ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Соьлжа-ГIала боьду цIерпошт" документалан фильм гайтина Нидерландехь


Соьлжа-ГIала, 1995-чу шеран Дечкен-беттан 25-гIа де
Соьлжа-ГIала, 1995-чу шеран Дечкен-беттан 25-гIа де

Зазадоккху-беттан 13-хь Роттердамехь "Соьлжа-ГIала боьду цIерпошт" (Train to Grozny) цIе йолу Нидерландашкара документалан кинон режиссеран Лео де Буран (Leo de Boer) фильман а, книган а гайтам хилла. Барамехь дакъа лаьцна тIе ца эцначу Нохчийн республика Ичкерин векалша а, тайп-тайпанчу Европан мехкашкарчу нохчийн диаспорера декъашхоша а.

Фильмехь гойту тIамо лаьцна хьийзочу Нохчийчуьра хьал а, иштта, оцу хиламашкахь дакъа лецначийн интервьюш а. 2000-чу шарахь иза гайтира Голландин телевизионехула, иштта IDFA, Message to Man, кхинйолу фестивалан программашна юкъалаьцна а яра иза.

"Нохчийчохь хилларг а, тахана Украинехь хуьлург а вуно вовше тера догIуш хета суна. Иштта, со чIогIа кхоьру Киевн кхолламах хила мегачух, хIунда аьлча, 2000-чу шарахь оьрсаша Соьлжа-ГIалахь динарг суна сайн бIаьргашца гина со цигахь волуш. Цхьахволчу оьрсийн салтичо элира соьга, вела а воьлуш: "Оха йоьттина ю иза, оха йохор а ю!", - дийцина Лео де Бурас Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь.

Нохчех лаьцна дуьйцуш, Нидерландашкара режиссера билгалдаьккхина, церан къардайна хиларо ша цеваьккхина хилар. Иштта цуьнгахь битам хилла йохийначу Соьлжа-ГIала бахьанехь - мел зен хилча а, шен бахархоша яхь дIа ца луш дахар дIакхехьначу гIала бахьанехь.

"Оьрсийн (Москвара) хьежамех вуно чIогIа къаьстачу оцу культурехь со кхийтира оьрсашна кхузахь меттиг боцийла. Цундела, суна гарехь, иза колонизаци ю. Иза Европерчу пачхьалкхаша Африкехь а, кхинйолчу колонешкахь а лелийнарг ду, амма хIинца малхбузено къобалдеш хIума дац иза", - тIеьохна къамелдечо.

Соьлжа-ГIала иза кхераме масала хила мега Киевна а, кхинйолчу Украинан гIаланашна а хиндерг гойтуш. Амма хIинца иза вайн Европан бертехь ду. Европхой кхеташ бу иза шайн уллохь хуьлуш хиларх. Делахь а, Украинера тIеман агресси къаьсташ яц Нохчийчуьрчу тIамех, мухха делахь а, Кавказ генахь ю Украинел а, боху Нидердандера режиссера.

Лео де Бурас тIеьуьйхира, шен фильм интернетехь мехаза хьажа йиш ю, аьлла.

  • 2020-чу шеран Лахьан-баттахь "Марша догIийла Нохчийчу" (Welcome to Chechnya) фильманна а, цуьнан режиссерна Франс Дэвидна а, леринчу эффектийн директорна Лейни Райанна HTA Awards тергамхойн "Креативан а инновацин" совгIат делира. HTA Awards хIора шарахь луш ю Голливудехь фильмаш, сериалаш, йоца кинош, рекламан видеош яхарехь кхиамаш дахарна.
  • Францерчу модан, дизайнан, исбаьхьаллин Numéro Homme журналан Лахьан-баттерчу арахацарехь зорбане яьккхира вевзаш волчу Швейцарера суьртхочун Мокафико Гвидонан "Хила йиш йоцу безам" суьртийн проект, дуьненахь а, шен декъехь Нохчийчохь а, ЛГБТ+ нах хьийзорна лерина яра иза.
  • Premier кино гайтаран онлайн платформано "Бехк боцуш кхел йинарш" аьллачу сериалан дуьххьара дакъа гайтира, цуьнан турпалхо Краснодарскан кIоштан Тысячный-эвлара 34 шо долу вахархо Данилов Артем вара. Цо дIахьединера, шена МВД бехктакхаман лехаман белхахоша йиттина аьлла, цара тIедожийна хиллера цунна, шеца Iийна хиллачу зудчунна етта а йиттина, иза йийна хилар тIелацар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG