ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ницкъ бен адам". Украинана дуьхьал болийначу тIамна пропаганда ярехь Кадыровн дакъа


Кадыров Рамзан

Чиллан-беттан 26-чохь дуьйна, Оьрсийчоьно тIелатар долийначу хьалхарчу деношкахь тапъаьлла Iийна Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан махкара Украине бахийтинчаьрца а, Украинан эскархошна а, иштта пачхьалкхан суверенитет Iалашъечу нохчийн шайн лаамехь тIаме хIиттинчарна а кхерамаш туьйсуш, видеош денна зорбане хIиттон ваьлла телеграмехь а, кхечу социалан машанашкахь а. Ма-дарра аьлча, Кадыров цхьаъ бен вац Оьрсийчоьнан лакхарчу дарже хIиттийначу хьаькамех, маслаIатан дийцарш севцначул тIаьхьа диллина шога, конфликт кхин тIе а даръеш, кхайкхамаш бийриг. Оьрисйчоьнан зорбанан гIирсаша хаза а хеташ яржайо цуьнан Iаткъаме посташ.

Оьрсийчоьнан губернаторех цхьаьнна а йиш яц Путин Владимире Харьковна а, Киевна тIелата омра деха, йа "Азов" полкан а, Дудаев Джохаран цIарахчу батальонан а командийрийн коьртех 500 эзар долларшкахь мах хIоттон а. РогIера юха а, федералан урхаллин куьйгалхочун Золотов Викторан дац, шен куьйгакIелара "шен эскар" долуш санна, Нохчийчуьрчу Росгвардин уникале статус чIагIъеш, мехкан урхалхочо видео хIоттийна Украинехь болчу цуьнан эскархойх. Юха а цхьана а губернаторо зорбане йоккхуш яц тIемаш бечу шайн махкахойх контент.

Iалашо – нохчийн халкъ охьатаIор, "Оьрсийчоьнан коьрта нохчо" иштта дIа а гойтуш

"ХIокху информацин кампанехь Кремло Кадыров хецна витаран кхузахь ши бахьана ду. Зазадокху-бутт болабелчхьана дукха тIех маса, дуккха а нах юкъа а озош, йолийна Оьрсийчохь пропаганда. Масала, Украинана тIелатар тIехь Iуналла а деш, дуьйцуш ду берийн бошмашкарчу а, школашкарчу берийн дайн-нанойн чаташкахь. Шена гергахь хьал тIетаьIIина хиларх кхеташ ю Кремль, цо йоллу ресурсех пайдаоьцур бу", - дийцина Кавказ.Реалиига украинхойн экспертийн "Сова" тобанан куьйгалхочо, политикан Iилманийн докторо, профессоро Савва Михаила.

ШолгIа бахьана ду аьлла хета экспертана Кадыров "дIавоьлла, психологина эвсара" агрессин а, конфликтан а хьал.

"И стаг ницкъбен адам ду, и цуьнан психологин хатI ду. Цундела Кремлан пропагандисташ тешна бу, оцу ролехь иза пайден а, вогIуш а ву аьлла. ТIаьххьарчу шерашкахь Оьрсийчоьнан бахархошна гергахь цуьнан васт шогачу урхалхочун санна хаа а хууш, даржош дара, низамаш дохош а, шен оппоненташна таIзарш деш, цаьрга къурд олуьйтуш а", - дерзийра къамел украинхойн политолого.

"Кавказан къаьмнийн Ассамблейн" президенто Кутаев Руслана дIахьедира Кавказ.Реалиига, Кадыровн вастехь "бIоба" дуккха а шерашкахь кхуллуш яра, жигара пайдаийцира цунах Шемарчу тIамехь а, "Оьрсийчоьнан президентан администрацин информацин майданан дакъа" ду иза аьлла.

"Стенна кхуллуш ву керла спикер, цу юкъа керла ловзархой а ийзош, хIинцале а кхоьллина, дIашарйина Кадыровн бренд хилча? Юьхьанца дуьйна а Украина цхьана-шина дийнахь яккха Iалашо ма яра Оьрсийчоьнан инарлийн, цул тIаьхьа Росгвардино, шайлахь нохчийниг а йолуш, дIатебан безаш бара протесте бевлла меттигера бахархой. Цундела Кадыров хIокху йоллу информацин операцехь коьрта чIуг хилла вуьсу", - аьлла хета къамел динчунна.

Кадыров коьртехь а волуш, "гIаланаш схьайохучийн" васт Оьрсийчоьнан чоьхьарчу аудиторина лерина ду, хIунда аьлча, хIокху массо а шерашкахь оцу вастах "йилбаз" дира, могIарера бахархой кхерорхьама.

"ХIинца йа Путина а, йа Кадыровс а кхерор вац [Украинан президент] Зеленский. Оьрсийн пропагандисташа кхоьлинчу вируталан дуьненахь вехаш вац иза. Йоллу информацин политика Оьрсийчу хьажийна ю", - тешна ву политолог.

Кадыровхой, цунна хетарехь, тIетуьйхира Кутаевс, ма-дарра аьлча нохчийн къоман организацица хIуммаъ долуш бац, нохчийн тIемало - машаре ца воьдуш, шогаллица тIамехь волу- цо шен даймохк Iалашбан беза, цхьанна а ахчанах йа официалан совгIатийн дуьхьа тIе а ца леташ. Цундела, Оьрсийчуьра а, диаспорера а дуккха а болу нохчий даггара сагатдеш бу украинхошна.

"Мысли Ислама" ютуб-каналан авторна Белокиев Исламана "кхузаманан Жириновский" хета Нохчийчоьнан куьйгалхо. Оппозицин блогеро бахарехь, "шен хьаштдерг дийца, Кремлан хазо йиш йоцург" дийца а магийна ду Кадыровна.

Кадыровцаш (Нохчийчуьрчу Росгвардин эскархойх официалехь доцуш иштта олу. -Редакцин билгалдаккхар.) -массо а хIума эххар а царна тIетоттур долу нах бу уьш, тешна ву Белокиев. Цхьана агIор, цунна хетарехь, Оьрсийчоьнан бахархой дог иракарахIоттадо кхо, амма вукху агIор – йоккхаха йолу терго царна тIехь юьсур йолу дикка къаьсташ тоба хир ю. Ма-дарра аьлча, Кремлан план болх беш ю: массара а юьйцург Оьрсийчоь, Беларуси, Нохчийчоь ю- йозуш йоцу бартхойн пачхьалкх Нохчийн Республика йолуш санна, билгалдоккху Кавказ.Реалиица къамел динчо.

Ахчана дуьхьа хьо вуьйр вац – хьо вуьйр ву хIокху лаьтта тIе шу дахкарна

"Оьрсийчоьно ша а цхьана, либералан зорбанан гIирсаша а цхьана нохчий билгалбоху цхьа шайн лаамехь тохар ден тоба санна. Стенна оьшу иза Кремльна? Йоллу дуьненан юкъаралла нохчашна дуьхьал яккхархьама. Суверенитетехьа гIаттам ма болийра нохчийн халкъо, ткъа дуьненна нохчий бIаьрга бахка ца безахь, уьш тIемалой а, нах бойъурш а хетахь, царна цхьаммо а гIо дийр ма дац. Иштта ойла йина стратеги ю иза негативе васт кхоллархьама", - тешна ву Белокиев.

Оцу юкъанна билгалдоккху цо, Оьрсийчоьнан тIеман агресси йоьдучу юкъанна кадыровхой коьрта тIелатаран ницкъ шена хеташ цахилар а. Блогерна хетарехь, "байъийта" хьалхатийсина бу уьш.

Кавказ.Реалиица хиллачу къайлахчу къамелехь украинхойн жигархочо тергалдо, Нохчийчоьнан куьйгалхочун дIахьедарш хьанна лерина ду бохург – Оьрсийчохь бехачу нахана. Кадыровн посташа таро ло (шайн публикацешца Оьрсийчоьнан зорбанаша кхин тIе а марсадоккху иза) проблема йийцареяр "дIоггара хьекъал доцчу, оьгIазечу вахархочун" тIегIане даккха, цо хаза а хеташ тIеоьцу, ша шех тоам беш, эхь доцчу нохчийн политикан кIоргенза долу аларш.

Оцу юкъанна къамел дечо тIетуху, кадыровхой политтехнологин феномен санна – Кремлан боккха кхиам бу: "ХIунда аьлча, цо гойту похIме а, хьуьнаре долу къам агрессиве а, кIорге йоцуш а санна".

Украина Iалашъечу тIемалоша а, шайн лаамехь вовшахкхеттачара а тIеоьцу Кадыров а, кадыровхой а Оьрсийчоьнан агIор агрессин символ санна. Масала, мехкан республикан урхалхочун дIахьедар жигара дийца доккху украинхой хаамийн гIирсаша, ткъа шаьш толам баьккхина хIума нисделча, цара билгал ца доккху оьрсийн эскархой хIаллакбина олий, цара кадыровцаш байина олу.

"Оьрсийн дуьне" иштта "оьрсийн ду", иза дIахIоттон а кадыровцаш бохуьйтуш. ХIунда аьлча, оьрсийн майралла ца тоьа тIом бан…Ма-дарра аьлча, Оьрсийчоь – кадыровхойн ялхой бу. И беламе ду. Хала заманаш елахь а, беламе ду. Мачаш йоцу эткийн пхьар, "оьрсийн дуьне" оьрсий боцуш ду. Бункер чу а хиина, буьйраш дечу Путина юха а гойту шен кIиллолла", - яздо, масала, Украинерчу Лакхарчу Радан халкъан депутато Гончаренко Алексейс. Оцу юкъанна цо къастабо кадыровхой а, Украинан суверенитетехьа тIемаш бен нохчий а.

Шен коьртах 500 эзар долларшкахь мах хIоттийначу Кадыров Рамзанна жоп лучу "Къоман корпус" партин лидеро, Украинан Къоман гвардин декъерчу "Азов" полкан хьалханчас Билецкий Андрейс спартанхойн паччахьан гIарадевллачу дешнашца жоп делла: "Схьа а волий, дIаэца".

"Хьо ахчанан дуьхьа вуьйр вац – тхан латта тIе шу дахкарна вуьйр ву. И дагахь вахалахь: хIара дахар ма-моьтту деха а хир дац", - аьлла, тIетоьхна Билецкийс.

Украине тIамца чугIортарна юьстах ца бисина бакъоларъярхой, жигархой, Оьрсийчоьнан кхинболу а, иштта доллу дуьненахь беха а бахархой. Цхьаболчара шайн паспорташ дагийра. Эмиграцехь бехачу нохчийн блогерша видеош дIаязйира, кадыровхой – йоллу Нохчийчоь яц, бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG