "набахтен белхашна дезорганизаци латторна" а.

2019-чу шарера таханалерачу дийне кхаччалц Удмуртерчу набахтехь таIзар токхуш ву Бекаев Iумар, Москварчу Химкин кхело наркотикаш лелорца доьзна дуьхьал даьккхинчу гIуллакхна тIехула.

2009-чу шарахь авторитетан къу Иваньков Вячеслав, криминалан гонашкахь "Япончик" цIарца дика вевзаш хилларг верна бехкевен Бутба Астамур лаьцна ша шена маршо кхайкхийначу Абхазехь. РЕН ТВ канало бина и хаам, шен хьасташна тIетевжина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG