ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нацизм къобалъяр экстремизм санна ларар хьехна Оьрсийчоьнан инарла прокуроро


Инарла прокурор Краснов Игорь
Инарла прокурор Краснов Игорь

Нацизмна пропаганла яр, къобалъяр, реабилитаци яр экстремизмалла лара аьлла, хьехна Оьрсийчоьнан инарла прокуроро Краснов Игоря. Цунна хетарехь, цу барамо мел а таронаш шорйийр ю оцу зуламашна дуьхьал латта, яздо Свобода Радионо.

Инарла прокуроро дина хьесап тайна шайна аьлла, дIахьедина Федерацин Кхеташоно, гуьйренан сессехь оцу низамна тIехь болх бийр бу шаьш аьлла, билгалдоккхуш.

Хаа а хууш, ветеранех лаьцна харц хаамаш нахала бахар а, ишта, церан "сий дайъар" а, "Даймехкан дуьхьа эгначийн сий, иэс" сийсаздар а" нацизм къобалъяр санна лара мегар ду аьлла, бехкзуламан жоьпалла тIедожош низам тIеийцира Оьрсийчохь.

Путин Владимиран инициативаца Мангал -баттахь тIеэцначу низамо доьхку "Советан заманахь хиллачу эскархойн, буйранчийн, урхалхойн Iалашонаш, сацамаш, гIуллакхаш нацистийн Германин а, "гонерчу" пачхьалкхийн а куьйгаллин, эскархойн Iалашонашца а, сацамашца а, гIулллакхашца а диллина дустар. Цул совнах, низамца а догIуш, Оьрсийчохь магош дац Советан пачхьалкхо нацистийн Германина тIехь толам баккхар харцдар а.

Охан-баттахь Красновс арахецнчу рапортца, нацизман реабилитаци ярца доьзна зуламаш тIаьххьарчу кхаа шерачохь кхиина 2,5-зза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG