ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцовн фонда шена делла €10 эзар политикан тутмакхийн доьзалшна дIакхачийна Навальныйс


Боровиков Андрей а, Навальный Алексей а
Боровиков Андрей а, Навальный Алексей а

Чиллан-баттахь Немцовн Борисан цIарахчу фондо шена делла 10 эзар евро преми таIзар динчу веа жигархочун доьзалшлахь дIасадекъна Навальный Алексейс. Хаам баржийна цунах лаьцна политико шен инстаграмерчу аккаунтехь.

Навальныйс бахарехь, Немцовн йоIе Немцова Жанне дехар дина хилла цо, "шел а холчахь болчу" оцу доьзалшна 2,5 эзар евро дIахьажаде аьлла.

Коррупцица къийсам латточу Фондан (ФБК экстремистийн организаци а, арахьара агент а лерина Оьрсийчоьнан Iедалша) операторан, экстремизме кхайкхамаш бина аьлла, колонехь даккха ши шо тоьхначу Зеленский Павлан гергарчарна кхочур ду ахча. Иштта 2,5 эзар кхочур ду Архангельскерчу Навальныйн штабан хиллачу координаторан Боровиков Андрейн гергарчарна. (Навальныйн штабаш Оьрсийчоьнан Iедало экстремистийн организацеш лаьрра).

Набахтехь даккха 2,5 шо хан тоьхна Боровиковна, порнографи яржийна аьлла, "ВКонтактехь" Rammstein группан "Pussy" клипна репост ярна. Дисина ахча дIахьажор ду Сидоров Янан а, Мордасов Владиславан а доьзалшна.

Оьрсийчохь йихкинчу "Артподготовка" боламан агIонча ву аьлла, дIакхайкхийнера и шиъ, кхел йира, къепе йохочу барамашкахь дакъалацарна, 2019-чу шеран ГIадужу-баттахь ворхI шо ца кхоччуш хан туьйхира цу шинна набахтехь даккха.

"Оьрсийчоьнан демократин мехаллаш ларъеш майралла гайтарна" деллера Навальный Алексейна Немцов Борисан фондо Чиллан-баттахь преми.

"Новичок" дIавш деллачул тIаьхьа Германехь дарба а лелийна, юхавирзича лецира Навальный Алексей. Владимирскан кIоштарчу Покровехь йолчу колоне хан такха дIахьажийра оппозиционер кхело. БархI шо хьалхалерачу "Ив Рошен" гIуллакхна тIехула кхело набахтехь даккха кхо шой, ах шой хан тоьхна политикна.

Кхелан процесс харцонца йина аьлла, дIахьедина Европерчу адамийн бахконашкахула йолчу кхело.

Политикан тутмакх лерина Навальный бакъонашларъярхоша, ткъа Малхбузен пачхьалкхийн лидерша масийттазза тIедожийра иза маьршаваккха аьлла.

Навальныйца йоьзна хилла структураш, дукха хан йоццуш экстремистийн лерина Оьрсийчохь, ткъа цуьнан дукхахболчу агIончашна тIаьхьабевлла лела Iедалхой, цхьаберш пачхьалкхера дIабахана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG