ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIомал оза боху керта тIерачу йозано


Ставропол, цIийна тIерачу йозано наркотик эца койкху
Ставропол, цIийна тIерачу йозано наркотик эца койкху
Мамедов Максим

Наркотикаш юхкурш хецабелла Ставрополехь – цIеношна тIе етта амфетаминан а, кIомалан а реклама

Графити а, йозанаш а ду гIишлойн пенаш тIехь. БIеннашкахь. Юхку "Скорость" ("Чехкалла"), "Микс" ("Эйинарг"), "Соль" ("Туьха").

Гуччош тоьхначу суьрта бухахь юьту телефон, Телеграмера канал я сайт. Сихха бIаьрг тоьхча, хетало бен-башха а доцуш яздина терахьаш, ".biz" аьлла доьрзу дешнаш.

Дикка тидам бича, кхета "бен-башха доцчу" йозанаша, хьоькхнаша бохург – цара хоуьйту муьлха наркотик мичахь эцало. Хьайн карти тIера ахча дIахьажадо ахь – схьахоуьйту, стенгахь дIайиллина карор ю хьуна айхьа эцна коьчал.

Зуламхойн базар шорйо, аттачу йоккху оцу керлачу йохк-эцаран кепо, ткъа вончу хьоле ерзайо Ставропол – масанхьа а санна, цигахь а ду къона чкъор дерриг довза лууш, Iехадала кийчча.

Интернетехь хIора дийнахь санна юкъайовлу "буц", таблеткаш юхку керла "туьканаш". Эксперимент еш, "Кавказ.Реалиин" корреспондент чекхвелира пенаш тIерачу графитино хьоьхучу новкъах. Схьакарийра сихаллица психика, могашалла шен долаоьцу "Скорость", амфетамин, кхийолу наркотикаш юхку интернет-юкъаралла.

Цхьа Старопол хилла ца Iа наркотикийн базаро лаьцначу гIаланийн декъахь – ерриг а Оьрсийчохь лела и кеп. Аноним, шифраш, интернет, кхерамзаллехь вуьсу наркортикаш юхкург.

Ставрополерчу полицин урхаллерчу пресс-гIоьнчин гIовсо Анисимова Аннас тоьшалла до чоьхьарчу гIуллакхийн министралло оцу зуламна дуьхьал шуьйрра баржийна беш болх хиларх.

"Оха кест-кеста "Хаийта, мичахь ю юхкуш Iожалла" цIе йолу акци дIахьо, наха йовзуьйту тхуна наркотикаш юхку меттигаш, юхкучийн цIерш йоху къайлах. Оха толлу хаамаш", - дуьйцу "Кавказ.Реалиига" Анисимовас.

Полицин векало бахарехь, наркотикашна реклама яр – "психика сиха дIаоьцу коьчалш мийла, ийза стаг кхайкхар ду". "Иза цIерш яьхна а боцчу алссам нахе беш кхайкхам бу. Графитино йовзуьйту сайташ, телефон, ткъа юхкучу наркотикан цIерш шайггара техкина ю, масала, "тапки" ("кIархаш") "таблеткаш" бохург ду", - пресс-гIоьнчаллин векало бахарехь.

"Вконтакте" машанехула соьца дуккха а нах зIенебовлу, курьер гIур варий хьо, лаккхара алапа ло шаьш, олий. Ас уьш юьхьанца "блоке бохуьйтура", цкъа хьаьжира, цара хIун боху, церан сайте вахара. Наркотикаш юхкурш хиллера уьш, спайс а, кIомал аоьцучаьрга дIакхетош болх бан кхойкхуш хиллера", - боху тхоьца къамелехь хиллачу Ставрополерчу вахархочо Олега.

Полицино Ставропол-махкара бахархой ларлуш хиларе кхокху, доьху наркотикийн базар евзачаьрга айкхбовларе.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG