ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтехь вовшахтоьхначу террорхойн юкъараллехь лаьттинчу ГIалмакхойчуьрчу вахархочунна таIзар дина


Гайтаман сурт

"ДжамаIат" террорхойн юкъараллана тIехула долчу гIуллакхца номер 2 йолчу колонехь хан яьккхинчу Очиров Савелийна пхи шо хан кхайкхийна ГIалмакхойчохь.

Талламан версица, 2015-чу шарахь оцу тобана юкъа вахна Очиров, ша колонехь воллушехь, церан могIаршкахь лаьттина 2019-чу шарахь ша маьрша ваккхалц.

2013-чу шарахь оццу номер 2 йолчу колонехь, бакъо йоцуш герзаш лелорна, таIзар токхуш хиллачу Дагестанерчу Гасанов Шахбана вовшахтоьхна хилла набахтехь террорхойн организаци, тIаьхьо церан могIарш дуьзна 100 тутмакхо аьлла хета талламчашна.

"ДжамаIата" лелийначунна тIехула колонин декъа тIехь бехкзуламан гIуллакхаш долийнера 40 сов стагана дуьхьал.
Оцу бехктакхаман гIуллакхна юкъахь ву колонин хилла хьаькам Батаев Павел а, цуьнан хилла гIовс Цамаев Артур а.
Уьш бехке бо, "террорхойн юкъараллан декъашхойн юкъара дола дарна".

2020-чу шарахь ГIебарта-Балкхаройчохь а, Дагестанехь а, Бурятехь а лецира "ДжамаIатан" тобанехь хилла ву аьллачу шеконашца пхи декъашхо.

Цул хьалхо Дагестанехь а, Краснодаран а, Волгоградан а кIошташкахь дIалецира Гасановн тобанера кхин а пхи стаг.

Оцу кепара зуламаш лелорна ГIалмакхойчуьрчу номер 2 йолчу колонин даржхой жоьпе озош дуьххьара дац.
Масала, ши шо хьалха колонин хьаькаман гIовс бехкевира, кхаьънаш эцарна.

Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG