ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ницкъахоша лачкъийна хилла Нохчийчуьра ши ваша набахтeшка дIахьажийна


Магамадов Салехь а, Исаев Исмаил а
Магамадов Салехь а, Исаев Исмаил а

Нохчийчуьра этапе дIахьажийна ницкъахоша лачкъийна хилла ши ваша Исаев Исмаил а, Магамадов Салехь а. Исаев Краснодарерчу номер 1 йолчу СИЗО валийна, Магамадов – Владимирерчу «Владимирский централ» олучу номер 2 йолчу набахте.

Кавказ.Реалиига "СК SOS" кризисан тобано хаамбарца, Исаев кхин дIа вуьгур волуш ву. Динчу таIзарца а догIуш, юкъарчу хьелашкахь йолчу колони кхачон везаш ву иза. Маца, стенга вуьгур ву – цкъачунна хууш дац. Шога раж хиларца евзачу «Владимирский централ» набахтехь шо доккхур ду Магамадов Салехьа. Цул тIаьхьа кхечу колони дIавуьгур ву.

Мангал-беттан 7-чохь хиира, 513 де даьккхинчу, 2021-чу шеран Чиллан-беттан 9-чуьра дуьйна, Соьлжа-ГIаларчу номер 1 йолчу СИЗО-ра Исаев а, Магамадов а новкъа ваьккхиний.

Нохчийчуьрчу ТIехьа-Мартанан кхело бехкевеш сацамбира 20 шо долчу Магамадовн а, 18 шо долчу Исаевн а хьокъехь Чиллан-беттан 22-чохь. Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело апелляцин кхелехь листира иза Стигалкъекъа-беттан 11-чохь, амма хийцам боцуш битира. ТIемалошна гIо дина аьлла, бехкаш дехкира цу шинна. Магамадовна бархI шо тоьхна, Исаевна – ялх шо.

  • Магамадов а, Исаев а къар ца ло, шаьшиъ цхьана а хIуманна бехке вац бохуш. Адвокаташа тергалдо бехке хиларх тоьшалла дина цахилар а, кхел йоьдучу заманчохь низамаш дуккхаза дохийна хилар а, царна хета, вежаршна тIаьхьабовлар церан сексуалан ориентацица а, гендеран идентификаллица а доьзна хилар (цу шиннах цхьаъ гей ву, важа гендере дехьавала дагахь хиллера), иштта Нохчийчуьрчу Iедална оппозицехь йолу телеграм-канал лелор.
  • 2021-чу шеран Чиллан-баттахь Магамадов а, Исаев а лачкъийра Нижний Новгородерчу кризисан хIусамера, и шиъ Нохчийчу дIавигира. 2021-чу шеран Марсхьокху-баттахь цара дIахьедира, шайна йетта, бехкаш тIелаца бохуш. Царна тIехь къизаллаш лелорах бехктакхаман гIуллакх доло реза ца хилира Нохчийчуьра Талламан комитетан урхалла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG