Хасав-Йуьртан гIалин кхело арахь йаккха хенаш тоьхна цхьана хенахь полисхой хиллачу Алиев Шемална а, Сайпулаев Рамзанна а. И шиъ бехкевора лаьцна йалийначу зудчунна тIехь гIело латторна а, бух боцуш наркотикашна бехкейина бехкузуламан гIуллакх дуьхьал даккхарна а. Цаьрца цхьана хан тоьхна оперативник хиллачу Ахмедова Майина а. Хьалхо кхело дина таIзар шозза йуха листа хьажийнера махкара Лакхарчу кхеле, оцу заманчохь гIуллакх листа йелла хан тIехйаларна, цхьана бехках бевлира уьш. Цунах лаьцна хаамбина "Iазапашна дуьхьал йолчу Командо".
Полисхошна кхел йинера 2020-чу шеран зазадокху-баттахь меттигера лаьцна йалийначу Курашова Юлдузна йеттарна. Полицин декъе дIа а йигина, Курашовас дийцарехь, йетташ, ахча даккха гIоьртинера цьунгара, шаьш йуьйр йу хьо, йа наркотикаш тосур йу бохуш, кхерамаш а туьйсуш. ТIаьхьо кхелан-медицинан экспертизано гучудаьккхира цуьнан коьртан хье лазийна хилар, дуккха а дегIа тIехь чевнаш а хиллера. Лаьцначу шолгIачу дийнахь дIахецнера иза, эшахь тIейогIур йу аьлла, кехатна куьг йаздайтина. Иштта бехке йинера Курашова наркотикашца йоьзна йу аьлла.
Оццу шеран аьхка полисхошна дуьхьал гIуллакх даьккхира, шайгарчу бакъонел тIех бевлла аьлла. Цул тIаьхьа а кхерамаш туьйсуш хиллера Курашована полисхоша.
Ахшо даьлча дуьххьарлера таIзар довзийтира: Алиевна а, Сайпулаевна а чохь даккха кхоккха шой ахшой хенаш туьйхира. И шиъ а, Ахмедова Майя а жоьпалле озийнера иштта тоьшаллашца харцо лелорна, Ахмедована а арахь йаккха хан кхайкхийна.
Дагестанан Лакхарчу кхело шоззе а таIзар йухадаьккхира, кхозлагIа гIуллакх луьстучу заманчохь тоьшаллашца харцо йар артиклан хан тIехйаьллера. Полисхой бехкебира, амма таIзарх кIелхьарабехира. Эххар а чохь йаккха хан тухуш кхайкхийна таIзар хийцира, арахь хан токхуьйтуш.
- Оперативникаш хилла Дербентера Халилов Джабраил а, Ильясов Сократ а лаца кхайкхийна ву, шайгарчу даржах пайда а оьцуш, тоьшаллаш харцдарна. Талламчашна хетарехь, цара 2023-чу шарахь лаьцначунна граната а, герз а тесна хиллера, тIехь ницкъ а бина, зуламна къаро йайтинера цуьнга.
- Дагестанера Тлох эвлан бахархоша видео дIайазйира мехкан куьйгалхочун Меликов Сергейн а, ФСБ-н куьйгалле а хьажийна. Цу тIехь цара дийцира, бехкзуламан гIуллакхехула бехкевина лаьцна вигинчу шайн йуьртахочунна Шамсудинов Мохьмадна йеттарх, цуьнгара дараш дохуш. Цара дийцарехь, дарбанан цIийне а кхачийнера иза.
- Лаьцна вигина хилла Далгатов Курбан полицин декъехь валарца доьзна бехебина Дагестанера полисхой Украинерчу тIамтIе хьовсийна. Веллачун гергачарна Меликовс дош деллера, бехкеберш жоьпалара бовлуьйтур бац ша аьлла.