ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Наркотикашна дуьхьал хилла жигархо вийначунна таIзар кхайкхийна Дагестанехь


Антинаркотикан жигархо Абдурагимов Вали верна бехкевечу меттигерчу вахархочунна Болатханов Джаммалитдинна ша динчу таIзарх вердикт кхайкхийна ХIинжа-ГIалара Советский олучу кIоштан кхело. Таркхи эвлахь кху шеран Дечкен-баттахь вийра Абдурагимов.

Болатханов бехкехилар тIе а чIагIдина, шогачу хьелашкарчу набахтехь даккха итт шо хан тоьхна цунна, яздо "Махачкалинские известия" гIирсо.

ХIинжа-ГIалара 28 шо долу вахархо Болатханов лаьцнера Дечкен-беттан 5-чохь.

Хаамбарехь, Дечкен-беттан 3-чохь еххачу хене яхъеллачу конфлиткна тIехула даьллачу девнехь таллархойн топ коьртах тоьхнера бехкехетачо 28 шо долчу Абдурагимовна. Оцу меттехь кхелхинера иза. Таркхи-Тау ломан басехь йолчу берийн "Якорек" садоIийлан гIишлонан дозана тIехь хиллера инцидент.

Цул тIаьхьа, Абдурагимов велла кхо де даьлча, ХIинжа-ГIаларчу Таркхи эвлахь вовшахкхеттера меттигера нах оцу сингаттамах дийцаредан. Оцу гуламехь а вовшахлетарш нисделлера, вийра Хайрулаев Керим. Зуламашна бехке ву аьлла, шеконаш тIеэгна шиъ лецира.

Дечкен-беттан 7-чу дийнахь ХIинжа-ГIалин мэро Дадаев Салман, кхинболу хьаькамаш, ницкъхой вовшахкхийтира меттигерчу бахархошца маьждигехь. ГIуллакх дерзор тIедиллира мэро меттигерчу Iеламнахана.

Дечкен-беттан 8-чохь Таркхерчу маьждигехь имамо дIакхайкхийра, Iелманехан сацам хилла, стаг верна бехкевечу Абдурагимовн гергарнаш махкара баха аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG