ГIалгIайчоьнан дозанна гена йоцчу Нохчийчуьра Ассиновская станицехь лахьан-беттан 30-чохь Iуьйранна герзаш диттина машенна нах бехачу цIийнан уьйтIахь, лазийна машенлелорхо, хаамбина РЕН ТВ канало, информаци муха кхаьчна а ца дуьйцуш.
Телеканалан хаамашца, лазийнарг ву 25 шо долу жимстаг, гех чевнаш йина дарбан цIийнехь ву иза, лоьраша бахарехь, хьал дIоггара вон дац цуьнгара. РЕН ТВ-с билгалдоккху, Ассиновскехь масех стага детта долийнера герзаш, лазийначунна ца бевзина и нах.
Бакъоларйаран органаша гIуллакх талла долийна телеканало бахахь а, махкарчу Талламан комитетан а, МВД-н а официалан ресурсаш тIехь Ассиновскехь герзаш деттарх лаьцна хаам зорбане боккхучу хенахь инфомаци яцара.
- Стохка гурахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира, "терроризмаца тIом бина девлла" шаьш аьлла.
- Лахьан-беттан 21-чохь Соьлжа-ГIалин урамехь тIелатар дира полицина. Официалан хаамашца, зулам динера 19 шо долчу меттигерчу вахархчо уьрсаца. ГИБДД-н белхахо вийра цо, цуьнгара тапча схьа а яьккхина, кхечу полисхошца герз детта волавеллера, дуьхьал тоьхна вийра иза.
- Цул хьалха полисхочунна тIелатар дира Нохчийчохь, официалехь бинчу хаамца, 2021-чу шеран товбеца-баттахь, меттигерчу вахархочо уьрсаца динера иза а- цунна дуьхьал герз тоьхнера полисхоша, дарбанан цIийнехь кхелхира иза, ницкъахойх велла йа лазийна цхьа а вацара.
- Кхул а хьалха Соьлжа-ГIалахь ГIалгIайчуьра шина вешо дира ницкъахошна тIелатар. Официалан версица а догIуш, цхьа полисхо велира, шолгIачунна чевнаш йира. Iедалхойн агIорара ницкъбира тIелеттачийн гергарчарна.