ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтехь волчу вешица Тумгоев Тимурца цхьаьнакхета аьтто баьккхина цуьнан йишас


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Саратовн кIоштан федералан таIзар кхочушдаран урхаллан куьйгалхочуьнца Къилбаседа ХIирийчуьра яхархочун Тумгоева Маринин цхьанакхетар хиллачул тIаьхьа, цунна бакъо елла шен набахтехь хан токхуш волу ваша Тумгоев Тимур ган. Хьалхо латкъамаш бинера цо, ша латточу колонехь долчу хьелашна а, маж еха ю бохуш, тIеIаткъамбарх а.

Кавказский узел интернет-гIирсо яздира еарин дийнахь цхьааллин пикете яьллера Тумгоева Марина, Талламан комитете а, прокуратуре а набахтерчу хьелашна арз деш волчу шен вешин терго яр тIедожош. Масех карахь плакат дара цуьнан: "Аш чубухкурш кхин бу", "Сацаде ницкъбар, ГУЛАГ яц!"

Хабар доцу дуккха а хан йолчу шен вешин кхолламах хаа еана ша Саратове бохура цо. Пикетан тидам хиллера прокуратуран белхахойн, церан хьехамца, кIоштан прокуроран цIарах арз дIахьажийра цо.

Пикет йирзинчул тIаьхьа, шеца цхьаьна бакъоларъярхо Юсупова ПятIимат а йолуш, Саратовн кIоштан федералан таIзар кхочушдаран урхаллан куьйгалхочо Федотов Алексейс тIеийцира Тумгоева.

Кавказский узел хьостане дийцина Тумгоевас, Федотовца хиллачу шен къамелехь, ша цуьнга далхорах шен вашас бинчу латкъамех а, иза латточу колонерчу тишачу хьолах а, ишта бусулбачийн набахтешкахь маж лело а, ламаз дан а таро цахиларх а.

"ЧIогIа дика ладуьйгIира цо соьга. Тимурца со цхьанакхетийта бохуш, тIера ца йолура со. Цо колони телефон туьйхира, цул тIаьхьа Тимур суна готуйр ву аьлла, дош делира", - дийцина Тумгоева Маринас.

Маршо Радионо яздира, 2018-чу шарахь Украинас Оьрсийчоьне дIавелира Тумгоев Тимур. Оьрсийчоьнан ФСБ-но бехкевора иза Шемахь Асад Башаран ражна дуьхьал тIемашкахь дакъалаьцна ву аьлла. Ростоврчу тIеман кхело 18 шо хан тоьхна цунна, набахтехь луьрачу хьолехь такха.

Ткъа Тумгоевс Шеман территори тIехь ша хилла а вац аьлла, дIакхайкхийра

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG