ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ницкъахоша лачкъийна волу Нохчийчуьра ЛГБТК-жимстаг Кубанерчу колоне кхачийна

Исаев а, Магамадов а кхелехь
Исаев а, Магамадов а кхелехь

Нохчийчуьра ницкъахоша лачкъийна хиллачу Исаев ИсмаьIилан набахте юха а хийцина – Краснодаран махкан №11 йолчу колоне схьавалийна иза. Шен тоьхна ялх шо доккхур ду цо кхузахь. Исаевн адвокаташа бахарехь, цунна тIаьхьбовлар цуьнан сексуалан хьежамашца а, гендеран шатайпаналлица а доьзна ду – трансгендеран дехьавалар дан гIерташ хиллера иза гармоналан терапийх пайда а оьцуш.

Ахтарский-эвла Исаев дIавигарх лаьцна Кавказ.Реалиига дийцира "СК SOS" кризисан тобанехь. Хьалхо Исаев Краснодаран СИЗО-1 чохь вара – дехьа ваккхаран транзитан меттиг ю иза.

Исаевн ваша Магамадов Салахь Владимиран №2 йолчу "Владимирский централ" набахтехь вуьссуш ву. Кхелан сацамца а догIуш, цигахь шо даккха деза цо. ТIаккха луьрачу рожан колоне хьажор ву иза.

Мангал-беттан 7-хь хиира, Исаев а, Магамадов а, шаьш 513 де даьккхина йолчу Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-1 чуьра дIавигина хилар, цигахь уьш 2021-чу шеран чиллан-беттан 9-хь дуьйна бара.

Нохчийчуьрчу ТIехьа-Мартанан кхело бехкевеш сацамбира 20 шо долчу Магамадовн а, 18 шо долчу Исаевн а хьокъехь Чиллан-беттан 22-чохь. Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело апелляцин кхелехь листира иза Стигалкъекъа-беттан 11-чохь, амма хийцам боцуш битира. ТIемалошна гIо дина аьлла, бехкаш дехкира цу шинна. Магамадовна бархI шо тоьхна, Исаевна – ялх шо.

  • Магамадов а, Исаев а къар ца ло, шаьшиъ цхьана а хIуманна бехке вац бохуш. Адвокаташа тергалдо бехке хиларх тоьшалла дина цахилар а, кхел йоьдучу заманчохь низамаш дуккхаза дохийна хилар а, царна хета, вежаршна тIаьхьабовлар церан сексуалан ориентацица а, гендеран идентификаллица а доьзна хилар (цу шиннах цхьаъ гей ву, важа кхечу гендере дехьавала дагахь хиллера), иштта Нохчийчуьрчу Iедална оппозицехь йолу телеграм-канал лелор.
  • 2021-чу шеран чиллан-баттахь Магамадов а, Исаев а лачкъийра Нижний Новгородерчу кризисан хIусамера, и шиъ Нохчийчу дIавигира. 2021-чу шеран Марсхьокху-баттахь цара дIахьедира, шайна йетта, бехкаш тIелаца бохуш. Царна тIехь къизаллаш лелорах бехктакхаман гIуллакх доло реза ца хилира Нохчийчуьра Талламан комитетан урхалла.

This item is part of
XS
SM
MD
LG