ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ницкъаллин блокехула хьехамча вина 26 шо долчу Кадыровн вешин кIантах


Кадыров Хьамзат а, Кадыров Рамзан а
Кадыров Хьамзат а, Кадыров Рамзан а

Нохчийчоьнан куьйгалхочун вешин кIант, 26 шо долу Кадыров Хьамзат ницкъаллин блокехула цуьнан хьехамча хIоттийна. Цунах лаьцна шен телеграм-каналехь хаамбина къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн минитсро Дудаев Ахьмада.

Кадыровн вешин кIант "бакъволу маьхькамхо" а, Нохчийчоьнан урхалхочун "тешаме агIонча" а ву аьлла цо, билгалдаьккхина, Кадыров Хьамзатах тешийна муьлхха а агIо "динамикехь кхиа йолало".

Чиллин-беттан юьххьехь Кадыров Хьамзат хIоттийра Нохчийчоьнан вице-премьер а, бахаман а, латтанийн а юкъаметтигийн министр а.

202I-чу шеран марсхькоеху-бутт баллалц Кадыров Хьамзата урхалла дира спортан а, кегийрхойн политикн а министраллин. 2022-чу шеран гезшамашин-бутт бовш Кадыровс дIакхайкхийра, вешин кIант шен секретариатан куьйгалхо ву аьлла.

Кадыров Хьамзата чекхйаьккхина ЦIоьнтрара хьафизийн школа. ТIаьхьо дешна цо Нохчийн пачхьалкхан унивесритетехь.

  • Нохчийчохь иттаннашкахь мехкан урхалхочун гергара нах регионан урхаллин лаккхарчу даржашкхаь бу. Къовсаме дуьллу хIума ца хета цунна шена, шен доьзалера нах карьерехь хьалхатеттар. "Сайн тешам берриг, хIоттаво ас", - олу кадыровс.
  • Пачхьалкхан урхаллашкахь ду цуьнан бераш, йижарий невцарий вешин-йишин бераш, шичой, маьхчой. Мехкан пачхьалкхан структурашкахь болх бечу Кадыровн цIийнах болчех дуьззина тептар Кавказ.Реалиин редакцино вовшахтуьйхира.
  • 20I8-чу шарахь Оьрсийн "Би-би-си" хьостан зерашца, Нохчийчохь Iедалан даржашкахь волчу I58 стагах 30 процент Кадыровн гергарнаш бу. 202I-чу шарахь Кадыровн йоккхаха йолу йоI Кадырова Iайшат, оцу хенахь 22 шо дара цуьнан, Нохчийчоьнан культурин министр хIоттийра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG