ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхел хилале Iазап лайначу нохчочо бакъоларъярхойн гIо ца оьшу аьлла


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчуьрчу вахархочунна Цагалаев Абубакарна тIехь набахтехь Iазап латторна тIехула дийцаре дарш дуьйладелла селахана кхелехь. Бехкевеш исс стаг ву, ткъа царна юккъера виъ хьалхо кхело хенаш йиттина хилла ву иштта тутмакхашна тIехь Iазап латторна.

ХIинццалц Цагалаевн адвокат яра "Общественный вердикт" Фондера (Оьрсийчохь арахьара агент лерина ю, амма фонд оцу сацамна реза яц – ред.) Бирюкова Ирина. Амма "Ярославлера гIуллакхна" леринчу "Общественный вердиктан" сайта тIера хаамца, цхьана ханна цуьнца зIе хедира, ткъа юха Бирюкован гIоьнах а дIахедира иза.

Адвокатана хетарехь, "Нохчийчохь лаьттачу хьолах доьзна ду иза, бакъонашларъяран организацешна йиллина мостагIалла гойтучу цуьнан куьйгалхочух а, иштта таIзарш дарна тIехула йоьдучу кхеланна юкъагIерта, бохуш цо дечу харц дIахьедарх доьзна а ду".

Бирюкована хетарехь, Цагалаев "хила мегачу проблемех" ийзалуш ву, хIунда аьлча, шен доьзалца Нохчийчохь вехаш хиларна.

  • Чиллан-беттан 23-хь "Новая газетано" 2016-чу шарахь дIаязйина ИК-I набахтерчу тутмакхашна тIехь ницкъбеш яьхна видеош гIаръехира. ТIечIагIдора, хьийзийначех цхьаъ дарбан цIийнахь тIаьхьо велла, аьлла. ШолгIаниг Цагалаев вара, цуьнан дахар лардахьама зорбанаш "Андрей Иванов" псевдонимаца хьехавора.
  • "Новая газетан" материал арахецна ши де даьлча "Грозный-информ" агенталло хIоттийначу текстехь "Иванов Андрейн" баккъала цIе яьккхира и стаг гуча а воккхуш (амма цуьнах Абубакар меттана Адам элира). Текстехь тIечIагIдора, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзана Цагалаев "ларвина" 2016-чу шарахь, цунна набахтехь йиттиначул тIаьхьа, схьадийцарехь, бехкенаш, "жоьпе озийна" Кадыров юкъагIортарна, цо "регионан бахархошца доьзнарг лерина тидамехь латта до уьш миччахь белахь а", яздина материалехь.
  • Окху деношкахь Европан адамийн бакъонехула йолчу кхело латкъам чуэцна, Ярославлерчу ИК-1 набахтан белхалхалошна Дагестанерчу тутмакхана Муртазалиев Хасдин хьийзорна дина таIзар вуно кIеда хиларна: арахь яккха хенаш кхайкхина царна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG