Несарарчу "Правовая инициатива" бакъонашларйархойн цхьанакхетараллин офисан белхалоша, шаьш шайн болх сацош бу аьлла, дIахьедар дина. Гуттаренна йа цхьана йукъанна - билгалдоккхуш дац. Цунах хаам зазадоккху-беттан 23-хь цхьаьнакхетараллин телеграм-каналехь битна.
Кавказ.Реалии редакцица цу хьолехь къамел дан а ца лиира цу офисан белхалошна. ДIахьедарехь а дуьйцуш дац цу сацаман бахьанех. Кху шерашкахь шаьш мел лелийна гIуллакхаш дIадала кечлуш ду шаьш элира куьйгалхочо.
ГIуран-беттан 13-хь Оьрсийчоьнан Минюсто "Правовая инициатива" фонд хийрачу пачхьалкхийн агенташ билгалбохучу реестрах дIатоьхна. Проектан болх адамийн бакъонаш цаларйарца боьзна бара. Дукха хьолахь Къилбаседа Кавказехь.
- "Правовая инициатива" фондо 2016-чу, 2018-чу шерашкахь - Дагестанан Ботлих, Цунтин, Тляратинск, Цумадин, Кизлярск-кIошташкахь зудберийн могушалла хIаллакйо операцеш йарах докладаш арахецна. Цу цхьана республикехь йо уьш шарчохь мел кIезга 1200 йоIана.
- Цу проекто Нохчийчохь хиллачу шоллагIчу тIамехь тIепаза байначийн цIерашца карточкаш хIиттийна. Талламхошкахь 330 адамах хаарш ду.
- 2019-чу шарахь "Правовая инициатива", "Новая газета", ПЦ "Мемориал", "Комитет против пыток"- офисаша дийцира, Нохчийчохь, Кадыров Ахьматан цIарах йолчу ППСП №2 полкан гIишлочохь йолчу къайлахчу набахтех. Иштта цара дийцира, 2017-чу шеран дечкен-баттахь таIзарш дина, вийначу 27 стеган цIераш шайна йовзийтуш тоьшалла диначерх лаьцна а.