ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Наркотикаш лелорна бехкевеш волчу Кадыровн векалан гIуллакх прокуратуре юхадерзийна кхело


Кхелан зал, гайтаман сурт
Кхелан зал, гайтаман сурт

Санкт-Петербурган Московскан кIоштан кхело прокуратуре юхадерзийна наркотикаш лелорна бехкевечу Нохчийчоьнан куьйгалхочун Къилбаседа-Малхбузенан федералан гонерчу векалан Хизриев Исламан гIуллакх.

ГIуллакхан материалашца а догIуш, низамехь доцуш 2,9 грамм йолу мефедронца иэйинарг лелорна бехкево Хизриев. ГИБДД-н белхахоша Хизриевн Porsche Cayenne сацийра 2021-чу шеран гIадужу-беттан 26-хь Санкт-Петербургехь, тIаккх наркотикаш чохь йолу жима тIормиг карийнера царна. Цул тIаьхьа хьаькамо шен могушаллина латкъам бира, тIаккха Елизаветинскан дарбан цIийне охьавиллира иза. Таллам боьдуш Хизриевс бехк тIе ца лецира.

Хизриевн бехктакхамн гIуллакх кхеле кхаьчначул тIаьхьа, бехкинчу бехкех лаьцна а, бехкеваран сацамехь билгалъяккхинчу меттигех лаьцна а, мотивех, Iалашонех а хаамаш цахиларна гIуллакх юхадерзаде аьлла ходатайство елира прокуратуро. Иштта ходатайствехь билгалдоккху, наркотикаш эцна аьлла бехк биллина бац Хизриевна.

Кхелехь УФСИН-н инспекцин Санкт-Петербургерчу а, Ленинградскан кIоштера а векало шен хIусамехь латтош бина сацам чуволларца хийцо беза аьлла дIахьедира. Шо кхаьчна Кадыровн векал шен цIахь латтош. Бехкевийриг а, адвокаташ а реза бацара. Кхело тIаьххьаре а цунна цхьацца гIуллакхаш лелор а доьхкуш хийцира сацам. Хизриевна ца магийра оцу гIуллакхехула болчу тешашца къамелдан, корреспонденци, интернет лело а.

Хизриевна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна шо даьлча Кадыровс шен даржера дIаваьккхира иза. Къилбаседа-Малхбузенан гонера Нохчийчоьнан куьйгалхочун векал Оздамиров Iалаш хIоттийра.

  • Ханты-Мансийскан автономин гонехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун векалан гIоьнчо Сайдаев Iелас а, цуьнан накъосто-полисхочо а йиттинера Азербайджанера схьаваьллачу стагана, цуьнан машен а ядийнера.
  • 2020-чу шарахь Товбеца-баттахь Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирмехь лаьцнера Нохчийчоьнан куьйгалхочун Ивановн кIоштахь волу векал Эдильсултанов Iийса. Бинчу хаамца, иза бехке веш вара хьарамлонца ахча даккхарна а, харц тоьшаллаш дарна а.
  • 2017-чу шарахь Украинехь лецира Нохчийчоьнан куьйгалхочун дуьненаюкъарчу уьйрашкахула волу гIоьнча Цицулаев Рамзан. Цунна экстрадици йира Оьрсийчу. Иза бехке веш ву адам лачкъорна а, ахча даккха гIортарна а. Цуьнан гIуллакх кхеле кховдийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG