ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцов вер кечдарна шеконашкахь верг Украинерчу тIамехь лазийна


Геремеев Руслан
Геремеев Руслан

Оппозицин политик Немцов Борис верна шеконашка лаьцна волу, хьалхо Мариуполехь гина хилла Геремеев Руслан дарбан цIийне кхаьчна.

"Оперативные сводки" телеграм-канало арахецначу видео тIехь ву Геремеевна хьажа хIотта веана Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, кхемазаллин а, хьарамлонна дуьхьало латторан а пачхьалкхан думан комитетан декъашхо Делимханов Адам а.

Дарбанан цIийнара менгана тIехь Iуьллучу Геремеевга вистхуьлуш, Кадыровс дIахьедо, иза дIасавига аьтто хир бу "шина денна чохь". "ТIаккха оха хьо кеманца цIавалор ву, юха кхин дIа дарба дийр ду", - олу цо. Шен рогIехь Делимханов Адама баркал олу Нохчийчоьнан куьйгалхочунна тидам барна, массо лазийначунна дарба дар Деле доьху цо.

Тахана Кадыровс дIахьедира, ша нохчийн тIеман тобанийн лелар таллархьама Мариуполе вахана аьлла, амма муьлхачу дарбанан цIийнахь ву Геремеев, муьлха лоьрийн сацам бу цунна бинарг - дуьйцуш дац. Иштта оцу хаамийн официалехь тIечIагIдар а дац.

Ши де хьалха Геремеев Руслана кадыровхойн тобана юккъехь доIа дой, тIаккха, дийцарехь, Мариуполан администрацин гIишлонна тIе нохчийн байракх уллуш видео гIаръяьккхира Кадыров Рамзана.

Геремеев Артурца цхьаьна Немцов Борис вер вовшахтухуш декъехь хиларна шеконашка лаьцна полицино леван везаш хилла Геремеев Руслан лар йоцуш тIепаза вайна лоруш вара. Талламна карош бацара уьш, хIунда аьлча, официалан версица, и шиъ вазвеллачу цIийнан неI цхьамма схьа ца елларна.

  • Зазадоккху-бутт юкъабаьлча Кадыров Рамзан гучувелира Iедалехьа йолчу видео тIехь, цигахь тIечIагIдора, Нохчийчоьнан куьйгалхо Киеван латтанаш тIехь ву, бохуш. Кавказ.Реалиино хеттарш динчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун критикаш шеконашка лецира видеон бакъ хилар. Кремлехь а ца хIиттира уьш бакъ йан.
  • Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь Украинехьа тIом бечу Дудаев ДжовхIаран цIарахчу шен лаамерчу нохчийн батальонан командира Осмаев Адама тIечIагIбира нохчийн Росгвардих "заградотрядаш" санна пайда оьцуш хилар, тийсадаларийн аренахь кхечу тIеман тобанашкара дIасауьду нах сецорхьама.
  • Украинан кхерамазаллин сервисехь дIахьедира, оьрсийн эскарш Украине чугIортарехь дакъа лоцуш хилла Нохчийчуьра тIемалой, шайх бIеннашкахь нах байъича, Зазадоккху-беттан 13-хь Соьлжа-ГIала юхабаьхкира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG