Sky News телеканало бинчу хаамца, 10 сов стаг лазийна ву. Вестминистерскийн тIай тIехь машено хьаьшна лаххара 5 стаг.
Reuters агенталло бинчу хаамца, тIелатар динарг вийна полицино. Чевнаш хилла ву цхьа полисхо.
Лондонан юккъе тIеозийна кхерамазаллин ницкъаш. Полици толлуш ю хилларг.
Инцидент хилар бахьана долуш дIакъевлина ю Вестминистер олу метрон социйла.