2018- чу шарахь Оьрсийчоьнан президентан харжамашна кечлучу хенахь протестан боламан лидеро, коррупцина дуьхьал талламаш барца гоьваьллачу Навальный Алексейс дIахьедира, доьалгIа президент хила лаам болчу Путин Владимирна конкуренци йан воллу ша аьлла. 2017-чу шеран гезгамашин-баттахь Мурманскехь митинг хIоттош йолийра Навальный Алексейс регионалан харжамийн кампани, оцу заманчохь иттаннашкахь гIаланашкахь хилира иза. Харжамашна иза йукъавита дуьхьал бара Iедалхой, 2018-чу шеран бIаьста Путина толам баьккхина аьлла дIакхакхийра.
Ши шо тIаьхьа, 2020-чу шеран аьхка, Навальный Алексейна "Новичок" олу дIовш делира – чIагIдарехь, оцу коьчалх пайдаоьцу къайлахчу сервисаша шайна товш боцу нах хIаллакбеш. Дарба дан Германи дIавигира Навальный. Реабилитаци йина масех бутт баьллачул тIаьхьа цо дIахьедира, ша Оьрсийчу йухавоьдуш ву аьлла. 2021-чу шеран дечкен-баттахь Навальный Алексей Москва веара, оцу сохьта лаца а лецира иза. Политикан бахьанашца йеххачу ханна набахте хьажийра иза. 2024-чу шеран чиллан-беттан 16-чохь Оьрсийчоьнан Iедалхоша дIахьедира, цIеххьана Навальный Алексей колонихь кхелхина аьлла.
Оппозицин политик Навальный Алексей дагалоцуш Маршо Радион оьрсийн сервисо зорбане йаьккхина 2017-2018-чу шерийн цуьнан президентан кампанин хроника – документалан "Дахаран билгалонаш" проектан "Хиндолчуьнга сатийсар" фильмехь.
Навальный Алексейн къамелашкара а, интервьюшкара а
Со ца кхоьру
– Маршалла Мурманске! Доккха баркалла шуна кхуза дахкарна. Баркалла шуна, кхера ца даларна а. Меллалц кхера дезаш ду вай? Со ца кхоьру. Со чувуллур ву бехира, чу а воьллира, кху харжамийн ах компани аьлча санна спецприемника чохь йаьккхина ас. Цу чохь Iар гIоле хета суна, амма со кхеташ хир ву, бакъдерг дийца сайн бакъонна со йухаваьлла цахиларх.
– Хьанна хета со америкахойн проект йу аьлла? Далла бу хастам, кIезигчу нахана иштта хеташ. Хьанна моьтту со Путинан проект йу? Цхьанна-шинна-кхаанна. Хьан лору со Мурманскан кIоштан проект? Иштта дан а ду и.
– Ас лелориг диллина гуш ду. Дуккха а шерашкхаь ас лелош дерг интернетехь гойла ду. Суна тIаьхьа уьду, шпионалла леладо, камераш тIе базбо сан доьзал, и дерриг а интернетехь ду. Сан дахар, кхин дIоггара чIогIа и лууш вац со, сирла, цIена къаьсташ ду. Цундела ас чIагIо йо шуна: со шун проект йу. Ас хIара хIуммаъ а лелор дацара, оцу кепара проект оьшу нах буйла сайна хууш ца хилча.
– Вовшашца доьзна хIуманаш ду хIорш [регионашкара кампани а, Москвахь жигархочунна Навальныйна тIелатар а], царна гуш ду, цхьана а кепара хIара сацон йиш йоций, хIунда аьлча, адамаш тхоьгахьа ду, - коьртах биргIа йетта а йеза.
Цкъа мацца хилла а Оьрсийчохь цIена, оьзда президент хила ма веза. Иштаниг хила лаьа суна
– Адамашна оьшу президент хила лаьа суна. Нийсонца волу президент хила лаьа суна. Цкъа мацца хилла а Оьрсийчохь цIена, оьзда президент хила ма веза. Ишттаниг хила лаьа суна.
– Со кхуза вогIучу заманчохь, бохура: массо а нах лоьцур бу. Митинге догIий шу, дерриш а доьхкур ду. Со веара, со кхеравелла ца Iийра. ХIора а ша шех тешаш хила веза. ХIара вайн пачхьалкх йу, вайн йу хIара пачхьалкх!
– ХIаъ, Путин жуьлик а, коррупционер а ву боху ас. ХIаъ, цо кхоьллина йу хIара коррупцин система аьлла а хета суна. Ойла йайша, цуьунан нуц уггар а къона долларшкахь миллиардер ву Оьрсийчохь. Ша шах хуьлийла дарий и иштта? "Роснефть", "Транснефть", иштта кхинйолчу а компанешна тIехиъна Iаш йу цуьнан йоI. Ларамза хуьлийла дарий иштаниг? Дацара. Цуьнан дача йолчу меттигера цуьнан лулахой а цхьаьна бу миллиардераш, цуьнца цхьаьна гIуллакх дина хилларш, тоххара цуьнан хилла доттагIий – уьш берриг а миллиардераш бу. Вуьшта хила йиш йарий иштаниг? Вай и боллу нах набахте бохуьйтур бу, ас чIагIо йо шуна.
Хьуна ницкъ беш белахь а, хьайна луъург ахь дар – дуьхьалойар ду
– Коьрта харжамийн комисси ца йеза суна Шуна а кхин башха со везаш вац аьлла хета суна. Нагахь санна, аша со харжамашка ца вуьтий – суна дуьхьал бина сацам бац и, со хьалхатеттинчу 16 эзар стагана а, 200 эзар волонтерана а дуьхьал бина бу. Шо ду цара харжамийн комиссехь белхаш бен, дийнна шарчохь Навальный харжамашка вита бохуш, кхайкхамаш бечу миллионашкахь нахана а дуьхьал беш бу аша и сацам.
Навальныйх гIоьртина а дац и хIума, харжамашка а веана, вайн пачхьалкхехь мел хуьлуш долчух, перспективаш цахиларх, къоьлла хиларх диллина дIаэр долу стаг оьшу. Ас и дина, цундела ца лаьа шуна со харжамашка вита.
– Хьуна ницкъ беш белахь а, хьайна луъург ахь дар – дуьхьалойар ду.
Навальный Алексей кхелхина ер Ямало-Ненецкан автономин гонашкарчу колонихь. Федералан таIзар кхочушдечу урхалло бира цунах хаам чиллан-беттан 15-чохь. Официалан версица, политикна вон хилла арахула волалучу хенахь, оцу мIаьргонехь кхетамчуьра а волуш. Маса тIакхайкхинчу лоьрийн аьтто ца хилира тутмакх меттавалон.
- Навальный Алексейн пресс-секретаро Ярмыш Кирас тIечIагIдина чиллан-беттан 17-чохь цуьнан кхалхар. Навальный Алексей вийна. Чиллан-беттан 16-чохь делкъанна меттигерчу хенаца 14:17 минот йаьллачу заманчохь са даьлла цуьнан, Алексейн нене деллачу официалан кехата тIехь йаздина ма-хиллара. Колонин белхахочо дIахьедира, Навальныйн дакъа Салехардехь ду аьлла", - йаздира Ярмыша социалан машанехь.
- Талламан комитето дIахьедина, иза валаран бахьана хIинца а къаьстина дац, талламаш бина бовллалц дакъа гергарчаьрга дIалур дац аьлла. Ярмыша бахарехь, адвокаташка аьлла хиллера, "талламбар дирзина, криминал хаайелла йац" аьлла.
- Чиллан-беттан 17-чохь Ставрополехь, Сочихь, Астраханехь, Ростовехь, Таганрогехь, Буьри-ГIалахь, иштта Оьрсийчоьнан къилберчу кхечу гIаланашкахь а лоьцура, оппозицин политик Навальный Алексей дагалоцуш, репрессеш лайначийн мемориале зезагаш кхоьхьу нах.