Нохчийн "Ахмат" эскаран буьйранча Алаудинов Апти луьйш вара Курскан кӀоштарчу бахархошна. Кадыровн инарла оьгӀазвахийтинарг дара, украинхойн эскархоша дӀалаьцначу Суджа-гӀалара бахархошна арадовла гуманитаран коридор ца йелла аьлла, Iедалхой бехкебар. Масална инарлас Нохчийчохь хилла ши тӀом хьахийра, амма оцу дустаро цуьнан аргументаш ледара хилар гойту аьлла хета тхан редакцица къамел динчу эксперташна.
Меттигерчу "Сейм" телехьожийлана интервью луш, инарлас Алаудиновс дӀахьедира, Курскан кӀоштан бахархойх "ша санна дика" кхеташ цхьа а вац, хӀунда аьлча, Нохчийчохь хиллачу шина тӀамехь, шен гергара нах а, церан бахамаш а шозза хIаллакбинера аьлла. Цо дӀахьедира, шен доьзалера массо а божарий Ичкерин агIончашна дуьхьал тӀом бина бу аьлла.
Журналисташна АлаудиновгӀеран доьзалах лаьцнарг цуьнан дийцаршкара бен хууш дац. Хьалхо инарлас дӀахьедира, шен да а, воккхаха волу ваша а 1994-чу шеран гIадужу-баттахь "Дудаевна а, Масхадовна а, кхечу ичкерихошна а дуьхал бинчу хьалхарчу тӀамехь" кхелхина хилар . Иштта, шолгӀа тӀом боьдуш иза ша а вара федералан Ӏуналлехь йолчу Нохчийчоьнан кӀоштан прокуратурехь болх беш, ткъа 2001-чу шарахь чоьхьарчу гӀуллакхийн министралле дехьавелира, урхаллин кадрийн декъан инспекторан дарже.
"Цхьа хан йара - сан хӀусамехь кхехкийна хи, чай, Ӏаьржа бепиг а, шекар бен доцуш. ХӀетахь тхоьгахь хилла къиза хьал -кхузахь ца го суна. ХIетте а, и дерриг оцу нахана дIалуш ду, амма хIетте а реза боцуш бу", дIахьедира цо.
Цул тӀаьхьа цо шога критика йира "хьал талхо гIерташ болчу кIезигчу нахана". Уггар а хьалха Курскан кӀоштара оккупаци йинчу дозанашкара божаршна, цо бахарехь, "ханна адам дIатардечу меттигашкахь Iаш, шайн хӀусамаш ларъйеш боцу". Уьш кхин а бехке бу "дехьа агӀор болчу нахе ладегӀарна а" – хетарехь, Алаудиновс дуьйцург ду, мессенджершкахь а, цхьаболчу хаамийн гӀирсашкара а хаамаш. Кадыровн инарлас тIаме ца баханчу Курскан кӀоштарчу бахархошна хьехар дира "шун дистхила йуьхь йац" аьлла.
Мичахь бина Алаудиновс а, цуьнан гергарчара а, ичкерхошна дуьхьал тӀом? Иза а, цуьнах терра берш а, Волгоградан кӀоштарчу Ӏаморан базашкахь Ӏамийна бара
Цул тӀаьхьа масех де даьлча "Ахматан" буьйранчас критика йира украинхойн эскархоша дӀалаьцначу территорешкара шайна арадовла "гуманитаран коридор" схьайеллийта хьийзаш болчу бахархошна. Суджа-ГӀалахь дисина шен къена да-нана лоьхуш йолчу Антипина Любас гӀалин бахархошка кхайкхам бира "Танкисташна - Курскерчу тӀеман турпалхошна" аьллачу хӀолламе схьадуьйла, цигахь, чIурамаш а хIиттош, зезагаш дохкур ду, аьлла.
Цунна жоп луш, Алаудиновс дӀахьедира, акци вовшахтоьхнарш "Оьрсийчоьнна дуьхьал болх беш бу, украинхойн гIоьнца" аьлла. Тоьшаллаш а доцуш, цо бехке вира Суджа-ГӀалахь бисинчу бӀеннашкахь бахархойн цӀераш зорбане йаьхна волу жигархо Синельников Владимир а, иштта кхин цхьаъ меттигера йахархо а.
"Мичахь тӀом бина Алаудиновс а, цуьнан гергарчара а ичкерихошна дуьхьал? Цо а, и санна болчу кхинболчара (1990-чу шерашкахь федералан ницкъашна гӀортор йеш кӀеззиг хилла болу нохчий, - ред.) а Волгоградан кӀоштарчу Ӏаморан базашкахь кечамаш бира. Йуха оьрсийн эпсаршца цхьаьна Соьлжа-гIала чубаьхкира оьрсийн техникан тIехь. Цуьнах олу, оьрсийн пачхьалкхо гӀортор ца йеш, шаьш тIом бина?"- хоьтту Европерчу нохчийн "Цхьаьнатоьхна ницкъ" политикан боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата.
ХIетахь маршонан къийсам латтош хилла Нохчийчоь а, хIинца Курскан кӀоштахь а хӀоьттина хьал а цхьана дуста йиш йолуш дац, боху цо. Республикехь дӀабаьхьначу харжамашкахь, нохчийн халкъо шен пачхьалкхалла дӀакхайкхийра. Цул тӀаьхьа, Москвагахьа болчу нохчаша ямартло йира федералан агӀо а лаьцна, хьесап до къамелхочо.
"Оцу кепара Курскан кӀоштан бахархой Украинехь герзахойн базашкахь Ӏаморах чекх а бевлла, танкашца Курске чубахка безаш бара. Делахь а, Курскан бахархой бехказа баха мегар ду, амма АлаудиновгӀеран доьзална а, кхечу ямартхошна а бехказа бовла меттиг йац", - кхин дIа дийцира Сулеймановс.
"Говран ворда текхна йоьуш йу".
ТӀом балале а Курскан хьаькамаша массо а хIумана бехкебеш бара меттигера бахархой. Цара бехке бора, трамвайш дIа ца йахийта а, Курскан историн куц-кеп лардарехь къийсам латтош болу жигархой, царна кхерамаш а туьйсуш. Ур-аттала аммиакан завод йарна дуьхьал митинг дӀайахьа а администраци реза ца хуьлара, бохуш дуьйцу Курскан йукъараллин жигархочо. Цуьнан комментарий цIе а ца йокккхуг, йалош йу оха.
"Патриотизм" хила йеза бохуш, шайна муьтӀахь хилар нах декхаре а беш, муьлхха а къизалла бакъ йан шайна аьтто лоьхуш
"Хьокху тӀеман хенахь, “говран архаш малйелла а ца Iаш, ворда текхна йоьдуш йу”, муьлхха а харцо бакъ йан шайна аьтто беш, патриотизм йу бохуш. Цундела Алаудинов а, Хинштейн (2024-чу шеран гIуран-беттан дуьйна Курскан кIоштан губернатор-ред.) а хIоьттина хьолана цхьа а кепара Ӏаткъам болуш бац: Курскан хьаькамашна шен бахархой цкъа а оьшуш хилла бац. Федералан хьаькамаш а бара цецбевлла, украинхойн эскархоша Суджа-гӀалана тӀелатар дича, цара (хьакамаша) баккхийнаш оццул атта дӀатесна хилар", - дагалоьцу жигархочо.
Ӏедало бахархой бехке беш агIо лаьцна, хӀунда аьлча, иза оьрсийн бюрократин рефлекс йу – проблемаш йерзоран метта, гӀийла болчарна йукъахь бехкенаш лаха, аьлла хета къамелхочунна: "Маьршачу хенахь мегаш йара и тактика, ткъа хIинца, тӀеман хенахь кхин а дика хилла иза: "Патриотизм хила йеза бохуш, шайна муьтӀахь хила нах декхаре а беш, муьлхха а къизалла бакъйан шайна аьтто лоьхуш".
Киево дӀалаьцна кIошташ, цигара бахархошна уьш паргIатйаха лууш бац бохуш уьш бехке а беш, "Ахматан" буьйранчас ша ларбан безаш болчу нахана тӀе буьллу шен хьуьнар ца хиларан бехк, боху Сулейманов Джамбулатс. Цуьнна хетарехь, оцу хьоло къигийна гойту, Кремлна шен бахархой цхьа а мехалла ца хетар.
"Путинна а, йа цуьнан куьйга кӀел болчарна а цкъа а мехалла ца хетара адам – йа Норд-Остехь дIовшан газаца тӀелатар дучу хенахь, йа Бесланерчу школехь штурм йеш, йа 20 шо даьлча Курскан кӀоштахь а", - аьлла, листадо цо.
Къоман боцу тӀом
Ткъа инарла Алаудиновс федералан Ӏедалан позици лаьцна, Курскан кӀошта, Украинхойн эскархоша дIалаьцна йоцуш санна, боху политолого Дубровский Дмитрийс: "Церан принцип йу: нагахь санна, проблема ца йийцахь, тергал ца йича, дерриге а ша-шех дӀадер ду, бохуш санна. Цундела, Алаудиновга а, хьаькамашка а хаьттича, и проблема къайлайахьа дуьхьало йеш берш -мостагIий бу. Бист ца хуьлуш Ӏачу метта, цара хаддаза Ӏедале латкъам бо, Суджахь а Гуевохь бисина шайн гергарнаш кIелхьара баха бохуш. Амма ма- дарра дийцича, иза Iедалан декхар ду. Оцу наха луш йолу йасакхах латтош ду оьрсийн эскар, миллиардаш соьмаш а духкуш".
Дубровский Дмитрийс нохчийн инарлин дешнех "виктимблейминг" (ингалсан дош-ред.) олу, вуьшта аьлча, бехк шайна тIера боккхуш.
Шайна ма-луъу телевизорехула оцу тӀеман пропаганда йан йиш йу церан, амма оьрсийн халкъан гергахь, цуьнах йа нийсон, йа къоман тIом балур бац
"Ткъа кхузахь, коьрта гайтам – иза халкъан тIом хилла дIацахIоттар ду. Космодемьянская Зояс санна, цхьаммо йа йарташ, йа цӀерпошташ а ца йагийна. Шайна ма-луъу оцу тӀеман пропаганда йан мегар ду телехьожийлехула, амма оьрсийн халкъан гергахь, цуьнах йа нийсонан, йа къоман тIом балур бац", – дерзадо цо шен къамел.
Украинхойн эскархоша Курскан кӀоштахь тIелатар долийра 2024-чу шарахь марсхьокху-беттан 6-чу дийнахь – Оьрсийчоьно Украинина тӀелатар дина ши шо ах шо гергга хан йаьлча. Украинерчу ницкъаша дӀахьедо, шайн Ӏуналлехь эзаршкахь километарш меттигаш а, иттаннашкахь йарташ хилар, царна йукъахь кIоштан коьрта гIала Суджа а йолуш.
- Украинин герзахойн ницкъаша Курскан кӀоштахь операци йолийчахьана, регионехь хуьлуш долчух лаьцна дIахоуьйтуш, Оьрсийчоьнан эскаран коьрта спикер хилла дӀахӀоьттина "Ахмат" спецназан буьйранча Алаудинов Апти. Муха хийцайелира цуьнан риторика а, хӀунда нисвелира Нохчийчуьра инарла тӀеман министраллан коьрта официалан спикер – Кавказ.Реалии сайтан материалехь.
- 2022-чу шарахь марсхьокху-беттан 25-чу дийнахь Украинин кхерамазаллин сервисо Украинин территорин цхьааллана тӀелатар дарна Алаудиновх шеко йу шайн элира. 20I4-чу шарахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто санкцийн тептаре ваьккхира иза. Жимма тӀаьхьа цунна дихкира Латви вар а. 2020-чу шарахь Британино а санкцеш кхайкхийра Алаудиновна, ткъа 2023-чу шарахь Украино а.
- "Ахматан" буьйранчас Алаудинов Аптис зорбане йаьккхира диверсин-талламан "Русич" тобнана хьалханча, "Фриц" цIарца вевзаш волу Мильчаков Алексейца цхьаьна дIайазйина видео. Шех Оьрсийчоьнан нацист олучу стагаца цхьана кадрехь нохчийн инарла гучувалар тайп-тайпана тIеийцира z-блогершна а, хьалхо Кадыровн нахана масийттазза критика йеш хиллачу ультрааьтто агӀор болчара а. Кавказ.Реалиин редакцино листира Алаудиновна стенна оьшу оцу гонехь бартхой.