ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Наркобизнес кешнашка яьккхина ХIирийчохь


Кхааридийнахь социалан машанехь хIирийша яржийна схьалецна наркоманаш бу бохурш тIехь болу видео. Кхо стаг ву цу видео тIехь цхьана майданехь, гор а хIоттийна, латтош.

Берриге а цIийх буьзна бу, йиттина. Уьш емал а беш, цаьрга маьттаза мотт буьйцу тIехIиттинчара. Уьш лецна Беслан-гIалахьюхкучара дIаехкина наркотикаш схьаоьцучу хенахь. «Орцадала! Тхо оцу наркоманаша дуьтуш дац!» – бохуш цхьана озаца кхайкхамаш бо хIирийн жигархоша интернетехь. Дийцарехь, цара гIад-амал дайъина церан.

Иштта наркотикаш эцар керла хIума ду Кавказехь даьржина. Юхкучо шена интернетехула ахча ма кхаьчнехь, смс-хаам бо мичахь дIайиллина ша наркотик олий. Вукхара тIаккха лоьху иза, латта а охкуш. ХIирийн махкара «Маршо» цIе йолчу нохчийн культуран центран куьйгалхочо Хатаев Нурдис даре до наркоманица долу гIуллакх телхина хиларна. Амма уьш лаха нах богIур бацара, уьш юьхкуш яцахьара бохуш дийцира цо.

Хатаев: «Вайн цIахь наркотикашца долчу хIуманан Iедало тидам латтабодела, кхуза ХIирийчу а, Ставрополан кIошта а схьа а богIий, хIума леладо наркоманаша. Белхан меттигаш йоцу дела а леладо иза, я шайна юккъе озабо бехачу доьзалера нах. Юхкурш лацахьара, тIаккха меттадогIур дара и гIуллакх».

Нохчийчохь наркотикаш лелориш дIабаьхначул тIаьхьа, цуьнах цомгаш хилла нах луларчу мехкашка эха буьйлабелира. Моздокехь а, Пятигорскехь а аптекашкахь молханаш а оьцуш, царах шайна тоха а, мала а дIовш кечдора. Хийла тента ваьлла нохчо а, гIалгIа а лаьцнера цигахь.

ЦIерачу полицица, меттигерчу прокуратурица а цхьацца кхетош-кхиоран белхаш до шаьш боху ХIирийн махкарчу нохчийн хьалханчас Хатаев Нурдис. Амма юха а, тIаккха а цо билгалдоккху, и къийсам массо а агIор бан безаш бу аьлла.

Хатаев: «Кхузахь, Моздокехь, прокуратурица цхьацца белхаш дIахьо оха. Амма Владикавказехь а, Бесланехь а долчунна тхоьга Iуналла ца дало. Вайн цIера полицица а профилактика йина оха. Юха а, тIаккха а ас боху юхкурш дIабаха беза. Наркоманаш-м хир ма бу уьш мел бу».

Хатаевс бахарехь, цунна тIебогIу дIалецначу наркоманийн гергара нах, уьш кIелхьарбохуш гIо дахьара олий. Ша, мелхо а, дехар до цаьрга низамца ма-доггIу, царна таIзар де олий.

Хатаев: «И санна нах а нисбелла суна. Амма ас даима низамо ма-бохху таIзар де аьлла. Сан да велахь а, и санна нах я доьзална а, я гергарчарна а, я махкана а пайде бац».

ХIирийн махкахь шина дийнахь 40 сов стаг дIалаьцна бохуш хаам бо наркоманашна дуьхьала гIевттинчу хIирийн жигархоша. ДIалецначарна юкъахь полицин белхахой а бу. Дийцарехь, Нохчийчуьра Талламан комитетан цхьа белхахо а ву, аьлла яздо цара социалан машанехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG