ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Наркотикашна тIехула таIзар дина хилла ХIирийчуьра блогер арахецна


Наркотикаш латтийна аьлла, бехкейина хилла Къилбаседа ХIирийчуьра блогер Джикаева Малика маьршаяьккхина колонехь ши шо даьккхинчул тIаьхьа. Ши бутт хьалха Ставрополан кIоштан Пятигорскерчу кассацин пхоьалгIачу кхело кхаа шарна тIера шина шаре охьаяьккхира цунна чохь яккха тоьхна хан, яздо Кавказ.Реалиино.

Кавказ.Реалиин хиллачу къамелаца Джикаеван адвокато Бедоева Инарас дIахьедира, кхачамбацаршна а, цхьаьна цадарашна а тIехуха хьалхарчу инстанцин кхело гIуллакх юха керла талларе сатуьйсуш бара юристаш, амма кассацин кхел "компромиссе еара" аьлла.

"Чиллан-баттахь кассацин кхело йиссина хан тIера а йоккхуш, шина шаре ялийра цуьнан хан. Кхелехь кхеташ бара, и билгалдаккхарна латкъам бан тхан йиш йоцийла, хIунда аьлча, баккхий кхерамаш бара – Джикаева юха а лаьцна йита тарлора: юха а кхелаш, таллам. Иза а шерашка дахдала там бара. Цу тIе бакъхиларан кхел – вайн кхелан системехь цхьа а доцург ду", - аьлла Джикаеван адвокато Бедоева Инарас.

Нохчийчоьнан коьртачу гIалахь лецира Джикаева Малика 2020-чу шеран Зазадокху-беттан 9-чохь. Талламан версица, цуьнан тIоьрмиг чохь наркотикаш карийнера, амма цо ша чIагIдора, шена тийсина яра уьш бохуш. Соьлжа-ГIаларчу Заводской кIоштан кхело ГIуран-беттан 11-чохь юкъарчу хьелашкарчу колонехь даккха кхо шо хан туьйхира цунна. Зазадокху-беттан 3-чохь Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело таIзар хийцаза дитира.

  • Кхело сацам бинчул тIаьхьа къаьстира Маликин йиша – Джикаева Карина кхалхарх. Цул тIаьхьа нана Кудзиева Анжела Нохчийчоьнан куьйгалхочьунга Кадыров Рамзане елира, гIо доьхуш.
  • Хьалхо Джикаевана гIуда тоьхнера мегаш доцчу меттигехь герз деттарна. Полисхойн духар а доьхна, герз кхийсинера цо. Хетарехь, инцидент Нохчийчохь хилла яра.
  • Джикаеван гергарчара дIахьедора, цуьнан лацар доьзна хила тарло, цо дIаязйина, Инстаграме хIоттийначу провокацин видеоца бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG