ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ницкьахойн барзакьна тIе йоза тоьхна "На Киев" аьлла | ВИДЕО


Кадыров Ахьмадан цIарахчу ППСП-н полкерчу ницкъахойн букъа тIера шевронаш, Соьлжа-ГIала, Товбеца-беттан 22-гIа
Кадыров Ахьмадан цIарахчу ППСП-н полкерчу ницкъахойн букъа тIера шевронаш, Соьлжа-ГIала, Товбеца-беттан 22-гIа

Нохчийчуьра ницкъахоша шевронаш хийцина - шаьш муьлхачу дакъойх ду хоуьйтучу билгалонан меттана церан баккъаш тIехь "На Киев" йоза ду. Информаци тIечIагIйина Кавказ.Реалиина махкарчу бакьоларьяран органашкарчу хьасташа. Редакцица кьамелдинчо бахарехь, хийцамаш бина дахначу кIиранан юьххьехь.

"Товбеца-беттан 18-чохь дуьйна гIаличохь терго хуьлу – массо а ницкъахоша аьлча санна, букьа тIехь и йоза ду лелош", - хаамбира хьосто.

Соьлжа-ГIалахь яьккхинчу видео тIехь гуш ду, Кадыров Ахьмадан цIарахчу полицин лерринчу полкан ницкъахойн баккъаш тIехь ю иштта шевронаш. Кавказ.Реалиица кьамелдинчо бахарехь, оцу кепара хийцамаш хьакхабелла иштта ОМОН-н а, кхиндолчу а дакъойх.

Хьалхо Кавказ.Реалиино хаамбира, балхахь боцчу Нохчийчуьрчу божаршкара жоп дехарх, хIунда ца лаьа царна эскарехь г1уллакх дан аьлла. Военкоматан белхахоша тIедожийна кехаташца жоьпаш яздан, хIунда ца лаьа царна ницкъаллин структурашкахь белхаш бан, йа Оьрсийчоьнан тIеман министраллин эскаршкахь хила. Иштта аудио дIасакхоьхьуьйту мехкан бахархошна, нохчийн хьаькамашлахь хьосташа бакъйина информаци Кавказ.Реалиина.

  • Мангал-бутт бовш къаьстира, Нохчийчохь цIерашца йиъ батальон вовшахтохарх. Республикерчу Кавказ.Реалиин хьасташа дийцина, ницкъахой керлачу батальонашка дехьабахарх, хIунда аьлча, "лаамхой" вовшах ца кхетта. Къамелдинчара чIагIдарца, хIинца Нохчийчуьра бахархошка "маьхза" балха дуьйла боху полицин дакъошка – республикехь даьржина ду бакъоларъяран органашка балха хIуттуш кхаьънаш далар.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIечIагIдина, керла нохчийн батальонаш полицин а, Росгвардин а белхахойх вовшахтоьхна аьлла – дакъойн корматалла лакхара хиларна, республикехь белхахойн къоьлла хиларна дац а.
  • Хьалхо Кавказ.Реалиино яздира, Оьрсийчоьнан президентана Путин Вадимирна хьалха Кадыров Рамзанан декхар хилар ду, Украинерчу тIамехь дакъалаца Нохчийчуьра денна мел кIезиг а 200 "лаамхо" хьажор аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG