ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нах яа хIума а йоцуш бита гIерта". Юха а десташ ду Оьрсийчохь мехаш


Кирлелон машенаш
Кирлелон машенаш

Оьрсийчуьрчу кирлелочу автотранспортан ассоциацино дIадахначу кIиранах президенте Путин Владимире арз хьажийна, пачхьалкхехь цIеххьана бистина ягочун мехаш – тIаьххьарчу шина бетта чохь 15% - мехкдаьттан компанешка уьш лахабахийтахьара, аьлла. Машенийн дайша бахарехь, кир дIасалелочу белхан мах хьала ца болуьйту Iедало, амма ягориг юхкучу компанийн гай дац дузуш. Ягочун мехаш мел лакхабевлла, Оьрсийчоьнан бахархойн текх кхин а деза стенна хир ду, мехаш бестар стенца дозу? Оцу хьокъехь дийцира Сибирь.Реалиин редакцина Сибрехарчу а, Генарчу Малхабаленан регионашкарчу а кирлелорхоша.

Са вуно кIезиг йолу

Президенте видеокхайкхам бинарг ву кирлелочу транспортан ассоциацин куьйгалхо Матягин Владимир. Цо боху, шера чохь мехкдаьттан ягочун мах 20% лакхабаьлла юккъерчу барамехь, ткъа тIаьххьарчу шина баттахь – 10-15%, регионашка хьаьжжина. "Грузавтотрансан" лидеро дийцарехь, Путине иза вистхила декхаревина гена кир дIасалелочу наха а, компанеша а ягориг цахеддаш язъялар далхош хиларна.

– "Лукойлан" ягориг юхкучу станцийн мехашка хьовса, салаьрка духку литрах 54,12 сом доккхуш. Кху хенахь стохка и мах бара 46 сом! Мехкдаьтта доккхучувайн пачхьалкхехь стенна бу мехаш бесташ шарахь 18-20%? Ткъа цхьаццайолчу регионашкахь – баттахь бовлу мехаш оццул хьала! – оьгIазъоьху Матягин.

Меттигашкарчу кирлелорхоша бакъдо цуьнан дешнаш.

– Сахалинехь ГIуран-беттан юьххьехь рогIера "рекорд" хIоттийра – АИ-95 дизелан ягочун литрах – 70 сом! Ткъа тхан белхан тарифаш яц хьалайохуьйтуш. Оха хIун дан деза? Тхаьшна зен а хуьлуш болх бан беза? Я и болх дIатаса оха? Кхузахь ишта лаьтта ягочун дефицит, кху агIор мила вогIур ву, делха а, дека а доцу машенийн дай ца баьхкина? – боху Иваненко Игора, Сахалинерчу "Авто+" транспортан компанин инарла директора. – Нах юха а яа хIума йоцуш бита гIерта. Изза ду ерриг а пачхьалкхерчу ягочуьнца, монополисташа къастабо кир лелочу белхан мехаш, транспортан яккхийчу монополеша, амма Сахалинехь уьш йоцу хьесап ду.

Кирлелорхоша дийцарехь, Оьрсийчоьнан монополешна дуьхьаллаьттачу урхалло (ФАС) I0 шо гергга хан ю транспортан компанешка а, кир дIасалелочу машенийн долахошка а шайн белхан тарифаш лакха ца йохуьйту.

АЗС (архивера сурт)
АЗС (архивера сурт)

– 10 шера чохь оха шозза бен (!) ца яьхна тарифаш лакха, 5-7% хIоразза а. Ткъа мел лакхабаьлла ягочун мехаш, хьовсал! Лаххара а 130%. 20I0-2011 шерашкахь 25 сом бара мах, кхушара уггар кIезиг доьху 53 сом литрах. Оцу мехал а совбевлла цхьаццайолчу меттигашкахь, Красноярскехь хIинца доьху 56 сом дизелан ягочун литрах. Пачхьалкхо цхьана агIор боху, сецор бу юучун мехаш. Ягориг арахоьцучу компанешна тIехьожуш а хир ду Iедал, мехаш сов лакхабохуьйтур бац, бехира. Ткъа муха ду лаьтта хьал? Нийсса бIостанехьа ду. Кир лелораш мацалла хьоьгуш, сом кхоош лела некъашкахь, некъийн йистошца набарш а еш, бо болх. Къола динчу жуккаршкара оьцу ягориг, некъаш лоьху Iедална ял ца яла. Тхо бизнессан юккъера класс ю, тхо дахарера артосуш ду Iедало шен тхоьца бала бацарца, - боху Омскерчу "Автолига" транспортан компанин долахочо Данилко Ивана.

Жеребцов Дмитрий, Чита гIалара кирлелорхо тIетов шен коллегашна, шина бетта чохь "уггаре атта йохкучу регионашкахь" а хьалабевлла ягочун мехаш 7-8%, чIагIдо цо.

Оц юкъанна Росстато официалехь боху, Оьрсийчохь ягориг мехалахь 9,3% бен ца яьлла лакха, ткъа дизелан ягориг - 8,25%. Цо бахарехь, цхьайолчу ргионашкахь оха а баьлла и мах.

Кирлелорхоша кхин дуьйцу: 2021 шеран Лахьан-баттера схьа цара, ягочун мехаш лакхабовлар бахьана долуш, яккханза йисина ял ю 10%. Цхьайолчу компанеша, церн долахоша дийцарехь, къайла яхьа йолийна шаьш йоккху са – Iедало иза а йоцуш буьтур бу уьш.

– Дизелан мах бестарца доьзна сан компанина II бетта чохь хилла зен ду 200 эзар сом. 15 машенах автопарк йолчу тхуна вуно боккха бохам бу иза. Шайн машенашца шаьш кирлелораш-м гуттар а эшна бу. 20 шераш долу шайн церан машенаш-м йоьдуш лаьтташехь хIаллакьхуьлуш ю. Цара шаьш йоккхучух 50% ахча охьадуьллу ягочунн, са хилийта гIерташ, новкъа шаьш боккху кир аласамбоху цара – иза кхераме ду, - дуьйцу Данилкос.

Хьаькамаш дуьхьал бу

Редакцига Оьрсийчоьнан энергетикан министраллехь хам бира, "ягориг юхкучу компанийн мехаш нисбар бIегIийла ца хета" шайна, аьлла.

– Оьрсийчоьнан ерриг а регионашка ягориг дIакхачор тергонехь кхобу пачхьалкхан энергетикан министраллин штабо. Цо шен агIор дерриг а до ягориг юхкучу меттигашка дIакхачо, церан мехаш цхьана эшшаре бахарца, - аьлла ду тхан хаттарна урхаллин пресс-гIоьнчалло делла жоп.

Ткъа эксперташа тоьшалла до, ягочун мехаш лакха ца билийта таро ю пачхьалкхан, амма цо иза деш дац, бохуш.

Матягина иштта элира:

– Ягориг юхкучохь мехаш беста ца байта бина барт бу яккхийчу мехкдаьттан компанеший, Iедалой бина. Амма монополисташ – "Газпром", "Роснефть", "Лукойл" – бешаш а бац шаьш Iедалца бинчу бартах. Стохка мехкдаьттан мах цIеххьана охьабуьйжира дерриг а дуьнентIехь, машенийн дай тешна бара, Оьрсийчохь а охьабевр бу бензинан, дизелан мехаш аьлла, амма иза эрна сатийсам хиллера. Ткъа Евопехь вуно лаха охьабахара ягочун мехаш. Вай долчохь ца хуьлу и ирс.

"Тхо хIо дуттуш лелаш ма дац"

Къамелаш динчара дийцарехь, ягочун мехаш иштта десташ хьаладолхахь, дазлур ду туьканашкахь дерриг а. Кху бетта чохь хиндерг ду иза.

Владимир Матягин
Владимир Матягин

– Тхо хIо дуттуш лелаш ма дац, ягориг ма ютту оха. Иза язъяларо дестор ду юучун мехаш. Цхьа дуьхьало ца яхь, хIинцца хиндерг ду иза. Оха цундела доьху президенте ситуаци цхьалхаяккхар, ягориг юхкучаьрга шайгара генан сутаралла юхаозийтар, – боху Матягина.

Нагахь санна кирлелочу компанеша шайн мехаш 10-15% лакхабахахь, туьканашкара юучун, бедарийн, массо а хIуман мехаш 2022 шеран хьалхарчу беттанашкахь лакхадевр ду 3% минимум, аьлла го хьал экономсташна.

– Иза мел тIехьа теттарх а хиндерг ду: юьхьанца плюс 3% хьалхарчу кварталехь, амма шершаш, юьйцучу 15% хьалагIур ду мехаш. И 3% еккъа дIа транспорт язъяларна бен яц, ткъа дахаран кхидолу хьелаш а м аду дазлуш лаьтташ. Лаххара а 7% лакхабевр бу мехаш керлачу шеран хьалхарчу кхаа баттахь. Уггаре хьалха язлур ерг юур ю, кхачанан инфляци уггаре сиха яьржаш ерг ю. Ткъа официало мехаш лахара бу бохур ду, болучел шозза лахбийр бу багахь мехаш, – билгалдоккху экономикан министра гIовс льттинчу, "ВНИИ Экология" институтан директора Стариков Ивана.

– Цкъа цхьа тулгIе оьккхур ю кхачанан мехаш десташ, юха шолгIаниг а хир ю. ХIара тхан проблема ерриг а Оьрсийчоьнан бахархошка дIакхочур ю. Со ца кхета, иза стенна ца го – шун бала бу аш балхориг, олу тхоьга, бIе-ши бIе лахарчу а, юккъерчу бизнесан фоиманаш оьгур ю, дIагIерталур ду вай! Дац, хIора доьзална кхочур бу и бала! ХIора пенсионерна кхочур ю якъо: туьканахь йоьхь я даьтта эцар "куралла" лору хан ю тIегIерташ. Кхетийша, мехкдаьттан ягориг а ду, бепик санна, дахарехь оьшу ниIмат, пачхьалкх адамашна ецаш елахь, бепик, шурин мехаш а санна, тергалбан беза ягочун мехаш а. Вайн ахча нехан кисанашка эга долалур дую ха а. Хьенан кисана – хIетал-метал! – Элира Данилко Ивана.

2021 шеран Зазадоккху-баттахь Лерамашбаран Палато дIахьедира, Оьрсийчохь ягочун кризис эккха мега, 2018 шарахь санна, аьлла. ХIетахь дуьнентIехь мехкдаьттан мехаш бистира цIеххьана, дефиците йирзира ягориг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG