ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Назрань гIалин мэр лаьттинчу Тумгоевн хIусамех хьовсуш бу


Назрань
Назрань

Бакъоларъяран органийн белхахой баьхкина ГIалгIайчуьра Назрань гIалин мэр лаьттинчу Тумгоев Алиханан хIусамех хьовса. Иза шеконе лаьцна, шегарчу бакъонел соввийларна, хаамбо "Интерфаксо", ТАСС агенталлаша, шайн хьасташна тIетевжина. ГIалгIайчохь дIахьочу барамех лаьцна хаийтина дац чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан сайтехь.

Назрнаь гIалин администрацин коьртехь вара Тумгоев 2012-чу шарера 2019-чу шаре кхаччалц. Шен хан чекхъяьлча дарж охьадиллинера цо. 2019-чу шеран ГIуран-баттахь полицино лецира Тумгоевн хилла гIовс, бакъонел тIехваьлла аьллачу шеконашца.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедарехь, бахьана дара ши шо хьалха хинан биргIа дIахIоттош белхаш байта дина контракт, дийцарехь, харц хилла иза. Оцу балхана аьлла, хьажийна 24 миллион сом "бух боцуш арахьарчу организацийн чоьташ тIе дехьадаьхнера".

Тумговес дарж охьадиллале хьалха, муьлш бу цахуучу наха мэрин гIишлонна герга а баьхкина травматикан герзаш диттинера, чевнаш йира кхаа стагана, оцу заманчохь мэр хиллачу Тумгоевн кIантана а цхьана. Зуламхойн ка яьллера полисхой тIекхачале къайлабовла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG