ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Казахаш зударшца юкъаметтигаш лело Iамабо Назарбаевс


Назарбаев Нурсултан
Назарбаев Нурсултан

«Нагахь хIусамнана хаза елахь, цуьнга хьо хьекъалдолуш ю ала. Нагахь иза безамехь елахь, цуьнга хьо хаза ю ала. Нагахь иза хаза а, хьекъале а яцахь, хьо азъелла ала». Иштта хьехамаш бо Казахстанан куьйгалхочо Назарбаев Нурсултана казахашка

«Нагахь хIусамнана хаза елахь, цуьнга хьо хьекъалдолуш ю ала. Нагахь иза безамехь елахь, цуьнга хьо хаза ю ала. Нагахь иза хаза а, хьекъале а яцахь, хьо азъелла ала».

Иштта хьехар дира, дуккха а шерашкахь Казахстанан куьйгалхо волчу Назарбаев Нурсултана Зазадоккху-беттан 8-чу дийнахь президентан хIусамехь зударийн денна леринчу барамехь вистхуьлуш.

Гулбеллачаьрга Назарбаевс элира, зударшна довха дешнаш алар коьрта хIума ду, нагахь шаьш хIусамнаноша лара шу лууш делахь аьлла а, ша даима а казахийн божарий Iамабо къонахоша зударшца лелон дезачу гIиллакхашна а, зударшца юкъаметтигаш муха лелон еза а.

Делахь а, шена гонахболу божарий хуш бац, шаьш хIун лело деза аьлла, забар йира цо.

Президенте ладугIучарна юкъахь бара зударий, шайца бизнесхой а, хьехархой а, лоьраш а, спортхой а, парламентан декъашхой а болуш.

ТIаьхьо оццу дийнахь Назарбаевс кхин цкъа а хаийтира, шена зударех лаьцна хетарг, социалан машанашкахь, шен бакъдуьненчу яхана нана хьахош, 2001-чу шарахь яьккхина видо а гойтуш.

Назарбаевс элира, 1977-чу шарахь кхелхинчу шен ненаца марзо оьцуш Iан йиш ца хиларна, дохковаьлла ша аьлла. Ша даржашкахь лакха волуш лелачу хенахь, шен нене сатийсара ша, цхьа сацам беш цуьнах дагавала лууш хилар ша, боху Назарбаевс.

"Со мистик вац, со ца теша холмачхойх а, астрологех а", -- боху Назарбаевс видео тIехь. – Амма баккъалла а, дуьненчохь хилла ас сатийсинарг. Цо элира соьга «Тешалахь, дерриг дика хирг хиларх аьлла».

Казахстанехь хIора шарахь Зазадоккху-беттан 8-чу дийнахь даздеш Iедал ду зударийн де. Цу дийнахь хуьлу официалан цхьаьнакхетарш а, гуламаш а, леррина телепрограммаш а, ткъа иштта доьзалшкахь даздарш а.

Кху шарахь Казахстанан коьртачу гIала дохка деана 8 тонн 600 кила зезагаш. Иза кхузза гергга алсам ду хIора баттахь духкучул а.

Цу терахьо гойтуш ду, мел чIогIа даздо казахаша Марсхьокху-беттан 8-гIа де, яздо меттигерчу зорбанан гIирсаша.

Социалан машанашкахь Назарбаевс яздинчунна бухахь йитинчу комментареша гойту, президенто зударийн хьокъехь дуьйцург цара тидаме эцна хилар.

«Дика хьехар ду, вай дан деза цо бохург», - яздина, масала, «Тенгринов» цIе йолчу стага.

Амма, цхьана комментаторо, цавашарца шена хетарг дитина, президенто бинчу кхайкхамна бухахь «суна хетарехь, берриг а вайн зударий хьекъал долуш а, хаза а бу, уьш азбала оьшуш а дац» аьлла.

Иза а ду «Iедалша деш гIо а доцуш, бераш а кхиош, шаьш шайна белхан меттигаш кхуллуш, Iедална ял а луш, 63 шо кхаьчча пенсе бахабезаш болчу» казахийн зударийн кхин а цхьа ларам бар.

XS
SM
MD
LG