ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцойн ПЕН-центран совгIат делла Брежна Иренина. Нохчийчохь 1-ра тIом боьдуш хуьлург дуьйцуш яра иза


Ирена Брежна ю яздархошца а, диссиденташца а Померанцев Игорьца а, Синявский Андрейца а, Зиник Зиновийца а (аьрру агӀорхьаpa аьтту агIорхьа)
Ирена Брежна ю яздархошца а, диссиденташца а Померанцев Игорьца а, Синявский Андрейца а, Зиник Зиновийца а (аьрру агӀорхьаpa аьтту агIорхьа)

Швейцарехь еха словакийн къомах йолу яздархо Брежна Ирена лауреат хIоьттина хьийзош болчу яздархошна вуно чIогIа гIортор еш къахьегарна немцойн ПЕН-центро (ПЕН-клуб ю яздархойн а, поэтийн а, журналистийн а дуьненаюкъара бакъонашларйон вовшахтохаралла), хIора шарахь луш долчу Кестен Германан цIарах долчу лоручу литературан совгIатан. Жюрино бинчу сацамехь билгалдоккхуш ду, Брежна шен дахарехь даима а кIад цалуш болх беш хилар бакъо а, маршо а толийта, цо аьтто бина хилар дош ала хьийзош болчу Малхбалера Европерчу диссиденташна.

Брежна евзира хьалхара Нохчийчуьрчу тIамехь (1994 – 1996) хуьлург а, ирча адамаш дайарх лаьцна а, дерриг а хIума дохорах а, цIий Iеночу конфлито диначух а тIемаш боьлхучу зонера, ша нохчо ю а моттуьйтуш, дийцарна, хаам бо Deutsche Welle (Немцойн тулгIе) зорбан гIирсо.

2002-чу шарахь Серноводскера репортажаш ярна Брежна Иернина немцойн журналистийн мехала совгIат делира, Воьлф Теодора цIарах долу.

  • Кастер Германан совгIат цIе лелош ду немцойн яздархочун а, ПЕН-центран президентан а, 1940-чу шарахь нацистийн Германера Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташка дIаваха аьтто а баьлла, цигахь гIо даран система кхоьллина волчу, уггар хьалха хьийзош болчу суртдиллархошна а, яздархошна а накъосталла дан.
  • 2003-чу шарахь Кестен Германан цIарах совгIат делира Политковская Аннина. Оьрсийчоьнан журналист йийра 2006-чу шарахь, хетарехь, Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхорах лаьцна дийцарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG