ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Наркотикашна дуьхьал волчу жигархочо дакъа а лоцуш герз кхийсина Несарахь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дечкен-беттан 5-хь Несарахь ши стаг лаза а веш герз кхийсина. Цунах лаьцна ГIалгIайчухула йолчу МВД-но дуьйцу.

Mash Gor телеграм-канало йаздарехь, таллархойн топ кхийсина хилла психотропан молханаш низамехь доцуш дохкарна дуьхьало латторчу "Антилирика" боламан жигархочо Даурбеков Мусас. Реабилитацин центрера ведда волу меттигера стаг дIалаца гIоьртина хилла иза, дийцарехь, тIаккха вукхо травматикан герз кхийсина хилла. Ший а дарбан цIийна дIавигина.

Дайначу шарахь Несарахь тIелатар а дина, вийна волчу "Антилирикан" жигархочун Марзаганов Мохьмадан доттагI хилла Даурбеков бохуш дуьйцу.

  • Къилбаседа Кавказан республикашкарчу "реабилитацин центрашкахь" дарба лелор ницкъбарца, сийсазаллаш лелорца а доьзна хуьлу, бохуш масийттаза дийцира Кавказ.Реалиин сайто.
  • Хасавюртарчу "Старт" "реабилитацин центрехь" шена ворхI баттахь тIехь ницкъбина аьлла Талламан комитете арз дина Дагестанерчу Асхьабов Мохьмада. Цуьнан гомосексуалан "цамгарна" дарбан дан Iалашонца гергарчу наха "рехаб" чу воьллина хиллера и нуьцкъаха.
  • Дагестанерчу Идрисова ПетIамата дийцина, шена хIусамехь ницкъбора, нуьцкъаха дарба леладора, иштта гергарчу наха ша лачкъийнера аьлла. Бакъоларйархойн гIоьнца пачхьалкхера йада а йедда, шен цIе хийца аьтто белира цуьнан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG