ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нах бойъурш санна хета кадыровхой". Ичкерин Украинерчу керлачу консуло – тIамах, Нохчийчоьнан куьйгалхочух, Малхбузенах лаьцна


Шулипа Юрий
Шулипа Юрий

Къобалъянзачу Ичкерин арахьарчу премьер-министра Закаев Ахьмада Украинехь консул хIоттийна. 43 шо долу Шулипа Юрий ву иза – оьрсийн, украинхойн юрист, "Путино дозанал арахьа нах муха бойъу" монографин автор.

Шулипас Москвара машенан-некъан институт, Москван ФСБ-н дозанан академи, экономин Лакхарчу школан аспирантура чекхяьккхина. 2005-2006-чу шерашкахь Оьрсийчоьнан президентан кехаташ лелоран декъан куьйгалхо болх бина цо, 2014-чу шарахь дуьйна Украинехь вехаш ву, "Къоман политикан институт" дуьненаюкъарчу ассоциацин куьйгалла деш ву.

Нохчийчуьра тIамех а, Украинех, консулан даржехь цуьнан Iалашонех, Малхбузера кхочучу гIонах а, Ичкерин агIончаша ВСУ-н агIо лаьцна тIом стенна бо а дийцаре дира Юрийс Кавказ.Реалиица хиллачу интервьхь.

– ЧРИ-н Украинера консулан дарж муха кховдийра хьоьга?

– Стигалкъекъа-беттан чакхенехь Нохчийн Республика Ичкерин министрийн кабинет, шайн коьртехь Закаев Ахьмад а волуш, официалехь Киеве кхечира. Делегацин цхьадолчу цхьанакхетаре кхайкхинера со. Оьрсийн агрессина дуьхьало яран, иштта Украина ларярехь нохчийн лаамхойн меттигах а лаьцна хеттарш дийцаре дича, ЧРИ-н арахьарчу гIуллакхийн министро вовзийтича, Ахьмад Халидовичо консулан дарж кховдийра соьга.

Аса и белхан меттиг дIалацарца доьзна дийцарш дар кхаа минотел сов ца девлира. Суна юккъерчу барамехь консулан болх бевзара, цундела со реза хилира. Нохчийн, украинхойн къаьмнийн коьртачу агрессорна дуьхьал къийсам чIагIбарехь аса муха пайда бахьар бара со кхеташ хилар ду коьрта бахьана.

– Хьоьл а хьалха оцу даржехь хиллачунна хIун гIуллакхаш дан аьтто хилла?

– Соьл хьалха хилла волу Ичкерин консуло Коломийцев Александра шортта гIуллакхаш дира украинхойн а, нохчийн а къаьмнийн юкъаметтигаш чIагIаярехь. Цул сов, Украинан а, Ичкерин маршонехь къахьегарехь цхьана болх бан беза, аьлла ладаме дIахьедар дира цо. Амма хIинца иза шен профилан говзаллица оьшуш ву, оккупанташа доккхо зен дина долу машенийн некъаш лелоран говзанча санна.

Буьззинчу барамехь Украинана дуьхьал оьрсийн агресси йолаелча, пачхьалкхана дуьхьала даккхийра кхерамаш нисделира иза дийна йиссаран хьокъехь. Цундела Ичкерин консулан дарже кхин стаг оьшура, Украинан арахьарчу кхерамашца вогIуш волуш.

– Тахана муьлха коьрта Iалашонаш го хьуна?

– Украинехьа тIом беш болчу Нохчийн лаамхойн бакъонаш ларъяр. Калиновский Катусян белорусхойн батальонах полк а еш, иза Украинан тIеман ницкъийн декъе юкъаэцар санна, нохчийн лаамхойн батальонаш а юкъаэцийтар. Кхечу мехкашкахь лаамхойн тобанашкахь нохчий юкъаоьцуш кхин а каналаш схьаделлар.

Цул сов, хетарехь, "Къоман политикан институтан" директоран даржехь аса хIинцле а беш болу болх дIакхехьа дезар ду сан – Украинан гергахь "чолхе" йолчу Германи, Франци санна пачхьалкхашца болх бар, тIелатаран тIеман гIирсаца кхачо йийр ю аьлла тIелаьцна декхарш кхочуш ца дойту церан цхьаболчу лакхара хьаькамаша.

Украино агрессоран тIеман таронаш хIаллак ярца, Ичкерин йозуш ца хилийта тIом бо

Халахетахь а, Германин а, Францин а хIинцле а иммунитет яц Москвара схьакхочуш йолчу арахьарчу политикан курхаллина дуьхьало йан. Цул сов, агрессорна а, Украинана а юкъехь дийцарш деш гIо до бохуш, оцу пачхьалкхийн куьйгалхоша "нормандийн форматехь" ю бохучу форумехь дакъа лацарца, шайн арахьарчу политикан амбицеш а, курхаллин интересаш кхочуш йора Украинан къоман интересашна дуьхьала. ТIаьхьо оха шеко йоцуш хьахор ю, тIеман гIирс схьакхачорна дуьхьало еш болчу оцу хьаькамийн цIерш.

Дийна йиссархьама тахана Украинана муьлхха герзан кепаш оьшу. Уггар хьалха оьшу кху заманан тактикан, стратегин, тохаран кеманийн, беркеманийн, пилот воцу а авиаци, иштта ПРО-ПВО, РСЗО, РЛС системаш, гIагI диллина машенаш, гаубицаш, танкаш – бIе терахь тIера дуьйна хьал. Эзарнаш тоннаш тайп-тайпана тIеман гIирсаш, ягориг а.

– ЧРИ-н арахьарчу Iедало а, нохчийн диаспоро а муьлха гIо латто йиш ю Украинана?

– Ичкерин Iедало а, Европерчу нохчийн диаспоро а кхечу къаьмнаша санна гIо латто йиш ю Украинана. Шайн таронаш йолчу кепара. Кечамийн, материалан гIоьнал сов, суна хетарехь, цара шайн пачхьалкхашка Украинана хьажочу тIеман гIирсийн терахь алсам даккхар тIедожош акциш хIитто еза.

Аша Украина НАТО-на юкъаоьцуш яцахь, тIеман гIо латтош дацахь, масала, мостагIчун омранаш даларан пункташ, герз латторан складаш, гIирс, салтий хIаваэхула хIаллак барца, тIаккха Украинана шен эскарца агрессор эшон аьтто хилийта герз мукъане лойша – иштта хила деза Ичкерин Iедалан а, нохчийн диаспоран а Малхбузенан пачхьалкхашка дIахьедар.

Кхета деза, шен дийна йиссарна, маршонна, йозуш ца хиларна дуьхьа тIом беш йолу Украина, оццу хеначохь Ичкерин йозуш ца хиларехьа тIом беш ю, агрессоран тIеман гIирс хIаллак а беш.

–МВД-н Росгвардина юкъабогIучу кадыровхоша оцу тIамехь дакъа лацарна оьрсийн пропагандо боккха тидам бо. ТIаьххьарчу беттанашкахь украинхойн юкъараллехь муха хийцабелла республикерчу эскархошка хьежам?

– Цхьана агIор, оккупанташ Киев яккха гIертарехь эшийча, доккхачу декъана, кадыровхой пиаран яран "тик-ток-эскарш" хетара украинхошна, иштта шай-шайн эскархой бойъурш а. Кхечу агIор, украинхой бойъу нах санна бевзара уьш, ницкъ латтош, вуно чолхе зуламаш деш нах санна.

Оьрсийчоьно украинхойн латтанашна оккупаци еш жигара дакъа лецна цара. Уьш хIусамашна а, петаршна чулелхара… Фильтрацих чекхбоьвлла украинхойн шайн лаамна дуьхьал оьрсийн дозане дIабигинера. Кадыровхоша лелийначу зуламех суна шортта хиира, дийна а биссина, Украине юхабаьхкинчу мариупольхошкара.

Кадыровхоша а, церан Кремлера кураторша лелораш вуно чолхе зуламаш ду. ТIом боьдучу юкъанна меттигерчу бахархошна депортацеш йар, фильтрацин лагерш кхоллар дихкина ду дуьненаюкъарчу гуманитаран бакъоно, цуьнах жоьпалла доьху дуьненаюкъарчу кхело.

Киеван кIоштан гIаланаш дIалецначул тIаьхьа кадыровхой маьршачу наханна дуьхьал зуламаш лелорца кхаьстина бу… [Иштта] меттигаш дIатоссучу хенахь кадыровхоша лазийнарш, йа фронтера бовда гIерта оьрсийн салтий байъина меттигаш ю.

Билгалдаккха деза, кадыровхой дукха ца лаьтта украинхойн йийсарехь. Агрессоран ницкъашна уьш дIалецнийла гучудаьлча, уьш зIене а бовлий, Украинана чIогIа пайде болу йийсархой хийцаран барт кховдабо. Лаьцна волу цхьа кадыровхо мел-кIезга а полковникан, йа цул лакхара чин долу цхьа тIеман буьйранча санна лоруш ву агрессоро .

– Хьуна хетарехь, Кремло кадыровхой хIунда къаьстийна оцу гIуллакхна?

– Путинна а, цуьнан юххерчу гонна а башхалла ца го Оьрсийчоьнан а, Украинан а бахархошлахь. Цундела шайн зуламийн политикаца реза боцучарна тIехь террор лелоран, уьш кхерамехь латторан Оьрсийчуьра зенделларг Украинана тIе дехьадаьккхина. Кадыров а, кадыровхой а Украинерчу тIамехь лелор иза [Оьрсичоьнан президентан Владимир] Путинан цо ша тIеэцна тактикан сацам бара.

1991-чу шарахь цхьа а Оьрсийн Федераци кхоллаяла езаш яцара

Хууш ду, Украинехь лаьттачу юкъараллин-политикан а, агентуран-оперативан а, хьолах а лаьцна харц хаамаш кхачийна хиллера Путине ФСБ-н 5-чу арахьарчу талларан декъан куьйгалхочо, инарла-полковнико Беседа Сергейс, буьззинчу барамехь Украине чугIорта сацам бечу муьрехь. ФСБ-н 5-чу сервисан оперхоша рапорташ хIиттайора Украинерчу хьолах лаьцна, доккхачу декъанна, баккъала долу хьал гайтарна меттана, куьйгаллина хаза луург а яздеш.

Буьззинчу барамехь Украине чугIортар кечдечу хенахь Путинна а, цуьнан ницкъаллин гонна а хеташ хиллера, Украинан дозанехь оьрсийн эскарш гучудевллча, ВСУ-н эскархой шайн лаамехь йийсаре хир бу. Цундела кадыровхошна а, росгвардихошна украинхойн къоманна тIехь ницкъ баран Iалашо тIейиллина.

– 1990-чу шерашкахь Нохчийчохь хиллачу тIемашца бусту дучкхачу нохчаша Украинера тIом. Башхаллаш, тера йогIу меттигаш муьлхарнаш ю?

– Оьрсийн-нохчийн, украинхойн-нохчийн тIемашкахь тера догIурш – нах беха меттигаш хIаллак йар, маьрша нах байъар, фильтрацин лагерш кхоллар ду. Башхаллаш дукхачу хьолехь барамашца йоьзна ю: шинна а агIоно оцу биъ баттахь боьдучу тIамехь вовшашна дукха зен дина, Оьрсийчоьно а, Ичкерино шина тIамехь диначул.

– Оцу хенахь Малхбузено бIаьргаш дIакъовлура федералан эскарша зуламаш леладо, бохуш бехкаш дахарна. ТIаккха тахана Америка а, Европа а иштта саготта стенна ю Украинерчу тIамна?

– Украина оцу тIамехь эшар иза ерриг коллективан Малхбузе эшар ду, ницкъан диктат дIахIоттар а.

ЧIогIа халахета, амма Американ президентийн хьехамчашна а, ООН-н кхерамазаллин Кхеташонан цамагоран бакъо карахь йолчу, дерригчу дуьненахь машар хилийтарехь жоьпаллехь йолчу Великобританина, Францина оьшшучу барамехь ца евзара Оьрсийчоь а, цуьнан юкъаралла а.

Малхбузенан политикан элиташа геополитикан ревизионизман фактор тидаме оьцуш хиллехь, цара оьшучул политикан-дипломатин барамаш лелор бара, оьрсийн-нохчийн тIемаш довлуьйтур дацара. 1990-гIа шераш долалуш цара вовшахтоха езара шайн агIончийн дипломатикан позицеш, дуьххьара къаьмнийн, тIаккха ООН-н тIегIанехь Нохчийн Республика Ичкерин йозуш ца хилар тIелацийтархьама.

Империш йохаран логикаца дуьстича, цIенна уьш йохар вай дуьйцуш делахь, 1991-чу шарахь цхьа а Оьрсийн Федераци кхоллаяла ца езара. Оьрсийчоьнна меттана йисса езара суверинитет кхаьчна йолу Ичкери, Татарстан, Башкортостан, Якути, кхинйолу республикаш а. Церан пачхьалкхалла дуьненаюкъарчу юкъараллас тIелаца езаш яра.

Советан Iедал хиллачу дозанехь цхьана ханна дуьненаюкъара транзитан администраци кхолла езара, транзитан кхел, буьззинчу барамехь декоммунизаци, деимпериализаци, денуклеаризаци йан езара. Оцу барамаша бен юхатухур бацара оьрсийн-нохчийн, оьрсийн-гуьржин, оьрсийн-украинхойн тIемаш.

– Хьалхо Украина ларъеш тIемаш беш йолу нохчийн лаамхойн батальонашна тIаьхьдаьлла хьийзара махкара Iедал. Хьуна хетарехь, стенца доьзна дара иза? Ичкерихошка болу хьежамаш тахана хийцабеллий?

– Дайначу шарахь цхьайолчу передачехь ас моралаца емалдира и къаьстина цхьаболчу украинхойн хьаькамаша Украинан гIаролхошна дуьхьал деш долу и ма-дарра зулам. Агрессор буьззинчу барамехь Украине гIоьртича хьал дукха чIогIа хийцаделла.

Украинехь Ичкерин лараме консул санна аса мел оьшу барамаш лелор бу, нохчийн лаамхойн бакъонаш ларъян. Хьалхо кхел йина болу украинхойн лаамхошна президенто гечдинера. Уьш вуно позитиве хиламаш ду.

– Нохчийн батальонаш низаме яхарехь хIун новкъарлонаш ю?

– Бюрократин тяжгенаш, уьш дIаяхарехь оха болх беш бу.

– ТIом маца боьрзур бу бохучун хьокъехь хиндерш хьехо йиш юй тахана?

– ВСУ-хь оьшучул тайп-тайпана герзаш ца хиларца йоьзна ю боккхачу тIеман йохалла. Оцу гIуллакхо новкъарло йо мел-кIезга а миллион стагана кара герз дала. Шайн мохк ларбан луурш болуш бу, амма массарна тоьпаш ца тоьа.

Оьшучу барамехь ВСУ-н кара тайп-тайпана герз делча, боккха тIом 2023-чу шеран охан-баттахь берза мега Украинан толамца, цуьнан цхьана ханна оккупаци йина латташ юха а дерзош, шайн декъехь [аннекси йина] ГIирма а йолуш.

Оьрсийн рейх боьалгIачу дуьненан гибридан тIамехь эшначул тIаьхьа (иза таханалера хиламех олу иза Шулипас, "шийла" тIом кхоалгIа дуьненан тIом санна а лоруш. - Редакцин билгалдаккхар), Украина берриг оккупантех мукъаяьккхича, нохчийн эскархой Нохчийн Республика Ичкере кхочур бу. Цигахь церан Iалашо хир ю – мел-кIезга 1997-чу шарахь, де-факто а, де-юро а Оьрсийчоьно регионан йозуш ца хилар тIелаьцначу хенахь хилла болу конституцин дIахIоттам юхабалор.

***

  • Нохчаша Украинерчу тIамехь лоцу дакъа шатайпа ду. Цхьана агIор Нохчийчоьнан куьйгалхочух Кадыров Рамзанах Киеван уллохь, Мариуполехь, Луганскан агIонехь долчу тIеман тийсдаларийн "фротхо" хилла, тIаккха цуьнан эскархой шаьш оккупаци йинчу латтанаш тIаьхь къизаллаш лелорца къаьстина, вукху агIор – Украинан агIо лаьцна тIом беш ши нохчийн лаамхойн батальон ю, иштта тайп-тайпана Европан пачхьалкхашкара баьхкина иттанаш лаамхой а. Цул сов, тIом болабелла масех кIира даьлча Мариупольна а, Соьлжа-ГIалина а дина хиллачу тохаршна юккъехь цхьана догIурш дийца буьйлира эксперташ.
  • "За свободный Кавказ" депутатийн фракцийн юккъера цхьанакхетаралла кхоьллира Украинан Лаккхарчу радехь мангал-беттан чакхенгахь, цуьнан декъашхо хилира 10 парламентхо. Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейхь дийцарш дарехь украинхойн депутата Гончаренко Алексейс критика йира Къилбаседа Кавказерчу Оьрсийчоьнан политикана. Кавказ.Реалиин Гончаренкоца хилла интервью кхузахь еша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG