ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нальчикерчу доларчу музейно гIо доьху Кадыровга


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Kishev Art Home доларчу музейн арт-директора, Оьрсийчоьнан хьакъволчу художникан, ГIебарта-Балкхаройчоьнан халкъан художникан Кишев Мухьадинан хIусамнанас-ингалсхочо Мосс Жаклин Дианас видеокхайкхам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане, музейн хIусамца нисделлачу хьолехь шена гIо доьхуш.

"ХIара петар эцнера оха кхоллараллина, ГIебарта-Балкхаройчоьнан а, йоллу Къилбаседа Кавказан а бахархошна культурин меттиг хилийтархьама. Исбаьхьаллин хIара цIа оха хIинцале а схьадиллина, доллу тхайн дахарехь оха вовшахтоьхна сурташ, книгаш ю кху чохь. Хала хеташ делахь а, гучудаьлла, хIокху петарна регистраци ян тхан йиш цахилар, хIунда аьлча, Нохчийчуьрчу вахархочун цIартIехь хIара хиларна. Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане йистхила лаьа суна. Суна хета, и проблема цхьалхайоккхуш, гIо дан тарлора цо" – боху видео тIехь Мосс Жаклин Дианас.

Карарчу хенахь Кадыров Рамзанан реакци йина яц шега бинчу кхайкхамна.

Долара музей схьаелла Iалашонца хIусам эцна, Нальчикера дуккха а петарех лаьтта цIа деш юкъахь хилла "Республиканское ипотечное агентство" (Акционерийн юкъаралла). Цаьрца бина барт хилла, цхьана декъан дай уьш хуьлуьйтуш.

Росреестрехь чу-ара ца баккхалун бахаман бакъо тIечIагIъеш регистраци ечу хенахь гучудаьлла, петар кхин а цхьаннан долахь хилар – агенталлан белхахоша шозза йоьхкина хилла ю иза.

Оцу тIехула долийна бехкзуламан гIуллакх ду, карарчу заманчохь Нальчикан кхело луьстуш ду иза. Оцу гIуллакхна тIехула зен хилларш бу аьлла, билглаваьлла ву 10 Iехийна декъахо, ткъа царна динчу зенан барам бу 31 миллион сом ду.

Диллинчу хьосташкахь яздарехь, ша "Республиканское ипотечное агентство" кху шеран Охан-баттера дуьйна банкротан процедурехь ю, цундела декъахошна ахча юхалур ду бохучух тешам кIезиг бу.

81 шо долу Кишев Мухьадин – Советан заманан а, Оьрсийчоьнан а, испанхойн а художник ву. Цуьнан белхаш довзуьйтуш ду Оьрсийчоьнан а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Британин а, Испанин а, Францин а. Германин а, Японин а, Австралин а дуккхаъчу музейшкахь а, доларчу коллекцешкахь а. Иттаннашкахь шен суьртийн гайтамаш хилла художникан, иштта, Москварчу кхузаманан кхоллараллин музейхь а, Малхбален къаьмнийн Пачхьалкхан музейхь а, Оьрсийчоьнан исбаьхьаллин академихь а, Мадридерчу конгрессийн шахьарахь а, Лондонерчу Сервантесан Институтехь а.

Къилбаседа-ХIирийчоьнан гоьбевлла художникаша Бедоев Шалвас, Келехсаев Магреза, Дзиова Земфирас белхаш бен Владикавказера гIалин юккъера исбаьхьаллин хIусамаш йохка хьийза масех шо а ду. Церан мах хадийна -27,4 миллион сом. Нагахь санна, гIишлош дIайохкалахь, художникаш арахь биса тарло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG